БIаьсте тIе йеача Iалам а даьнло. Iаьн тийналла бIаьстена тейп-тейпана гIовгIанца хийцало. Дитташийн тIе гIаш довларца, бай тIехь заза хецарца Iаламехь бес-бесар хийцамаш бо.
Хьалха хилла замнахь, Нохчийчоьха бIаьстенца деза денош дIа дуьйлуш хилла. Цу деношкахь «Мехк-Нана» («Меркан-Нана») бохуш долу Iадат даздеш хилла.1
Биэкарг и тушоли и бетташкахь латта ахаз долуш хенахь хуьлура иза. «Нана» бохург-зуда-паччахь, зуда-цIу, маьIана дохуш дара цу хенахь.
Уггаре хаза а, жима а йоIстаг2 Мехка-Нана хоржура. Цуьнан коьрте «зезагийн кочур» туьллура. И « зезагийн кочур» зуда-бераша буьса беттан сирлонца йаьш хилла. Кхи а, цIе бос болу шинара йетт кеч бора. Цу шинарийна коча зIе тосара, маIаш тIе бес-бесара асаш доьхкара. И етт дIа болабелча, зIено лаьтахула тIекхаш- гIовгIа йора. «Мехк-Нанас» муш тIера лоци и йетт ара боккхура. Царна тIаьха хуьттий богIуш хуьлура цу юртара нах: жима а воккха а. Ишта, юртан го боккхара цара цхьани. Могуш воцург дин тIе хьала воккхи цара дIа вуьгура шайца. ТIаьхьа хиттанчара карахь- марахь чагIар, наьхчаъ, кхалларш а дахьаш, эшарш лоькхуш Iадат хилла.
Ардан тIе бохура уьш цхьани. Юртан мозгIаро, кхуза оцу ардан гондахь и шинара доладолийти, шейн цIунашна доьхьа цIи сагI доккхара цунах. Оцу шинарийн цIи хорана, рогI-рогIан, пIаьлгаца хьаж тIе хьокхура «ЦIенчу цIийн тIадам» оли. Массо а цIанвелла лорара ишта. И Iадаташ Нохчийчоьн: ЧIанта, Майста, Хилдехьа, Маьлхиста, ТIерла бохуш меттигашкахь даьржана дара.
Ишта, нохчийн халкъан зударшна даима хам, пусур, дозал дора. БIешаршкахь зудчунна коьрта-мукъалла лора, йистхила, дош ала а паргIат яра нахан юккхехь. ЦIунашша (Селас, Сусан-делас) а лара беш бу зудри, аьлла хетара, цу хенашкахь хилла долу дине хьажна.
Кавказ латтанаш тIехь даима тIом хилла. Цхьа тIом кхечунца хийцалуш. Нохчаша шей къам, шей Iадаташ дийна дисийта, даима шаш лардан декхар дара. КIанта а, йоIа а тIом бан, лата а Iамош хилла цара.
Ишта, дукххьолехь доьххьара йина йолу йоIа, де-ненан пурбанца, юртан мозгIар-лоьро берийн могшалига хьожи, цу йоIахь тIемло хир ю я яц, аьлла сацам бора. Могуш елахь, да-нана реза делахь, лата Iамош болу меттиге дIалора. Ишта, йоI жима йолушехь «Мехкари»3 бохуш йолу Даймехкан сийлахь, мохк ларбан тобанах дIа тухура. Цу йоIахь дика хууш йолу динбере а, пхой а хила езара. Iамош шиъа-кхоъа кIира даьлча, мозгIар-лоьро, аьтто агIон болу накха багабора тIе йовха цIестах, дешех я детах йина йолу цхьа кийса тIе Iутти. Цул тIаьхьа, цхьа агIо жима буьсара цунан, важа агIо дийна буьсара, (нана хилча, ше берана пайден хилийта). Накхан аьтто агIо жима йисча, тIом тIехь шаьлта, цамза, говран дуьрст леладан, пха кхосса а атта хуьлура.
ТIаьхьа, борза (варкъа), эчига, алсам йаьлча-царехь жима некхана тIе хоттуша йолу зарганаш ян дуьйла делира нохчийн махках.
Ишта, тIеман говзалла йовзанчул тIехь, цу йоIана цIе туьллуш хилла- сийлахь эскархойн «Зарговза».4
Зарговза цIе луш хенахь, массо нохчий тейпанашна а, халкъан а цIерца луш хилла, кхи делахь а -дешехь йина йолу зарга луш а хилла, совгIатна.
Ишта, Зарговзанашна тIаьххьари «Мехкари» («Мехк-мохк, «Ари», «Аре»-Арес-нохчийн,скифшер, аланшер, сарматшер тIеман цIунан цIе) сийлахь цIе туьллуш хилла. «Мехкари» цIе аьцна болу мехкари, тIом тIехь доьналла, говзалла гайтан чарехь хоттуш хилла.
ТIеме боьлхуш хенахь мехкари, божарий турпалхойн санна, духар хуьлуьш хилла. Заманца тIемаш лахабелча, дин а хийца делча, жимма церан лелара а, духар а, хийца делира. Амма нохчийн духарш даима оьзда, къоман ламасташца догIуш хилла: коч, мача, чоа, верта, гIабали, коьрта туьллу хIума.
«ГIабали»- мехкарийн ловзарга охьаховшуш а, маре йоьдуш а (нускалийн) коч хилла. Нускалахь йаьлча, несо маьрйишина дIалуш хилла гIабали. ШозлагIа маре йоьдуш, «тоьлла коч» йуьхуш хилла. Марехь йолчо а, жерочо а йухуш ца хилла гIабали. Чечакх йолу корталеш баккхий зударша, мехкарша- кIайн йа Iаржан шифонаш тохкара, царна чекх шей кIажарш- чIабанаш гойтуш хилла.
Бехачера дешийн, детийн лергехь а, коча а оьхкина хIумнаш, юкъахь дихкина дешин йа детин доьхка а, иштта, гIортан тIера доьхке кхаччалца детехь йа дешехь дина долу туьдаргаш а хилла. Амма кIезиг нахана хаа и туьдаргаш хIунда ду. Хил йолу заманашкахь тIемлой «Мехкари» кучан техь оцу туьдаргашна тIе тосуш хилла тIарч. ТIарчано зарговзан накха ларабора шаьлтанах кхи долу герзехь а. Хьинца, цунан хьашт доцун дери и туьдаргаш кегий дой, хазалийна лела до.
Декъаза нохчий зудари шейн дай, вежари, кIенти, цIин дай а тIаме дIа хьажочох ца бовлара хьинца а. Нохчий зуда шейн хIусамна а, доьзална а дола дан дезаш, йисна. Доьзал кхаба, уьш кхиа бан а ша цхьаъ йисин иза хьийла а. Амма ца йухуш, йаьх дIа ца луш, болх-некъ лелош, дешарца-кхиамашца, сов къа хоьгаш йу.
Ше берашна да а, нана а ю иза, ше латтана мехк-нана ю иза. И мохь текха бан хьекъал а, хуьнар а, ницкъа а, майралла а, къинхетамалла а, собара а деза зудчунна.
Ишта, хьалхалера замнахь хилла долу сийлахь «Мехк-Нанойн»- «Мехкарийн» хуьнар ду хьинца а вай зударша дIакхоьхуш дериг. Цкъаа эша ма дойла цера иза!
Литературан хьоста:
1-3-4 А.Сулейманов. Топономия Чечни. Нальчик. 1997.С.506.
2 Марехь хилаза йоI.