Дукха белхамаш бан хууш доцу къам

23 февралехь, 1944 шарахь цIера баьхна нохчий Киргизехь а, Казахстанехь нисбелира. Цигахь дийнахь-бусахь къахьоьгуш мацалло, шилоно ечу халонах, Iожаллах кIелхьара бовла гIерташ вуно хала Iийра уьш.

Эххара, цигарчу бахархойха дIатарбелла, нахал а тоьлла хьинца цигахь бехаш- Iаш бу уьш. Дуьххьара, чогIа мацалла къелбисначу хеношкахь, нохчий тобанан юкъера цхьаъ- шиъ ара а волий хьайбанах йолу хIума лачIо воьдура. ТIаккха гучаваьлча Iэдало и лоций чу вуллура. Амма массарна а хаара цо и хIунда динера. Наггахь иштта набахте чу воьллинарг кхин юха цIа ца вогIуш тIепаза вайна хан а хуьлура.

Иштта, ехьанца заманаш хала текхийра нохчаша, цул тIахьа жим-жима кога хIотта буьйлабелира нохчий. Дукха цIийза, белхамаш бан хууш дацара нохчийн къам. Ма хуьлу вовшанна юх-юхе Iан- баха лууш хуьлура. Амма цхьана юртара  кхечу юрта вахар магош дацара Iэдало. Иштта, вахна гучаваьллачунна 25 шо хан тухура набахтехь даккха. Цхьацца йолучу меттагашкахь шайн-шайн тобанашна хьалха бовла баккхий нах хоржара нохчаша. МаслаIаташ дан а, шайна юкъехь кхэл хIотто а. Ма хуьлу Советан Iэдална гена латта гIерта ховсура. Совет Iэдалан школашка бер дахийта лууш ца хуьлура, цигахь бераш нохчаллехь, динаха бохур бу, бохуш.  Тобанна хьалха бовлачара шайн къоманна юкъерачарца бен захалонаш ца дан бина сацамаш бара. Къам дебийта, иза дIа ца далийтар-хьама.  IЭдало колхозехь болх бан бакъо йелча- колхозехь болха бора нохчаша.  Шайна ханалла бехаш хуьлура: латтатIехь, даьхнашца, гIишлош ярца, техникаца боьзна болх а бора.  Деш долу цIенош а «вайн Кавказера санна» дан лууш хуьлура. ЦIина хьалха- керт рагIо долуш, тIехьа- керт: беш, божалий, бун йолуш. Царна тIехь кIир тухуш а, басар хьокхуш. Казахстанера уггаре а хаза ков-керташ вайнехан хуьлура. Кхечу къоманна наха уьш гича олура: «ХIовсийша! Оцулла шайна бохам, таIзар гиннишехь, бехар болуш хилла хорша-м!».

Дин лело мегаш дацара амма диканехь-вонехь нохчаша, къайлахьа – къулахьа, дин леладора, назманаш олура.

Нохчашна дийцина долу: акха къам ду, кхераме нах, адмаш дуу нах, къиза, тешам боцу нах, къола деш, деша ца лууш, болх бан ца лууш нах бу баьхнаг, бакъ доцийла хиира кхечу къамнашна а, Дуьненна а.

ХIетахь, цхьанхьа дуьхь-дуьхьала кхетча, пхьоьханахь гулделча, уггаре а хьалхара къамаьл: «Вай цIа дохуьйта ца боху те?!», аьлла даладора нохчаша. Вовшашка хIошалгIа оьхура хIетахь нохчий. Шайна юкъера гергалонаш, доттагIалла, Iуьра-марзо чагIъеш. Шайн ериг яа-мала халха юьллура хьешашна. Самукъне доккхуш дериг дуьйцура, забарш йора, бегаш бора. Хьеший баьхкина олий- синкъерамаш хотта бора.

Цигахь иштта, I3 шо даьккхийча Даймахке юха дерза доладелира нохчийн къам. Цу деношца лаьцна йолу забарш йало лаьара суна кхузахь:

МаIаш

Вайн дай Сибреха бигначу хенахь хилла хар. Нохчийн цхьа доьзал хилла мацалла кIелбисна. Генахь воцуш Iаш болчу лулахойн- казахин бежнаш хилла. Мацалла шен доьзал ца балийта цу доьзалан дас, оцу казахин, узуш болу цхьа етт лачIкъа бина. Цу Iатто лучу шуьраца шен доьзал мацалла цаболуьйтуш, кIелхьара баьхна.

Дуккха а хан йаьлла цул тIаьхьа. ТIаккха, цхьана дийнахь цIа даха бакъо йаьлча и казах шена къинтIера ваккха вахана и нохчо.

– «Иштта а, иштта а, ша хьан етт бигнера сайн доьзал мацалла ца балийта, ткъа хIинца тхо цIа даха дохку, къинтIера валахьара хьо суна»,- аьлла, цо казахе.

– «Дика ду»,- бахар боху казахо. –«Со-м и етт сайчуха чIогIа тера хеташ, кест-кеста цуьнга хьоьжуш хуьлура. Соьгахь болуш цуьнан маIаш хьала йахна йара, хьоьга дIакхаьчча уьш охьа йахна йара. Цуьнан маIашна ахь хIун дийнера дийцахь, со къинтIера вер ву хьуна..», жоьпан аьлла казахас.

ТIаккха, нохчочу казахе аьлла:

-«Айса и хьан етт лачIа бина дIабигча, цуьнан маIаш цIараца йох а еш, охьа йерзайира ас, цундела дара хьа и етт гича олуш дериг- «корова моя, рога не моя» …

И шена дIадийцича, казах вела а велла, нохчочуьнна къинтIера ваьлла.

Хьоллама къамел

ДIадохьиначура Казахстанера цхьа чIебарло хилла цIа вогIуш. Шен кела машен езачу ресторане уьллехь саца а йина, дика яа хIума а йиъна, машен чу хууш, гена йоцуш лаьтташ Сталинийн хIоллам гина. Цул тIехьа цуьнга хьажа а хьажна цо аьлла:

-Дела дуьхьа, Сталин, ма хьуна моьттучу агIора дIа ца дирзи хара!

Хайра долш болу етт

Тхан лулахь цхьа воккха стаг Iаш вара. Лулахь цунах Дага олура, цIе ца йоккхуш.

Цхьана кIиран дийнахь, Шела етт бохка вахнера хIара, хIусамнана къар а ца елла. Вон амал йолуш бара и етт. Шела кхаччалц хала сецош дIабигира Дагас и. Етт ийзош базара юкъа воьдуш кхуьнан цIаьххьана цхьана йоккхачу стагах бIаьрг кхета Даги. Цхьа ша тайпа хаза тIе дуьйхина барзакъ долуш, кIайн корталий тIам тIехьа тесна, чIогIа товш хилла и зуда.

«Ой, хьара мила яра-а, суна цхьанхьа гам-гина хIара», – ойла хьаьвза Дагин коьрте.

Эцца кхунна дага еара ХIийжан: кхуьнан дуьхьарлера безам. Дагина ХIийжанас йиллина хан а йолуш, вай цIера а даьхна диснера и захало. Цул тIаьхьа мел лехарх Дагина ХIийжан ца карийнера. ХIинца 2010-гIа шо дара. Етт бицбеллера Дагина.

Иза-м кхуьна карара а баьлла, Сиржа-Эвла цIа баханера. ЦIа кхаьчна етт гича хIусамнанна моттаделла Дагига саца а ца белла юха беъна иза. Дагина маIа Iоьттина хила тарлуш а дара, аьлла ойла йина зудчо. Ткъа Дагина-м, ХIийжан гинчул тIаьхьа, етт хьовх, дуьне а дицделла хилла.

Ша ца гойтуш, ХIийжан яьл-яьллачу волуш лийлира Дага. Ведана йоьдучу автобус тIе а хиъна и дIаяххалц хьоьжуш лаьттара. Коьртехь ойланаш сов евлла, къона хан дагаеъна, муха кхочу ца хууш гIаш Шелара Сиржа-Эвла кхечира Дага. ХIусамнана кхуьнга етт хьахо ца хIоьттира.

Суьйрана, маьркIажа ламаз эца ара ваьллачу Дагина доьхна, кертахь тесна лаьтташ шайн етт ги. Дагий, еттий цецдаьлла вовше хьаьжира.

– «Вай! Дела де хьох Дала хайра», – аьлла вела велар Дага.

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz