“Кадыровна гонахара кхераман пен бохор”

0
627

Кху кIиранах Оьрсийчоьнан политико Яшин Ильяс Change.org платформи тIе хIоттийра, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан даржера ваккха тIедожош петици. Кхаа дийнахь 180 стага куьйгъяздира цунна.


“15 шо а ду Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан куьйгаллехь волу. Оцу хеначохь регионах Оьрсийчоьнан Федерацин чохь къаьстина пачхьалкх йина цо. Нохчийчохь шен къепе ю латтош, Оьрсийчоьнан низамаш цу чохь болх беш а дац. Регионехь эскарш вовшахтоьхна Кадыровс, шена бен муьтIахь а доцуш. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара баьхкина, нохчийн Iедалхошца дага а ца буьйлуш, шен дозана тIехь лелачу ницкъахошна тIе герз тоха бохуш, омранаш дора цо”, – аьлла ду петицихь яздина. 

Иштта Яшина билгалдоккху, Кадыровс а, цуьнан агIончаша а кест-кеста журналисташна а, бакъонашларъярхошна а, блогершна а, церан доьзалхошна а кхерамаш туьйсуш хилар, “чIир хьейийр ю”, бойъур бу бохуш, кхерамаш а туьйсуш. Оцу юкъанна, Нохчийчоьнан куьйгалхо ледара хилла хьаькаман даржехь, – Кадыровс ша элира, регионера экономикан проблемаш ерза ца ло шега, ткъа федералан центро ахча ца лахь, Нохчийчоь “кхаа батте а ер яц” бохуш. 

Цуьнца цхьаьна оппозицин политико Кадыровга лерина 11 минотехь видео дIаязйина, ша хIунда гулдеш ду куьйгаш хоуьйтуш. Шина дийнахь ролике хьаьжна кхо миллион стаг. 

Дуьххьара дац Яшина Нохчийчохь хуьлучух лаьцна тема юьйцу. 2016-чу шеран Чиллан-баттахь цо йовзийтира республикана лерина “Къоман кхерамзаллина кхерам” аьлла рапорт. Бакъду, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хьалххе каракхаьчна хиларна, дуьххьара цо ша зорбане яьккхира иза, “даьсса хабар ду” аьлла, комментарий а язъеш. Цул а ши бутт хьалха Кадыровс комментарий йира Яшинан критикана “беламе чувак” ву иза аьлла. 

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Яшин Ильяс дийцира: 

  

– Песковс жоп ца луш дитина хаттар. Кадыровх кхоьрий Путин? 

– Суна хетарехь, Путин кхеташ ву, хьал шен контролера долуш хиларх. Кадыровн къамелаша а, цуьнан леларо а кхерам тосу цунна. Шо шаре мел долу Кадыровн ницкъ тIекхеташ бу, политикехь зеделларг а гулдо, шегарчу ницкъах кхеташ ву иза, уггар коьрта – таIзар хир доцийла хаьа. ХIоразза а цунна гуш ду, Оьрсийчоьнан Iедалхойн, Путинан а цхьаьна, ша сацон цхьана а кепара ницкъ боций. Билггал дикка ницкъ болуш ву Кадыров. Суна хета, Путин цунах дика кхеташ ву. 

  

– Петици бахьана долуш Оьрсийчоьнан Iедалхошкара муьлхачу реакцицга сатуьйсуш ву хьо? 

– Оха тIейожийна реакци ю – Кадыров дIавакхар а, шен хенахь Путина ма-аллара, Нохчийчохь конституцин къепе дIанисъяр а. И хаттар нийса ду, хIунда аьлча, кхузаманан Нохчийчохь болх беш яц йа Конституци а, йа Оьрсийчоьнан низамаш а. Кхин хаттар ду, ма-дарра аьлча, и кхочушхиларх тамаш вай бар. Делахь а, сан петици, формалехь адресат Оьрсийчоьнан президент велахь а, Оьрсийчоьнан юкъаралле хьажийна ю. Iаламат коьрта ду аьлла хета суна, хIокху дискуссина юкъаралла юкъахь хилар, хIунда аьлча, тахана оцу хаттарца доьзна юкъараллана хетарг доцуш санна ду. Цхьацца бакъонашларъярхоша а, журналисташа а олург ду, амма юкъаралло шена хетарг цкъа а аьлла дац. 

Хетарехь, петицина бухахь массара а куьйгаш яздеш кампани – дуьххьарлера коллективан кехат ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешнашна а, леларна а реза ца хилар дIахоуьйтуш. Суна хетарехь, хIара саннарг хьалха хилла дац, хIунда аьлча, Кадыровс кхерамаш туьйсура нахана. Шен позици йовзийта кхийрина ца Iаш, адам кхоьрура цунна критика ечу постана лайк йилла а. 

  

– Реакци цахилар цхьана кхерамца доьзна ду? Йа Челябинскан, Волгоградан, Рязанан юккъерчу статистикан вахархочунна бен-башха дац Нохчийчохь хуьлург? 

– Сан кхайкхам бахьанехь гIаьттинчу резонансе хьаьжча а, петицина куьйгаш яздечеран болар гича а, хаало, интерес юкъараллин йоккха ю. Нохчийчохь хуьлуш долчо а, Кадыровн леларо а дуккхаъчийн сингаттам меттахбаьккхина. Республикан дозанашкахь Кадыровна готта хилар чоьте эцча, муххале а. Луларчу регионашка кхийда волавелла иза. Масала, дукха хенахь дуьйна конфликт ю цуьнан ГIалгIайчонца. Цуьнан бIаьхоша спецоперацеш дIахьо, Нижний Новгородера федералан суьдхочун зуда а юьгуш. 

Кхоьруш хиларна дIоггара шайна хетарг ала ца баьхьара Оьрсийчоьнан бахархой. Кадыровс жим-жима кхерош, шога Iадийна юкъаралла. Лаа ма дац гечдарш дехийтар а: цхьаммо цхьаъ аьлла, ши де даьлча инстаграмехь а, “Грозный” телевизионехь а гечдаршца видеош гучуюьйлу. Иштта болх бо муьлххачу террористо а- ахь цхьа стаг, шиъ, итт кхераво, миллионашкахь хьайх ийзабалийта. 

Петицин маьIна ду – Кадыровна гонахара кхераман пен охьахарцор. Нагахь санна, кхуьнца иттаннашкахь, бIеннашкахь Оьрсийчоьнан бахархой реза белахь, массо кхерийна а, массеран а коьртеш даьхна а, бага лакъийна а вера вац. Кхера мегар ду герзах воьттинчу зуламхочунна дуьхьал хьо нисвеллехь. Амма хьоьца иттаннашкахь, бIеннашкахь нах белахь, и боккха ницкъ бу. 

  

– Нохчаша — Абурахманов Тумсос, IАДАТ канало шена критика яр Кадыровс чIогIа дера тIеоьцу, амма тергал ца ян гIерта, нагахь санна, массарна хезаш оьрсийн политикаша а, бакъонашларъярхоша а критика яхь… 

– Цунна реза хуьлийла дац сан. Политковскаян, Милашинан, Каляпинан, “Эхо Москвы” радиостанцин, “Дождь” телеканалан, “Новая газетан” масалш ду. Къоман билгалонца критика Кадыровс луьсту аьлла ца хета суна. Муьлхха а критика йинчу стагана тIаьхьабовлу. Дагаваийтахьа, ша цунах лаьцна аьллачух цуьнга гечдар дехна Красноярск гIалин кхеташонан депутат Сенченко Константин. Нохчийн критикашна тIекховда атта ду цунна – и блогер Европехь велахь а, махкахь цуьнан гергарнаш ма бу биссина, уьш закъалте эца аьтто бу. Тумсон гергарчаьрца ма хиллара а, хIинца Мусаева Заремица а санна. 

  

– Кадыров – Кремлан продукт юй? 

– Ю ала мегар ду, доккхачу декъанна. 2007-чу шарера схьа дуьйна Кремло лелош ма ву иза. Гуш ду, шен Путинан иштта сацам буйла. Тахана Нохчийчохь хуьлуш долчух жоьпалла уггар а хьалха Путинна тIехь ду, хIунда аьлча, цуьнан кхетам боллуш сацам бара Кадыровца пакт тIечIагIъеш: доллу Iедал дIало хьоьга, федералан бюджетера транш а латтор ю, ткъа ахь цигахь тIом ца хуьлу агIо бе аларца. 

ДIоггара ойла йина бина сацам бац хIара. Нагахь санна, Нохчийчуьра маьрша хьал, Кремлана ма-хеттара, Путинна а, Кадыровна юкъахь хиллачу бертаца лаьтташ делахь, цкъа мацца а хьал эгIар ду. Оцу 15 шерашкахь Кадыровс Iаламат дукха административан а, финансийн а, уггар коьрта, ницкъаллин а ресурсаш гулйина. Гуш ду, Оьрсийчоьнан къоман кхерамзаллина кхерам бохьу цо, хIунда аьлча, цунна цхьаъ бен доцу, иза юхаийзоран бахьана ду — Путинан авторитет. 

  

Хьажа шуьра къамелан: 

https://www.radiomarsho.com/a/kadyrovna-gonahara-kheraman-pen-bohor-nohchiychojnan-kujygalhochunna-dujhjal-vu-yashin-iljya/31698893.html 

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz