Нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо вийна хила мега къобалйанзачу Ичкерин урхаллин куьйгалхочо Закаев Ахьмада, аьлла дІахьедира ЧГТРК “Грозный” телехьожийлан директоро Ахмадов Чингиза.
Закаевс куьйгалла деш йолу ЧРИ-н урхалла низамехь йац бохуш Абдурахмановс дина хиллачу дІахьедаршца доьзна цо и, амма цхьа а тоьшаллаш ца далийна. Делахь а, Абдурахманов дукха шерашкахь дуьйна Кадыров Рамзанан критик ву, республикан парламентан спикеро Даудов Мохьмада чІир кхайкхийнера цунна, республикан куьйгалхочун дех лаьцна дешнаш аларна.
Лахьан-баттахь Абдурахмановс “Нохчийчоьнан Аз” политикан парти кхолларца доьзна хила мега и вийна боху хаамаш, аьлла хета Ахмадовна.
“И хиллачул тІаьхьа кхо кІира даьлча Закаевс шен агІончийн гулам цхьанатуьйхира, цигахь Закаевн берриг критикаш низамехь боцуш лерира”, – дІахьедира нохчийн пачхьалкхан телеканалан куьйгалхочо, иштта билгалдаьккхира, Закаевс кІирнахь реакци ца йора Абдурахманов вийна бохучу хаамашна.
ЧРИ-н урхаллин арахьарчу премьеро Ахмадовн дешнашна комментари ца йина. ГІуран-беттан 6-хь “Киев” телеканалана интервью йелира цо, цигахь элира, Абдурахмановн лелар вуно лазаме ду Кадыровна а, цуьнан гонна а, шайн аьтто хилча, кадыровхошка и “дІаваккхалур вара” аьлла цо. Закаевс дагадаийтира, Абдурахманов Оьрсийчуьра дІавахара, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарчу стагаца дов даьллачул тІаьхьа.
Швецихь Абдурахманов Тумсо вийна аьлла тІечІагІбаза хаам гучубелира къобалйазчу Ичкерин цхьахйолчу телеграм-каналан агІонехь гІуран-беттан 1-чохь. Цул тІаьхьа, гІуран-беттан 5-хь Кадыровн критик верах лаьцна дуьйцура 1ADAT телеграм-канало а, иштта и хаам арахийцира нохчийн диаспоран хьалханчех цхьаъ волчу Масхадов Анзора. Кавказ.Реаллино дахьийтинчу кехатна деллачу официалерчу жоьпехь Швецин полицино тІе ца чІагІбира, йа харц ца бира Абдурахманов верах лаьцна хаамаш. (radІomarsho)