Хьуна дала дика дийриг, диканца хьо дукха вахарг, вонна хьо тIаьхьатеттарг, диканна хьо хьалхавахарг! Дийцаний-аьллий, хIун ду хьуна, ас цхьа туьйра дуьйцур ду хьуна, тур-тамаша буьйцур бу хьуна. Лунан лергаш самадахалахь, берзан бIаьргаш серладахалахь!..
Аса хьуна дуьйцур ду оцу дIогарчу Башламанан коьртехь ло маца дуьйна Iуьллу, шерачу аренашкаххьий, ламанийн басешкаххьий хаза хьожа йолу бецашший, тайп-тайпана зезагашший маца дуьйна дуьйлу…
Мацах хьалха заман чохь и дIогахь шуна гуш долу лекха лаьмнаш кхин а лекха хилла, церан кортошкахь хIинца санна лой, шай а доцуш, хаза бецашший, зезагашший хилла. Ткъа хьалха заман чохь цкъа а ца дешаш лой, шай кIоргачу Iаннашкаххьий, ламанийн басешкаххьий, шерачу аренашкаххьий хилла.
Оцу хенахь вайн дай, наьрт-орстхой, Iаннашкаххьий, хьехашкаххьий, лекхачу бIаьвнашкаххьий бехаш-Iаш хилла. И дIогара лаьмнаш санна лекха хилла уьш. Церан дой а хилла иштта даккхий. Черчий санна ницкъ болуш хилла наьрт-орстхой, берзалой санна майра хилла, цIоькъаш санна каде хилла, цхьогалш санна мекар хилла.
Катухий, атта схьайоккхий, ламанан тарх кхуссуш хилла цара, мохь тухий, ламанаш декош хилла, цIогIа тухий, стигланаш егош хилла цара. Делахь а гIорасиз хилла уьш — цIе ца хилла церан карахь.
Ницкъ болу Села къиза хилла, Iазапе хилла. Иза хилла стигалан да, цIе а цуьнан долахь хилла.
ХIун пайда бу ницкъан а, цунах адамашна дика долуш ца хилча?
ХIун пайда бу ницкъан, цунах адамашна Iазап-бала хуьлуш хилча? Наьрт-орстхошна, шегара ницкъ гайта, цIеран хьорканаш тIе а хоий, инзаре йоккха гIовгIа гIаттош хилла Селас, стигала каглуш, дакъанаш хуьлуш, охьатIейоьлхуш санна хоьтуьйтуш, ерриг стигала а къекъош. Села Iаш волу стиглан Iаьрчеш даима Iаьржачу мархаша хьулдинера. ДогIанах юзайой, мархаш лаьтта хьовсайой, оцу догIанах ша, къора лаьтта елхайора Селас, адамашна тIе кхин а доккха Iазап доссош. Кест-кестта цо, нуьрах-цIарах дина стелаIад кара а оьций, лаьтта стелахаыптигаш кхуьссура, дерриге а гондIахь дагош.
Дика а, вон а Селин карахь дара. Бонна комаьрша вара Села, диканна — сутар вара…
Дика къаьхьачу къица къийсамехь доккхура адамаша, ткъа вон — Селас ша луш дара.
Стигалний, лаьттаний юккъехь даима мостагIалла лаьттара.
Селиний, адамашний юккъехь даима къийсам лаьттара. Наьрт-орстхой балано мел таIий, гIадъоьхура Села. Села гIад мел ихи, гIайгIане йоьдура Сата. Сатина чIога лаьара наьрт-орстхошна гlo дан, амма Селех кхоьрура иза.
Оцу хенахь ломахь вехарш вара ницкъ болу наьрт Пхьармат, шен пхьалгIи чохь, нахана гIуллакх а деш. Дика пхьар хилла иза.
Пхьармат эсала, комаьрша, ницкъ болуш наьрт хилла. Къамел кIезиг а деш, къа дукха хьоьгура Пхьармата. Ойланаш дукха йора, адамийн балина, хIун гIоли йийр яра-те, бохуш. Цо ойла йора, Селин долара а яьккхина, адамашна цIе муха яхьар яра-те, бохуш. Бертахь ца лора иза Селас.
Ша дуьнен чу ваьлчахьана, нахана юккъера диканиг, оьзданиг, хьекъалениг схьагулдеш вара Пхьармат.
Цуьнан дин Турпал гуттара ломахь паргIат лелара.
Олуш хиллера наьрташа Пхьармате:
— Дин беречунна кIелахь бахчало, къонах къийсамехь вахчало. Хьан дин паргIат хIунда лела?
Пхьармата жоп луш хиллера:
— Сан дин бахчабелла бу. Хан тIекхаьчча, сан дино стиглара хаьштиг дахьар ду!
Цхьана дийнахь Пхьармата шен Турпале мохь тоьхнера, Органан чIож декош, ламанаш дегош, самаваьккхина, Селига aгlo хорцуьйтуш. Геннахь ломахь бежаш болу дин, шен да кхойкхуш хезна, дуьхьал терсира. Ткъес санна маса кхечира Турпал шен дена Пхьарматана дуьхьал. Караийцира Пхьармата чхьонкарI, тIедуьйхира йоьзан гlaгl, хаьн тIе оьллира пхерчех юьзина хумпIар, пхьаьрсах къевлира булийн неIарх йина йолу туре, коча тесира секхаIад, юкъах дихкира тур, буйна къоьвлира буьххьехь йоьза вед йолу гIоьмакх. (vaynakh.com)