Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

«Со Киевехь дуккха а Iан дагахь ву»

Масхадов Анзора – Украинана дечу гIонах лаьцна

Кавказ.Реалиица хиллачу интервьюхь Масхадов Анзора дийцира дукха хан йоцуш оккупаци йина хилла гIаланашкахула а, ярташкахула а шен леларх лаьцна, украинхошца цхьанакхетарх а, иштта, дийцина, дуьненан юкъараллин стенна ю Нохчийчохь а, Украинехь а хуьлучу тIемашна хьокъехь башха реакци.

Хьара а 2гьчу дакъа ду оц къамелан.


– ХIинца Украинана гIо деш ерриг аьлча санна Малхбузенан пачхьалкхаш ю, уьш йоцурш а. Шен хенахь дуьнено иштта Нохчийчоьнан суверенитет къовсуш гIо ца дарна вас хиллий хьуна? 

– Хилла дера! Оцу герзийн жима дакъа тхуна деллехь, оха оьрсийн эскаран букъ кагбийр бара. Тахана цара Украинан дахар а талхор дацара. Тхуна тIом бан атта дара, лаьмнаш ду, ша ландшафто а гIуллакх аттачу доккхура тхан. Тхан «джавелинаш», кеманаш хиллехьара… Трофейн танкаш бен яцара тхан, амма цхьанна а ца лаьара цу чу хаа, хIунда аьлча, уьш йогуш, лелхаш гинера. Тхоьгахь гранатометаш, пулеметаш, автоматаш бен яцара. 

  

– ХIун ойланаш яра хьан Охан-беттан 28-хь Киевна тIе ракетан тохар дича? 

– Ур-атталла ракета хIинцца кхуза кхетарна а кийча ву со. Сирена хезча тхайчарех цхьа а ца воьду дIалачкъа. 

Дуьххьара оьрсийн-нохчийн тIом болабелча доьналла долу нохчий дIалечкъа ца оьхура. Дера сонталла ю иза. Цул сов, кхерамах лаьцна хаам бен система яцара тхан. Ракеташ, бомбанаш еттара. Кеманаш сих-сиха лелара гIалина тIехула, шаьш чудоуьйтур доцийла кхеташ хиларна – гIирс бацара. Оха йоккхачу тоьпаца кеманна йеттара.  

  

Маршонан къийсаме нохчий юхаберзийтар къоман юккъера схьа хила деза… Къам хIинца а кхоьруш ду 

  

Дуьххьарчу [оьрсийн-нохчийн] тIамехь цара цкъа мацах ракеташца жIара-некъанна тохарш динера. Шортта маьрша нах белира, америкхойн журналист а йийра. Машенаш йогуш яра, верриг уьдура, лазийнарш чуьра схьабохура. Нах тIегулбеллера. Кемано юха а дирзина, кхин цкъа а оцу метте тохар дира. 

1996-чу шарахь аьхка кема схьа а дена, бомбанаш кхийса хIоьттира. Уьш юьртанна тIе эгнера, амма ца лилхинера. Пхи минот елира, тIаккха нах тIе а гулбалийтина лилхира уьш. Тхуна километр генахь дара иза. 

  

– Хьуо кхерамазаллехь хета ала гIерта хьо? 

– Со синтеме ву. Норвегехь кадыровхошна нохчо карийна хиллера, со вийна, дуьхьала ахча схьаэца кийча. Цунах лаьцна соьга сан да вевзаш хиллачу Кадыровн уллорчу наха хаамбира. Кадыровн гонера массара а ца во иза къобал. Ас и хаам полицига дIакхачийра, гIуллакх толлуш бу уьш.  

  

– Дуьнено иштта башха стенна тIелоцу Нохчийчуьра а, Украинера а тIемаш? 

– Оьрсийчоь йоккха ю, цхьанна ца леара цуьнца дов даккха. Малхбузено шен политикан а, экономикан а интересаш ларйора. Кхоьрура Оьрсийчоьнах. Ур-атталла Iарбой а, вайн динан вежарий, шайн батт дIа а къевлина Iара, Оьрсийчоьнца ловзарш леладора. Iарбойн махкахь нохчочунна цхьа а статус кхача аьтто бац цханне агIора. Цхьа а гIо ца до. 

ХIинца оьрсийн пропагандано бусулба нах Американа, Европана дуьхьала боху. Ур-атталла кадыровхойн тролляш ю хийшина Iаш, масала, Америко Палестинана гIо стенна ца дора бохуш, бусулбачарна гIо стенна ца до цо бохуш. Оцу хаттарна аса доца жоп ло – Путина 300 эзар бусулба стаг вийна Нохчийчохь. 

Оьрсийн-нохчийн шолгIа тIом болуш Америкехь Гезгмашин-беттан 11-хь хилла теракто хийцира дуьненан нохчашка йолу ойла. Верриг вайх дIакъаьстира, радикалан исламаца, Усама бен Ладенца зIенаш хиларх кхерабелира, хIунда аьлча, Оьрсийчоьно вайх террористаш аьллера. 

Дика ду-кха хIинца дуьненахь нах кхета буьйлабелла, кхерам мичара богIуш хилла а, нохчаша Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьала тIом беш лелла хилар а. 

  

– Хьан да тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара гIо доьхуш хьийзачу хенахь, дуьне реза хIунда ца хуьлура орца даккха? 

– Оха бусулбачу пачхьалкхашка гIо доьхура, иштта, ерриг Европан пачхьалкхашка а. Гуьржийчоьно а дош ца олура, Оьрсийчоьнца ловзарш леладора цо. Оцу хенахь Тбилисино тхуна гIо динехьара 2008-чу шарера тIом хир бацара. Оцу хенахь и шизофреник ца сацийра, тIаккха тахана Украина хили. СемаIашкара, Алдера маьрша нах байъар Бучехь хиллачул а къиза дара. Оьрсийн эскархоша цигахь инзаре хIуманаш леладора. 

  

– Украинхой дог тешна бу, Оьрсийчоьнна латтон дуьхьало церан толамца йоьрзург хиларх. Нохчашна тIехь муха лар юьтур ю оцу гIуллакхо? 

– Путинан режиман чакхе тIекхачахь, Кадыровн чакхе а хIуттур ю, цуьнан марионеткан. ТIаккха тхан пачхьалкх юхаметтахIоттон аьтто хир бу тхан. ХIинца ур-атталла тхан Европера кегийрхой бу цига баха лууш. Цхьаберш Туркойчуьра бахка лууш бу. Къамелаш до, вайн цIахь тIом баккха беза бохуш. Оцу наханна баккъала болу тIом ца гина шайн бIаьргашца. Пхи эзар нохчо вайн латтанаш схьадаха веъча, царех эзара кхелхар ву, вайн мостагIчун ткъа, йа шовзткъе итт вуьйр ву. Амма жамI муха хир ду? Хир а дац, Iедалехь Путин мел ву. 

Маршонан къийсамна нохчий юхаберзийтар къоман юккъера схьа хила деза. Цхьа а гIаттам бан аьтто бац, йа тIамехь толам бакхха йиш яц дерриг къам тIетайна ца хилча. Къам хIинца а чIогIа кхоьруш ду. 

– Кадыровн уллора цхьаъ иза дIаваккха гIертарг хилар тIедуьтий ахь? 

– Иза хила йиш ю! Хаац, муьлхачо, амма шен гонах а кхоьруш ву иза. Соьлжа-ГIаларчу суьрташка хьовсал – цуьнца лаьттачу нахехь йолу тапчанаш чохь патармаш дац. Иза кхоьруш ву. 

  

– Оппозицин блогерца Абдурахманов Тумсоца, бакъоларъярхочунца Садулаев Мансураца пресс-кхеташо елира ахь Бельгехь, цигахь элира, Европерчу нохчаша кадыровхой а, церан Украинана дуьхьала тIом а къобал ца бо. Дийцахьа, хIун Iалашонца хIоттийна яра и пресс-кхеташо? 

– Ямартхой тхан къоман кIентий боцийла дIахаийта гIертара тхо. Тхо доьналлица онда дара, тхайн нохчийн истории ларйора оха. Тхуна цкъа а ца дицделла тхуна тIехь Сталина динарг, тхуна дагайогIу депортаци. ТIаккха цхьамма ямартло йо – кадыровхой мостагIчун агIоне бовлу. Цул сов, цара массарна а гойтуш нах сийсазбо, зударшна етта. 

[Украинера] тIом болабелча кадыровхойх «нохчий» элира, церан къизаллех лаьцна яздора. Сан а, кхечу блогерийн а болх тхуна уьш нохчий ца хетийла украинхошка дIакхачоре хьажийна бара. Уьш ямартхой бу, нохчийн маттахь кхамел дийраш. 

  

Со теша Путино зарратан герзах пайда эца мегарг хиларх. Ур-атталла аса сайн бевзачу нохчашка хоьттура, цаьргахь противогаз юйла 

  

Ма-дарра аьлча, уьш оьрсийн эскархой бу. Цхьанхьа яздо «нохчийн полици», йа «нохчийн эскархой» олий. Амма Нохчийчоьнан къаьстина эскарш дан а дац, оьрсийн бен. ХIинца дукхахберш кхета буьйлабелла. Тхан белхан жамIаш хаало суна. И дIадуьйцу оха хIинца а. Дукха нохчий бу Оьрсийчоьнна дуьхьала тIом бина хилла. Царна лаьара кхуза схьа а баьхкина, оьрсийн эскарна дуьхьала тIом бан. Амма цара ойла ца йо, тIаьхьо Европерчу Iедалшца шайн проблемаш хила мегара аьлла. 

Оьрсийчоьно Украинехь лелийнарг «геноцид» лоруш сацам тIеэцна Украинан [Лакххарчу] Радано. Лаьара, нохчийн къомана дуьхьала лелийна геноцид тIелацийта а. Иза Оьрсийчоьнна Iаьткъар дара. 

Оьрсаша тхан Нохчийчохь лелийнарг а, кхузахь, Украинехь лелориг а нахана дIагойтуш, проект юкъаяккха дагахь ву со. Оха инзаре эшамаш текхна. Кхеташо, йа гайтам хIоттон. Проектана «Оьрсийчоьнан тIеман зуламаш» аьлла, цIе а туьллуш. Гуьржийчоь а, Украина а, тхо а вовшахтухуш. Кхаа тIеман гайтам [хIоттон]. 

  

– Украинера тIом дIабахбаларх лаьцна хIун аьлла хета хьуна? 

– Со тешна ву, и шизофреник соцург ца хиларх. Со теша Путина зарратан герзах пайдаэца мегарг хиларх. Ур-атталла аса сайна бевзачу нохчашка хоьттура, цаьргахь противогаз юй. Цхьанхьа ю элира цара соьга. Уьш шайн уллохь латтайе элира аса. Бакъ долуш, противогазо химин тIелатар дича гIодан мега, амма радиацих кIелхьара валалур вац. Цхьа аьтто балахь бен. (Радио Маршо) 

Yazarın Diğer Yazıları

«Со Киевехь дуккха а Iан дагахь ву» – 1гь дакъа

Масхадов Анзора – Украинана дечу гIонах лаьцна Масхадов Анзор, тIе ца эцначу Ичкерин хиллачу президентан кIант Киевехь вара. Масхадов – Норвегин вахархо ву, цо дIахьедо,...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img