Суртдуьллург а график дизайнер Фарук Кутлу, 1962 шарахь Кахраманмараш гIалахь дуьненчу ваьлла.
1984 шарахь Мимар Синан цIейолу университетахь исбаьхьа искусстван факультет чекхйакххина.
Кегий берашн кечйинйолу книшкан тIехь суртш а дохкуш НАРТ сказкаш йицар цо.
Хурриет цIе йолу газетехь ‘инфографикан шеф’ болх а беш волу Кутлу, İstanbul Gelişim Üniversitesi исбаьхьа искусство факультет’eхь иллюстрации а, чоьхьара архитектор коьрта искусство дешаран урокш луш ву.
-Диаспоран юкIахь хьажчи шабол болх Кавказех лаьц тема йолш гойтинагр уггар хьалхар суртдуьллург Кавказхойн юкIахь хьо цаI ву. Даймохка а эц гIулкхан юкъе лаца тарло. Кавказех лаьц сурт диллуш болхаба маца волавелир хьо? хьа тIе товжир хьо эц балхан?
-Эц хаттарийн жоп дукх деха ду, йа соьга язлур дац иза я дешархошк деша а лурдац. Суна дагмелдогIа Кавказех лаьц тема йолш сурт ас диллира ишколехь юкъар класехь волш хенахь. Акамеди дешархо волш хенахь а Кавказ тема йолш суртш дахк Iамлуш болх бора аса. Кавказ темах лаьц уггар хьалха сай сурташ ас
гойтир екзаменехь.
Хьалхар сан сурт дара 3-4 метра долуш ловзарге боьлхуш болу кегий нахех лаьц. Шалох долу сурт 80х10 см. барамехь долуш лазийна тIемло гойтуш сурт дара.
Со хIокх болхан тIе товжийнарг, Нохчийн хелхар тIематойжар цхьантера дара. Халх волш хенахь хилш болу синхаам хуьл суна, сурт дуьллуш хенахь а басар лелош хенахь а. Амма наггахь а шовкъа йолу, кIадло и белш беш.
-Махках бохуш тема йолу хьан суртш дукх дойзуш ду. Уьш деш хенахь муха синмехал хилар…
-Махках бохуш концепт сих цанисйелир сан. Жим жим гулир аса. Хьалхох вай адам дIадухор муха хилла, адам дуьненчу даьлч дуьна дIадухор хIинца а долуш ду.
Тахан махиллар кхана а хира ду иза, амма хааъ дезарг и адам хIун бахьан долш дIадухош ду.
Вай дIадухор хIун хилла, муха хилла иза, цуьна ойла йира аса. Ойла мелйо а коьрте деар суна, тIехь кхиир со. ХIинца санна экономи бахьан долш цахилла.
Уггар хьалха тIетаьIна мостагIийна дуьхьал 300 шарахь шайн дахар дакх гIерташ тIом беш дуьхьал лаьттина.
МостагIийна дезарг шайн дуьхьал долу халкъ арацадекхчи шайн паргIато цахилар. Вай халкъан дахар а латта а гатдийра цара. Шайн дахар гатдина долу халкъ, хIордан уллехь дIатаIийна шаш хилар чIогIа инзаре хIум дара. Дакххий лаьмнишкахь хьал лехкан халкъ а дар иза халонехь, лам боьхье дIатаIинер уьш. ХIордан уллернаш хIордан дехьа бойла, лекха ламтIернаш а дехьа ламтIе ца боьлча кхин дахьум дацар. ТIакх болх ба дIавола велира со. Ойла мелйо бIаьрг хьалхе догIар сун и суртш. Наггахь сой хIордан уллехь, хIорд кемане собар деш, наггахь Кавказийн лекха лаьамнаьшкахь Iендахийн юкъахь каравора суна. Некъкъа цалалуш белла бакххий нах гира суна, Iержа хIордан хи чубахан белла неха гергар нахац хIорд кеман тIе хиир со. Мацал хIорал бахан бол нахац хIордан уллехул лилира со. Ишт халонаш лайнчул тIехь, йовх метти тахан лера дийна хькхечира со.
-Кавказ тема йолш класик агIор харжар хьун бахьан дар хьан? Муьлх агIоран тIетоьвжина хьо?
-Кавказ суртан класик тема хилит лиар суна. Класик хилч боккъал хил долу хIумнаш тIе яздийра дар ас, амма вай дедайш дицин дол хIум язйин кехат цакарийр сун. Цхьанне дедас язцадина шаш лелийнарг. Аса массанахь хеттина лехна а сайн цакарийна хIуман суртш дахк тоьвжина со. Вай муха хьа дехкина, муха некI бина, хIу гина вайн, муха халонаш лайна кхи дIа а… Эц хаттарийн жоп цакарийра суна. Хьалхох и хьал муха хилла ойла йира аса. Класик йуьцуш дIадохор гайтуш, амма уггар хьалх сан дагах дерг вай дайш дIадохор, цар лайн хало гайтар дар.
Сайн балхан гIодеш ерг интернет ю.
-Кхин цаI дик болх беш «I56 шаран лерина Кавказер лар» цIейолу альбом кечйина ахь, и книшка кечйарах лаьц хIун эра дара ахь?
-Дукх беха болх бар иза, уггар хьалх мацвола велир со, даг цадогIу суна. Суьртийн архив кечйеш ойла йира аса, хIокхарех I книшк йа аса элла. Хержар аса уьша, хелхар суртш, говр хохкарш, пондар локху йоIарий, дIадохорах лаьц суртш, кхин дIа а. ХIора агIонашкахь суртш тIелатош ишт дIанисйиркх ас и суьртийн альбом.
Нохчийн маттахь гочдинарг Рустем М.