Байт – Амагов Докка

0
697

Берийн а аьзнаш ду соьца,

Нанойн а аьзнаш ду соьца,

Уьш кхойкху вовшашка, соьца,

ХIоранна гIерташ дог иэца.

Нохчийчоь!

Со мохь бу хьоьгара баьлла,

Хьан массо аз айса аьлла,

Лаьмнаша лаьмнашка кхийдош,

Зов-цIогIан орцанца идош.

ЭгIаза, пIендарш а сеттош,

Ницкъ мел бу, сайн пехаш этIош,

Со шега мел кхайкхарх гIонна,

И дуьне ца соцуш гонна,

Сох кхаьрдаш, йист-бIаьлха лелхаш,

КIоршаме дуьхьала Iоьхуш,

Кху махкахь кхин цхьамма олуш,

Сан цхьа а аз хезар дац, бохуш,

Муьша тIехь кхозу тIулг санна,

Легашкахь дазделча сайна,

Со кхиъна хьан кийра оьзда

Ас дагалецира тIаккха:

Бий а ког вовшашка оьзна,

Бекхамна кхоссалуш хьалха,

Ас берзан кIезанах цIевзаш,

Кхолламна гайти сайн кIецаш.

…БIешераш дIаэхарх кхин а,

Юьхьдуьхьал айкхалла дина,

Ас бехке йийр ю и зама,

Йиш хьалха ца соцуш цкъа а.

Ас ворхIе кIентан а цIийца

ВорхIе да воккхур ву сама.

Со церан аьзнашца шайга

Кхайкхича хIоранга, цIарца,

Уьш дуьхьал кхойкхур бу суна,

Дайн аьзнаш девзина къона,

Сан лорах шайн когаш тудуш,

Шайна со хеззаче уьдуш.

Амагов Докка

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz