Куразов Заурца дина къамел
Куразов Заур – Бельгера нохчийн документалист. Пхи шо хилла цуьнан, церан доьзал тIамах бедда, хIинца шеш дехачу Европе кхаьчча. Гентан синмехаллийн Паччахьан академехь Iаьмийна цо шена кино яккха а, аудио-гайтам исбаьхьалле берзо а. Цуьнан фильмаш ю иэсана тIехьажийна а, къоман синмехаллаш язъеш а, мухIажирех а, гуманитаран кризисех а лаьцна.
“Хан ю” – иза режиссера Нохчийчохь яьккхина, цуьнан хьалхара фильм ю. Юьртахь ехачу ненах а, йоIах а лаьцна дуьйцу цо. Лайша дIалаьцначу, тийна лаьттачу цIа чохь шайн доьзалхо Зараъ схьаяре сатуьйсу цушимма – гарехь, тIамо хербина уьш. Корал арахь юькъа дохк ю, шурул кIайн, гергара адам цIакхачаре хьоьжучу шина зудчунна боккха, сирла, беза болх бу цхьана эшшара дIаоьхучу денош хьалха шайгара и сатийсам.
“Артдокфест” конкурсехь а, Чехерчу Ji.hlava фестивалехь а дакъалаьцна “Хан ю” фильмо.
– Оцу хьайн фильмах лаций дийцахь, муха, маца яьккхира ахь иза, муха веара хьо цунна тIе?
ТIом бирзина 18 шо даьлча, Нохчийчу вахара со дуьххьара, сайн дагалецамашна тIехь фильм хIотто лууш вехара со. Иэсехь дисинарг суьрте дерзо воьлча, кхийтира со айса дIаяхна хан сайна тIеязйинийла.
ТIаьххьара суна гучуделира айса сагатдийриг, сатуьйсург цхьана хенахь лелларг дуйла – чохь са долу, садоьIу кхоллам. Иэс юкъара ду доллучунна а – жил-Iаламна, дуьненахь мел дечунна, хIуманашна, адамашна, ткъа и дерриг а къасталуш дара соьгахь дисинчу иэсца дуьстича. Суна, режиссерний, сан персонажашний юкъахь доладелира кхолладала сан кино-дийцар. Дериг а, ойлано кхоьллинарг а, дагалецамаш а, лаамаш а цхьаьна иэбелира.
– Муьлш бу вайна экран тIехь гушберш? И зударий муьлш бу?
Асет а, Марха а – наний, йоIIий, цхьана ловзаргахь бевзира суна уьш. Уьш бевззашехь дуьйлира сох цаьргара гIора. Дика, цIена дог-ойла яра цушиннан, уьш лараме бара соьца шаьш дечу къамелца. Тхо деладелира вовшашна, вовшашка масех дош а аьлла, дагалецамашка дирзира. Асетна бераллехь дуьйна евзаш хиллера сан нана. Цуьнан кIант – Дала гечдойла цунна! – тхан дозале вогIуш, доттагIалла лелош вара. Кхача буучу чуьрчу пена тIехь кхозу жимчу беран сурт – иза ву иза.
Ломан бохь – Мархина уггаре а товш йолу меттиг
– Стенгара ю сюжет, хьан хIун юкъарло ду оцу меттигца?
Элстанжа юьртахь ду фильмера сурт, нохчийн лаьмнашкарчу ярташна гергахь. Соьца йоьзна яц и меттиг, Асет а, Марха а еха цигахь. Иза церан цIа ду, цигахь хьо цара хан. Оцу меттигца, къаьсттина церан чоьнаш чохь, дахаран поэзи еха, Ломан бохь – Мархина уггаре а товш йолу меттиг ю.
– Хьан фильмехь дукха битамаш бу Советан зама карлайоккхуш – интерьеро дагалоцуьйту оцу заманара “Мимино”. Айхьа фильм йоккхучу муьрехь цуьнан ойла йорий ахь?
“Советийн зама” яцара суна кино йоккхуш коьрта. Зама, цхьана шен маьIнехь, дIа ца йоьдуш, сецча санна хьал нисделла. Фильм йолалуш ас гойту тIеман битам, иккхина гIишло а санна.
Стенна сецна зама, стенна хетало вайна ишта? ДIадахначух хьагна вай дехаш хиларна, цкъа хиндерг гучудаллалц вай и зама дIахеца кхоьруш хиларна. Вовшашца ийна деха хIуманийн го бу иза. Ойланаш яр, синхаамаш хьебар, гар, царна гонах хьийзар – иза ду суна коьрта, ткъа жоп дала а ца гIерта со фильмехь кхечу хеттаршна.
“Мимино” ас сайн фильм хIоттош декъаоьзна. Ойла йира ас, муха яккха еза оцу чолхечу, буьйна схьаэцна, гойла доцчу хIуманех лаьцна фильм – иэсах, дIадахначунна сагатдарх – ас кеп-кепара некъаш юхьарлоьцура уьш гайта, сайн дагна хIун мехаллаш еза ю, зуьйра. ТIаккха суна дагаеара Данелиян тоьлла фильм, Мимино (Кикабидзе Вахтанг) телефон тоха гIерта-кх шен цIа, Телави, ткъа ларамза зIе кхочу Тель-Авиве, гуьржичо жоп а луш. Суна иза дегайовхонан а, сингаттаман а масал ду, лиира сайн фильмна юкъаозо. Догдоху цкъа Вахтанг сайн фильме хьажаре.
Стенна сецна зама, стенна хетало вайна ишта
– Лайно лаьцна го дерриг а, ойла кхоллало дерриг а набаро дIальцча санна, хан сецча санна хетало фльме хьожуш. Вайна го корах йоI ара хьоьжуш, лаьмнашка, лайлахь лаьтта тархаш шуьйра еллало цунна хьалха, оцу доллучунна тIехула вайна хеза “Мимино” фильмера аьзнаш – цхьаъ кхечунна тIе хIунда хIоттийна ахь? Хенаш вовшашна тIеттаюттуш санна хетало, дIадаханарг а, хIинца дерг а, хан сецча санна – иштта ала тарлой?
Суна и сцена – массо а хенаш вовшахъиэялар ду. Хаац, хан совцу я ца соцу, амма цхьа иэдалар-м нисло. Телевизор чуьра аз лаьмнашкарчу маьхьаре доьрзу, виртуалехь дерг бIаьрге ца лацало. Марха циггахь юьсу, сингаттам а буьсу боллучохь… Цхьа хийцам ларбар ду иза, и хир боццушехь, амма цхьа сатийсам буьту ахь хаьйца хIетте а. (radiomarsho)