Мехкан политикин дахарехь баккхий хийцамаш хуьлуш, чолхе деанчу 1990-чу шарахь, Ю.Айдаевн меттана, «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор чIагIвира республикехь дика вевзаш волу яздархо, поэт Абдулаев Леча. Редакцехь цо шен болх дIаболийра цхьамогIа хийцамаш барна тIера. Газетан агIонаш тIехь ма-ярра йийца йолийра вайн истори, вайн къоман бакъ болу турпалхой, царна юкъахь иштта вайн эвлаяаш а, устазаш а. Вайн исторехь дуьххьара иштта зорбатоха йолийра динан хьокъехь йолу материалаш а. Газетан «Ленинан некъ» боху цIе «Даймохк» аьлла хийцира.
Газетан юьхь йолош болу «Массо а мехкийн пролетареш, цхьаьнакхета!» аьлла болу кхайкхам хийцира республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а цIеяххана вевзаш волчу яздархочун Мамакаев Мохьмадан ненан маттах лаьцна долчу, боккха чулацам болчу «Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц!» дешнашца. И кхайкхам газето зорбатухучу материалийн коьрта тема хилла дIахIоьттира. Нохчийн мотт кхиорах, цуьнан дикаллех, мехаллех лаьцна йолу материалаш зорбатухура тайп-тайпанчу рубрикашца: «Хьайна ненан мотт безахь», «Ненан меттан хьехархо», кхечу а.
Редакце балха баьхкира лаккхара корматалла йолу журналисташ: Умхаев Хьамзат, Аболханов Хьаьким, Ицлаев Iабдулла, Юнусов Хьамзат, Джанаралиев Iимран, Сумбулатов Дени, кхиберш. Дукха хан ялале орамашкара хийцабелира газетан чулацам а, цуьнан кеп а, хатI а.
Республикехь а, дийнна махкахь а долу юкъараллин-политикин хьал хийцаделла, чолхе хилла дIахоьттича, зорбанан дашо кхин бан пайда цагарна 1993-чу шеран асаран (июнь) баттахь коьртачу редакторан болх битина, шен лаамехь дIавахара Абдулаев Леча. Цул тIаьхьа, шен литературин кхоллараллин балхана тIевирзира иза. Ала деза Леча школехь доьшуш волчу хенахь дуьйна байташ язъян волавелла хилар. Ткъа университетехь доьшуш волуш, къоначу яздархойн, поэтийн «Пхьармат» цхьаьнакхетараллина юкъавахча, Лечас, цхьана хорша берзийна, жигарбаьккхира шен кхоллараллин болх. Цуьнан дуьххьарлера «Зеламха» байт зорбатуьйхира ТIехьа-Мартан кIоштан «Ленинское знамя» газетехь. Цул тIаьхьа цуьнан байташ араевлира республикин «Ленинан некъ», газетехь а, «Орга» журналехь а, тайп-тайпанчу гуларшкахь а, ткъа иштта шаьш къаьстина йолчу книгашкахь а: «Орамаш а, тIемаш а», «ШолгIа тулгIе», «Нохчийчоь, сан Нохчийчоь», кхиерш а. Лечин дуккха а стихаш а, поэмаш а, статьяш а, интервьюш а юкъаяхана йолу цуьнан тIаьхьарлера йоккха книга арахийцира 2008-чу шарахь.
Леча шен кхоллараллин корматалла ондда караерзийна поэт хилла ца Iаш, башха гочдархо а ву. Цо нохчийн матте яьккхина йолу французийн яздархочун Антуан де Сент-Экзюперин «Жима эла» повесть езаш тIеийцира ешархоша. Цу пове ст а тIехь спектакль а хIоттийра Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн театрехь. Цул сов, Лечас нохчийн матте гочйина оьрсийн а, дозанал арахьарчу а яздархойн произведенеш.
Нохчийн литература, ненан мотт, къоман гIиллакхаш дика довзар а, кхоллараллин корматалла юьззина караерзор а бахьана долуш цуьнан поэзин а, гочдарийн а хIора могIа кIорггера чулацам а, маьIна а долуш а бу. Ткъа Лечин дуккха а стихаш ладогIархочун лерса хьостуш, иллийн мукъамашка йирзина. Церан лаккхара мах хадабо ладогIархоша.
Л.Абдулаев вина 1953-чу шеран чиллин (февраль) беттан 15-чу дийнахь Казахски ССР-н Кустанайн областерчу Семиозерни кIоштан Аман- Карачай станцехь. Республика меттахIоттийначул тIаьхьа ден-ненан доьзалца цхьаьна шайн дай баьхначу Котар-Юьрта цIавеара. 1970-чу шарахь юьртара юккъера школа чекх а яьккхина, оццу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан къоман отделене деша вахара. Иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа Лечас Котар-Юьртарчу юккъерчу школехь ненан меттан, литературин хьехархочун болх бира.
Лечин журналистикехь болу болх дIаболабелира ТIехьа-Мартан кIоштан «Ленинское знамя» газетехь. Йоццачу хенахь Грозненски кIоштан «Заветы Ильича» газетан коллективехь а хилира.
1990-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор хIоьттира. Цигахь цо болх бира 1993-гIа шо кхаччалц.
2003-гIа шо чекхдолуш Леча юха а «Даймохк» газетан коьрта редактор хIоьттира. Ткъа 2012-чу шарахь оцу балхара дIавахана, пенсе вахара иза. Амма Нохчийчоь, нохчийн халкъ гуттар а дагахь латтош, церан дуьхьа шен литературин кхолларалла жигаръяьккхина, болх беш ву поэт тахана а, оцу гIуллакхехь дика кхиамаш а болуш.
АбдулаевгIеран доьзалехь яздархо Леча ша цхьаъ хилла ца Iа. Цуьнан воккхах волу кIант Мохьмад а ву, Россин Яздархойн союзан декъашхо а волуш, регионехь бевзаш болчу яздархойх цхьаъ. Республикин газеташкахь а, журналашкахь а кест-кеста арайовлу цуьнан стихаш а, очеркаш а, публицистикин материалаш а. Литературин кхоллараллехь шен ницкъаш зуьйш ву Лечин шолгIа кIант Адам а.
Баккхийчеран чкъурана дагайогIу хир ю дIадаханчу бIешеран дезткъе уьтталгIачу шерашкахь оьрсийн маттахь арахецна йолу Абдулаев Зияудин «Сокрушение идолов» цIе йолу книга. Цуьнан автор а ЛечагIеран шича-мохчалара гергара стаг ву. Россехь вехаш ву ЛечагIера гергара а волуш, яздархо кхин цхьа Абдулаев а. Доцца аьлча, АбдулаевгIеран дийнна доьзал бу яздархой.
Лечас дозаллица яздо Нохчийчоьнах а, нохчийн халкъах а, ша винчу мехкан Iаламах а, нохчийн стогаллех а, къонахаллех а, яхь йолчу нахах а, турпалхойх а, къоман гIиллакхех а, литературех а, ненан маттах а лаьцна. Иза дерриге а цуьнан кхетаме а, даг чу а диллина, кхиийна цуьнан дас, нанас. Церан гIиллакхаш, леларан хатI, бакъйолу нохчалла схьаэцна Лечас а, цуьнан доьзало а. ЛечагIера доьзал суна дика бевза. Сан гергара бу уьш.
Республика метта а хIоттийна, нохчий цIабаьхкича боккхачу цабезамца тIеийцира уьш, вай цIерадаьхча, республике баьхкинчу, вайн хIусамаш дIалецначу кхечу къаьмнех болчу наха. Цул сов, могIарера белхалойл лакхарчу балха дIа а ца оьцура. Дуккха а предприятешка а, бахамашка а нохчий, гIалгIай балха дIа эццане а ца оьцура. Меттигерчу органашка хIусамашна рогIе хIоттор доьхуш, тIеваханарг кабинета чу а ца вуьтура. Оцу хьелашкахь Лечин ден Шерипан, цо Казахстанехь бина белхаш а, ала хIума доцуш, церан лаккхара мах хадор а тидаме а эцна, таро хилира ТIехьа-Мартан кIоштан милицин отделехь куьпан инспекторан балха хIотта. Оцу балхахь хийла нохчичунна гIо дира цо. КIоштахь вуьйцуш вара иза, шен ницкъкхочучу кепа- ра нохчий ларбеш а, цаьрца долчунна харцо ца лелайойтуш а ву, бохуш. Царна дукха а везара иза, цуьнан сий а дора. Шайн да-нана, баккхийнаш лоруш а, церан сий деш а бара церан доьзалш а. Иштта гIиллакх долуш, вовшашца лараме бу Шерипан доьзалийн доьзалш а.
Дуьйцийла йоццуш, Абдулаев Лечас мехала хазна юкъайиллина нохчийн литература, журналистика кхиорна. Цуьнан лаккхара мах хадийна республикин куьйгалло. «Нохчийн Республикин халкъан поэт», «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист», регионан юкъараллин «Нохчийн Республикин Интеллектуальни туш» организацин лауреат ву, оцу туьшан «Дато бухIа» совгIат а делла цунна. Россин Яздархойн а, Журналистийн а союзийн декъашхо а ву.
С. МАГОМАЕВ
№20, шинара, бекарг (март) беттан 14-гIа де, 2017 шо. (terloy.info)