Исаева Асет нохчийн театран сирла седа

0
1428

Нохчийн зуда… къинхетамо йицйина пайре. Йовзаза йисина доккхачу дуьненан цхьатайна маыиг. Яста лиънарг тилийна къайле. хийла кIант шех хьегийна сатийсаме анайист. Дависа. Дешан говзанчаш дебначу кавказехь стаг къийвели хьакъ болу маххадош, хьан башхачу синан ондалло куьцехь кхоьллина исбаьхьа васт, сийлаллица айдеш, восхала даккха. Нохчийн зударийн хьуьнарш бесадолушдац иза. Иштта шадIахарцдуьнедукх зударшка кховдориг, сел къиза къовзийна нисдеш. Къаьсттина эгIаза ду и хастаман совгIаташ, догдика хилар хIун ду цахууш, нохчийн зударий хене буьйлучу, нийсонна беркъачу ирзошкахь.

Жолам яI. Инзаре зиэраша уьш къарбина, дагахь самукъане гилгаш девр ма дац шуна. БIешерийн кIоргера, доьналлех ца бухуш, нохчийн зударша схьабеанчу турпалчу некъо гойту, муьлхха а иэшамаш лан уьш кийча хилар, бIаьрнегIар ца тухуш. Нохчийн халкъан буьрсачу исторехь мел дукха ю шайх дозалла дан хьакъдолу сийлахь цIерш: Дадин Айбика, Iаьмаран Заза, Мадин Аьльбика, Тутаева Асет, Исаева Марьям, Анзорова Балкан…

Тахана со шех лаьцна дийца гIерта Исаева Асет 1915-чу шеран сентябрехь дуьнен чу яьлла, шен данана даьхначу Лаха-Неврахь. Дехненах иза дукха жимчохь елира. Хьанна хаьа иза? ЙоьIан ирсана хила там бара Советан Iедало мехкаршна дешар тIедожор. Юьхьанцара ишкол чекх а яьккхина, 15 шо а кхачале Исаева Асет Соьлжа-ГIала охьаеара, совпартшколе деша йогIу аьлла.

Кхузахь тусало цунна Нохчийчоьнан коьртачу шахьарехь болх беш театральни студи хилар. Мерза кхаъ хуьлий, къоначу деган мерзаш ловза дохуш, йоьIан сих кхета и сирла хаам. Цуьнан гергарло тасало къоначу студийцашца, йоIа тидамехь латтайо церан хIора спектакль цуьнан сакIамло сцени тIехь ша зен.

Студиицашна а хийра ца хета шаьш юьхьарлаьцначу некъах Iехаелла, шайца уьйрмарзачIагIъяран ринжа лоьху и оьзда йоI, Яндаров Мохьмад куьйгаллехь а волуш, 1928-чу шарахь болх бан йолаеллачу драмкружоках ду вайн хIара къамел. Бакъдерг билгалдаккха догIу, цу хенахь драмкружокаш алсам яра Соьлжа-ГIалахь. Амма Исаева Асетана хууш хиллера, ша гергарло хьаьнца лело деза. ПохIмица къаьсташ хилла хир юкх иза, я къоначу нохчийн йоьIан дог кхиъна хилла хир ду, тIаьхьа кхоллам хилла дIахIутту йолу труппа хьалххе билгалъяьккхина, цуьнца шен дахар дуца муьлхачу агIор коьжалг таса еза. Мухха делахь а, 1931-чу шеран 1-чу майхь Яндаров Мохьмада куьйгалла дечу драмкружокана йоккха цIе тиллира Нохчийн театр аьлла. Цигахь болх бан дуьххьара билгалваьккхинчу I9 артистана юккъехь Исаева Асет а яра I6 шо кхачаза йолу нохчийн къона йоI.

Дийнахь актеран говзалла Iамайора нохчийн къоман театр хилар дог резадина тIеэцначу тобано, ткъа хIора суьйранна, диллинчусохьтехь, уьш сцени тIехь бара, шайн хьовсархойн самукъадаккха лаарца хьанала къахьоьгуш. ХIетахьлерчу Нохчийчоьнан куьйгалло Баку гIалара вехна валийнера Азербайджанехь Мараваьлла вевзаш волу режиссер Длили Мамед.

Театральни искусствон къайленаш шена кхоччуш йовзаре терра, вайн студийцийн хьехамча вара иза. ЦIенчу даггара Iамайора Мамеда Нохчийн театран къоначу тобанна сценически говзалла. Кхузахь билгалдаккха догIу, актеран говзалла къоначу артисташна караерзо гIодарх чекхдолуш дацара Алилин декхарш. Иштта кхио езаш яра нохчийн драматурги. Цу декъехь Iаламат жигара болх беш вара Бадуев СаьIид. Цундела кхоллаелла аьлла хета студийцаша шена тIехь шайн дипломни спектакль кечйина «ЦIен гIап» цIе йолу пьеса. 1933-чу шеран юьххьехь цу драми тIехь болх беш яра Нохчийн театран тоба, ткъа цу спектаклехь Исаева Асете кхаьчнарг Белитин роль яра. Цул тIаьхьа мел дукха яра уьш, сица луьттуш, дагах чекхйохуш, Асета шена безачу хьовсархойн кхиэле ехкина ролаш.

Цу хенахь Бадуев СаьIида мел язйинчу пьесехь къегина похIма долчу актрисина тIейоьгIна язйина роль хуьлура. Исаева Асета лакхарчу корматаллица тамехь васт кхуллура цу тIехь, иза хьовсархоша дезаш тIеоьцура. Делахь а, бакъдерг билгалдаккха догIу, веккъа цхьана Бадуев СаьIидан драмаш тIехь спектаклаш хIиттийна Iийна яц вайн театр. Шен кхоллараллин некъан юьххьехь дуьйна нохчийн къоман театро жигара юкъаийзош хилла шен репертуаре кхечу къаьмнийн драматурги. Къаьсттина шуьйра меттиг дIалоцу театран репертуарехь гуьржийн драмо.
Уггаре хьалха цу декъехь билгалъяккха йогIу Шаншиашвилис язйина «Анзор» цIе йолу пьеса. Цу тIехь Нохчийн театро изза цIе йолуш хIоттийна спектакль Исаева Асета ловзийна роль бахьанехь боккхачу кхиамца гIараелира ерриге Къилбаседа Кавказехь. Иштта хьовсархоша езаш тIеэцначех яра Пшавелин новеллаш тIехь Робакидзес язйиначу «Ламара» пьеси тIехь хIоттийна йолу спектакль. Амма шена Исаева Асетана езаш, дог резадинацо ловзош хилларг «Майра Кикила» цIе йолчу спектаклера Мартин роль яра. Цунахтамаша бойла дац. Гамрекелин а, Нахруцашвилин а пьеси тIехь и спектакль хIоттийнарг дуьххьарлера нохчийн режиссер Батукаев ХIарон вара. Делахь а, Асет цунах йоккхаеш хир яцара цхьа хIума ца хиллехьара. Оцу спектаклан коьртачу ролехь Бадуев Мовжди вара, ткъа иза Асета везаш хаьржина, кхуьнан хIусамда вара, верасан оь Мазлонах къона актриса кIелхьараяьккхина волу. Тахана а хала ду нохчийн мехкаршна сцени тIе бовла. Ткъа цу хенахь? Исаева Асетан вешина ца лаьара шен йиша театрехь болх беш ган, И бахьанехь хадцаза ваьснаш хуьлура кхарна юкъахь, хийлазза йоI елхош. Театре болчу безамо схьакхоьхьуш яра Асет хьIнццалц. Ткъа хIинца марехь хилча, кхуьнан уггаре а чоьхьара верас хIусамда хуьлура. Иза кхуьнца сцени тIехь вара. Доккха ирс дац иза, цу челакхчу замане юхахьаьжча?! Дависарг, массо а ирс санна доцахилиракх.

«Майра Кикила» хIоттийнарг 1936-гIа шо дара. Цу хенахь вовшахтоьхна яра Нохчийчоь а, Пал Майчоь а. Театрера къо¬начу артистийн йоккха тоба деша хьажийнера Тбилиси, ткъа цигара вехна валийнера къегина похIма долу, режис¬сер Чхартишвили Арчил. Чхартишвилис хьIттийначу массо а спектаклашкахь коьртачу турпалхойн ролашкахь, садаIар хIун ду ца хууш, болх беш яра Исаева Асет. Иза йоккхае шен балхах, кхерчах, хIусамдех, дашочу зIаьнаршца анайистехь лепаш сирлачу кханене кхойкхучу компартех… Декъазчу нохчийн къомана бодане кечйина хиллера и кхане. (2иллгь дакъа а ду)

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz