КIудал-бIов – Зулай Хамидова / Нохчийн туьйранаш

0
612

КIудал-бIов 

XIapa хилла-ца хилла цхьанна а ца хаьа. Хьалхалерачу заман чохь цхьа воккха стаг хилла, боху, базарара говр-вордан тIехь цIа вогIуш. Ша эцна совгIаташ вордан тIе а дехкина, тIоьхула цIеста кIудал йиллина хилла цо. Де суьйренгахьа лестира. Воккхачу стага шед тоьхна, говр сихйира. ДIасатохаеллачу вордан тIера кIудал шершшина охьайахара. Воккха стаг говр-вордан тIехь дIавахара, ткъа кIудал некъа йистехь йисира. 

– ТIохъаьлла, сан цIийнах кхеттарг хIун йу-те, – аьлла, араиккхира зингат. Араиккхича, цунна Iуьллуш цIеста кIудал гира. 

– Ва-да-дай! – гонах хьоьвзира зингат. – XIapa ма хаза бIов йу-у-у! Кхунах сайна цIа дан деза аса! 

И а аьлла, зингат шен керла цIа дIанисда доладелла. Кегий тIулгаш а гулдии, зингато уьш кIудална кIел дохкура, и чIагIъеш. КIадделла, ша бинчу балхана резахилла, садаIа охьахиира зингат. гена боццуш, цхьана тIулга тIехь малхехь Iуьллу моьлкъа самабаьлла. ДIахьаьжча, цунна хIинццалц кхузахь шена цкъа а ца гина, кIудал-бIов ги. 

– Ва-да-дай! И ма хаза бIов йу-у-у! Хьажа беза со, цу чохь цхьа а Iаш ву-вац! – аьлла, сиха бедда бахана и, кIудал-бIов йолчу. 

– ХIей, цхьа а вуй кIудал-бIов чохь вехаш-Iаш?! – мохь тоьхна моьлкъано. Гена доццуш Iачу зингато, лергаш дIа а къовлуш, аьлла: 

– Мохь стенна хьоькху ахьа! Со ду-кх кIудал-бIов чохь Iаш. Чу бол а, цхьаьна Iийр ду вай. 

XIapa шиъ шитта бертахь дехаш-Iаш, дукха йа кIезиг хан-зама йаьлла. Цхьана дийнахь кхиссалуш йогIучу пхьидана шена кхузахь цкъа а ца гина кIудал-бIов ги. 

– Вакъ-вакъ, вакъакъи-вакъ! XIapa ма хаза бIов йу-у-у! хьажа еза со, цу чохь цхьа a Iaш ву-вац! – аьлла, кхос-кхоссалуш, кIудал-бIов йолчу дIакхечи пхьид. 

– ХIей, цхьа а вуй кIудал-бIов чохь вехаш-Iaш?! – мохь тоьхна пхьидо. Сихха араикхкхира зингат. Цунна тIаьхьхье гучубелира моьлкъа. 

– Мохь стенна хьоькху ахьа! Со, зингат, ду-кх кху чохь Iаш, – элира зингато. 

– Со, моьлкъа а бу-кх кху чохь Iaш, – элира моьлкъано. – Схьа чуйола, цхьаьна Iийр ду вай! 

Кхос-кхоссалуш чуелира пхьид. XIapa кхоъ шитта бертахь дехаш-Iаш, дукха йа кIезиг хан зама йаьлла. 

Цхьана дийнахь шен гIуллакхе едда-йоьдучу зуна, шена кхузахь цкъа а ца гина, кIудал бIов ги. 

– Ia-ле-лай! XIapa ма йокхкха кIудал-бIов йу-у-у! Хьажа еза со, цу чохь цхьа a Iaш ву-вац! – аьлла, кIудал-бIов йолчу едда йахана зу. 

– ХIей, цхьа а вуй кIудал-бIов чохь вехаш-Iaш! – мохь тоьхна зуьно. Сихха араикхкхира зингат. Цунна тIаьхьхье гучубелира моьлкъа, тIакхкха кхоссаелла араелира пхьид. 

– Мохь стенна хьоькху ахьа! Со ду-кх, зингат, кху чохь laш, – элира зингато. 

– Со бу-кх, моьлкъа, кху чохь Iaш, – элира моьлкъано. 

– Вакъ-вакъ, вакъакъи! Со ю-кх, пхьид, кху чохь Iaш, чуйола, цхьаьна Iийр ду вай! – элира пхьидо. 

Шен кIохцалш тIехь боллу Iаж охьа а буьллуш, зу чусара. Пхьидой, лаьхьаной, зингатой, карчийна, Iаж кIудал-бIов чу бихьира. XIapa диъ иштта бертахь дехаш-Iaш, дукха я кIезиг хан-зама йаьлла. 

Цхьана дийнахь дитта тIера бIараш дохуш йоллучу тарсална, чухьаьжча, шена кхузахь цкъа а ца гина, кIудал-бIов ги. 

– Ой! – цецйаьлла тарсал. – XIapa ма тамашийна хIума ду-у-у! И кIудал-бIов мичара йаьлла кхузахь? Хьажа еза со, цу чохь Iаш мила ву! – аьлла, сихха едда дитта тIера охьайоьссина тарсал. 

– ХIей, цхьа а вуй кIудал-бIов чохь вехаш-Iаш! – мохь тоьхна тарсало. Сихха араикхкхира зингат. Цунна тIаьхьхье гучубелира моьлкъа, тIакхкха кхоссаела араелира пхьид. Меллаша, д1аса а хьоьжуш, ларлуш, араелира зу. 

– Мохь стенна хьоькху ахьа! Со ду-кх, зингат, кху чохь Iаш, – элира зингато. 

– Со бу-кх, моьлкъа, кху чохь Iaш, – элира моьлкъано. 

– Вакъ-вакъ-вакъакъи! Со ю-кх, пхьид, кху чохь Iaш, – элира пхьидо. 

– Со ю-кх, зу, кху чохь Iaш, – элира зуьно. – Хьуна Iен а меттиг ю-кх кху чохь, чуйола, цхьаьна Iийр ду вай! 

Шен карахь долу бIараш охьа а дехкина, тарсал чуикхкхира. Зуьной, пхьидой, моьлкъаной, зингатой бIараш дадийна чудихьира. 

Бертахь бехаш-Iaш бара уьш. Зу кIудал-бIов ларъеш, ха деш йара. Моьлкъа, чу нуй хьоькхуш, цIаналла деш бара. Пхьид йаъхIума кечъеш йара. Зингаттий, тарсаллий, арадолий, сарралц чуйан хIума лоьхуш лелара. Сарахь массо а гуллой, цхьаьна хIума а йуъш, эшарш а лоькхуш, садоIуш Iapa. 

Хьуьнахахь сиха даьржа хIума. Цхьогална а хиъна, кIудал-бIов чохь Iаш зингаттий, моьлкъий, пхьиддий, зуй, тарсаллий уй. 

– Аттаниг атта дара-кх! Церан чоме хьажа еза со, – аьлла, кIудал-бIов йолчу, тебаш, тIедахана цхьогал. 

КIудал-бIов ларъеш, гонах лелаш, лерина дIасахьоьжуш, зу хилла. КIудал-бIов чуьра пхьидо дечу чIепалгийн хаза мерза хьожа йогIуш хилла. Кхин тоха са а ца хилла, кIудал-бIаьвна улло дахана цхьогал. И гучудоллушехь, шен массо а кIохцал дуьйсина, хьоьвззина горгаелла, цхьогална дуьхьал керчина зу. 

– Хьох-м дера ца кхоьрура со, дIайала суна новкъара, – аьлла, чудаха доьллера цхьогал. ДIасакерчаш и чу ца дохуьйтуш хилла зуьно. Йаьлла гIовгIа хезна, араикхкхира моьлкъа. Шена цхьогал гича, дедда цуьнан когех хьерчаш, новкъарло йира цо цхьогална. Цхьогал, ког хьала а айина, моьлкъа охьакхосса гIертара, амма моьлкъа чIогIа тасабеллера. Зуй, моьлкъий цхьогална дуьхьало еш бохкуш, дитта тIехь бIараш гулдеш йоллучу тарсална уьш гина. Дитта тIоьхула лахха охьа а еъна, шен ницIкъ ма ббу, хьажош, цхьацца тухуш, бIараш детта йолаелла тарсал цхьогална. Эццахь зингат а хилла цIа догIуш. Цхьогалх тасабелла бохкуш шен доттагIий гича, зингат сихха дахана цхьогалан цIоганах таса а делла, дедда-дедда цуьнан муцIар тIе а даьлла, мерах цергаш йоьхкина. Мохь-цIогIа даьлла цхьогалера. 

Гаттоне хьовзийна цхьогал доттагIаша. Кхин дан хIума а ца хилла, дол-долуш, гена а даьлла, дедда дIадахана цхьогал. Шайна юкъахь барт хилла дела, тоьлла уьш цхьогалал. 

Оцу хенахь пхьид арайаьлла: 

– Шу ма хьеделла. ЧIепалгаш кийча ду, чудуьйла, хIума йаа вай, – аьлла, массо а чукхайкхина цо. 

Йуьхь-куьг а дилина, чIепалгаш даа, чай мала охьахоьвшина уьш. Цара соьга а кхайкхира, аса цаьрца чIепалгаш а диира, чай а мелира. ХIинца а хаза бертахь шайн кIудал-бIов чохь дехаш-Iaш ду зингаттий, моьлкъий, пхьиддий, зуй, тарсаллий. 

Цу тIехь сан туьйра чекхдолу, гIалдий-булдий царна, кIайн бож вайна. 

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz