Нохчийн мухIажаро шен гергарнаш лечкъийча елла интервью
«ХIинца урс доцуш наб ца йо ас»
Финляндехь вехачу 31 шо долчу Нохчийчуьрчу Абубакаров Джабраилан Соьлжа-ГIаларчу гергарчаьрца зIе хаьдда гIадужу-бутт болалуш. Шен 71 шо долу да, 66 шо долу нана, йиша, ваша кадыровхоша лечкъийна, оппозицин 1АDAT телеграм-каналаца шен уьйра хиларна, аьлла дIахьедина цо.
Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Абубакаров Джабраила дийцина, билггал стенца бахийтина цо нохчийн ницкъахойн тидам шена тIе, доьзало шена гечдийр хиларх хIунда ца теша иза.
– Хьайн гергарчаьрца зIене вала аьтто хиллий хьан?
– Уьш лечкъийначул тIаьхьа кIирнахь сов гергарчех лаьцна цхьа а хаамаш бацара соьгахь. ДIа а лаьцна, оцу дийнахь дIахецна болу нана, да, йиша а соьца зIене ца бовлалора, хIунда аьлча, царна кхерамаш туьйсура. Аса орца дехна болчу «Iазапашна дуьхьало латторан тобанан» бакъоларъярхошца къамелдан а ца хIуттура нана – ша кхерарна. Цуьнан аз тIаьххьара гIадужу-беттан 8-хь хезнера суна, нохчийн оппозицин 1АDAT телегам-каналан чате цо дIаязйина аудио чукхоьссича – суна неIалташ олура цо цу тIехь, администраторш элдит даржорна бехкебора. Iаткъамца цуьнга и дIаязйина хиларх тешна ву со.
Гергарнаш хIинца Оьрсийчуьра дIабахна, тхан зIе меттахIоьттина. И соьца баккъала а хуьлуш ду аьлла тешаш вац со хIинца а.
– Доьзал лачкъорах лаьцна муха хиира хьуна?
– Ас критикан дIахьедарш дарна гIадужу-беттан 6-чу сарахь тхан цIа кадыровхой баьхкина элира соьга нанас телефонехула. Цо бахарехь, ФСБ-ра наха сан доьзале хеттарш дора, сан ваша ИбрахIим лаьцна латтош ву Курчлойн РОВД-хь.
Со гучувер ву ца моьттура суна. Со масехазза Нохчийчу веанера аьлла ницкъахоша сан доьзале. И бакъ дац дера – кехаташ доцуш цIаверза йиш яц сан, Европехь мухIажаран статус ю сан. Со цига кхаьчна хиллехьара, камершкара видеош хир яра церан, ас доза хадош гур дара тIаккха. Схьагайта тIаккха видео цара.
– Ницкъахой хьоьца зIенехь барий?
– ХIаъ, буьйсанна Курчлойн РОВД-н бекхзуламан лехамийн куьйгалхо Акаев Ислам зIене велира сан вешин телефон тIера, хаьттира, ша дагавогIий суна. Ас и къамел дIаяздеш дара, цундела сайна ца вевза элира ас, шен цIе цуьнга яккхийта гIертара со. Цо ша мила ву элира, ультиматум хIоттийра: со Нохчийчу ца вагIахь, сан ваша закъалтехь латтор ву бохура.
Цул тIаьхьа сан вашас дехар дира соьга, цIавола аьлла. Со реза хилира, амма доза хадо оьшуш долу кехаташ кечдеш ву со элира. Акаевс тIаккха жоп делира: «Хьуна хIумма ца оьшу, дозане дIагIо, тхан лерринчу сервисийн белхахочо хьо схьавалор ву». Оьрсаша финхойн дозанехь эцна стаг хир ву-кх тIаккха, аьлла ойла йира ас. Финхойн кхерамазаллин сервисе велира со, Акаевца дIадаздина къамел цаьрга дIа а кховдош, цаьрга и гIуллакх таллийта.
Хьалхара къамел хилча соьца юха а нохчийн ницкъахой зIене бевлира, Адам цIе йолу сан хьалхлера доттагI лачкъийна аьлла хаамбира. Цуьнан фамили суна ца хаьа. Сан вешин телефонехь яра цуьнан номер. Керла кехерамаш туьйсура: со Нохчийчу ца вагIахь, соьца уьйр мел ерг кадыровхоша лечкъа а беш, закъалтехь латтор бу бохура. Кхузара аравала кехаташ кечдеш ву со, элира ас, сайн ваша дIахецар дийхира, сан да заьIапхо ву элира.
– Ишттачу хьолехь наха хилларг хьулдо, кадыровхошкара бекхам хиларна коьруш. Гуш-хезаш уьш лечкъорах лаьцна дIахьедан хIунда хIоьттира хьо?
– Со хьалха а вара Янгулбаев ИбрахIимца зIенехь (1АDAT болам кхоьллинарг, цуьнан цхьаволу куьйгалхо а. – Ред. билг.). Ас цуьнга язйира, эфир йан план хIоттийра оха, тIаккха гIадужу-беттан 7-хь уьш лечкъийнарш гучубехира. Соьца хиллачу къамелехь ницкъахой сан ваша лачкъорна къера хилира, низамехь доцург лелорна а. РОВД-хь хьийзийнера иза, сийсаза къамелаш деш, етташ. Бахархой ларбан безарш мелла а уьш лечкъош бу.
….
– Хьайга телефон тоьхначу Акаевн аз хьайна девза элира ахь. Мичара вевза хьуна иза?
– Акаев Исламна тIехь ас къиза забарш йина. Нохчийн ницкъахой «Iехо» дагатессинера цкъа мацах суна а, Янгулбаев ИбрехIимна а – 15-16 тIемло волу меттиг евза тхуна аьлла, уьш мичахь лечкъина бу хаьа аьлла тешийнера ас уьш. Дерриг къамелаш дIа а яздеш, кадыровхошна компромат кечйора ас. Бен доцуш нах байъа, набахте хьежо, муьлхха нах кIелкхийса а шаьш кийча хилар гойтура цара оцу къамелашкахь. Сан туьйранах теша а тешна, хаамашна дуьхьал муьлхха а ахча дала кийча бу шаьш элира цара. Банкан чоьтан реквизиташ елира ас царна – цара ахча деллехьара, ас и 1ADAT-н чоьте дIахьажор дара.
Амма ахча дала дагахь бацара уьш, АллахIаца дуйнаш дуура, ахча кара дIалур ду бохуш. Куршлойн РОВД-н куьйгалхочуьнца Агуев Рустамца зIене ваьккхира со Акаевс – Даудов Мохьмадан (нохчийн парламентан спикер. – Ред. билг.) юххера доттагI а, цхьана классехь дешна а ву бохуш чIагIдора, тIаккха цо и тIемалой дIалацаран план къобалйина бахара. Ахча дуьххьара схьало аьллера ас, амма уьш реза ца хилира. КIира даьлча Агуевс шен батальон кхоьллира, туьйранан тIемалой схьалацаран Iалашонца – ас уьш ерриг Шелан кIоштехула идийра, тайп-тайпана адресаш лора ас царна: БелгIтой, Дубин-эвла, Шела, Шуьйта. Иштта ерриг республикехула лелара уьш.
….
– ХIун Iалашо яра хьан?
– Со царах воьлуш вара, наханна тIехь Iазапеш латторна меттана, цара шайн хан уьдуш йойъу бохуш Iара со. Цара ницкъбеш болчу нехан садаIа йиш яра. Лачкъийначех лаьцна хаамаш цаьргара даха гIертара со, тIаккха компромат кхолла а. Диверси кхочушхилла ала мегар ду. Амма цхьабакъду, цхьаъ нис ца делира – ахча ца делира цара. Цара иза деллехьара ас царна дуьхьал хьажор дара и ахча.
Шина-кхаа кIинахь Iехош лелийра ас уьш. Со гучу а ваьлла, сан ваша цара лачкъийначул тIаьхьа, тIаккха а тIемалойх лаьцна хаамаш боьхура цара. Информаци яц, хилла а яц ас аьлча, царна иза ца дийзира, террорхой хIаллак а бина, Кадыровн хьалха шаьш гайта гIерташ ма бара уьш. Агуевс элира Лорде (спикерах Даудов Мохьмадах олург ду и. – Ред. билг.), тIемалой эшош леррина операци дIаяхьа гIерташ ву ша, тIаккха телефон тоьхна латкъамаш дора: «Ахь воккха балабол вина соьх! Ас массо куьйгалхошна дош деллера леррина операци дIаяхьа, амма хIумма ца дина ас».
Кадыровхоша ФСБ-н белхахой кхайкхина хиллера. Цара цхьана агIор со билгалваьккхина, суна хаац церан и муха нисделла. Телефон схьатохар дихкина дара сан телеграмехь, номер лачкъийна яра. Цхьа муьлхха а электронан адресца кхоьллина яра инстаграмера агIо а. Кхеташ вац со, царна гучу муха ваьлла.
– Нохчийчуьрчу кхечу гергарчаьрца зIе юй хьан хIинца?
– Цхьанца зIеневала кхоьру со – кадыровхоша сан массо а гергарчу нехан контакташ дIаязйина, уьш цаьрга ладоьгIуш Iаш хила мега. Ницкъахой – Iовдлаш, уьш соьх тешна, амма соьца къамел ца дичахьана бовлура уьш.
Дас, нанас, вашас, йишас суна цкъа а гечдийр дац. Хетарехь, цхьана агIор со а бехке ву сайн гергарчана хиллачунна. Со уьш Iехо ца гIоьртинехьара и хир дацара. Амма нах лечкъор, Iазап латтор хIора денна ду, хьайн ницкъ кхочург дан хьожу хьо. Кадыровхошна кхин а чIогIа зен дан аьтто хилча ас и дийр дара.
….
Кадыровхойн системера ах сов белхахошна Iедал бIаьргдан ца деза, аьлла тешна ву со. Уьш цигахь сийсазбо, кхерамаш тийсарца декхаре бо. Царна бехкаш дахка йиш яц сан, цхьана агIор шайн доьзал кхаба беза церан а. Со диссидент ву. Путинан а, Кадыровн а Iедалехь тхо цкъа а ца дезна, тIехьбевлла лелла, лелар а бу.
Шуьра интервью диша: https://www.radiomarsho.com/a/hiintsa-urs-dotsush-nab-tsa-yo-as-nohchiyn-muhiazharo-shen-gergarnash-lechkiycha-ella-intervjyu/32105579.html