Нохчийн мировоззренехь /синхьежамехь
«Са» и «ЦІи» и дешнашийн кхетамехь лаьцна
Нохчийн мифологехь дуьне долалуш хьалха аьрзу даьлла дуьненчу, такха чІара, вамполши, нарташ и, таьхьаррен сага ваьлла дуьненчу дуьйцу. Латтан тІехула стигал кхоьллийна, таьххьари садолу хІуманаш и нах и бина Далло, ола. Стигларца, лакхарца доьзна долу цІунаш боьрша символца лоруш дара, латтаца, лахьенца долу цІунаршийн зударий символ дара.
Боьрша саг-малхан синнат долуш малхбалех вина лорара. Зуда-латта синнат долуш малхабузехь йина лорара.1
Саг/стаг/таг, бацби диалектехь-стак, хуррити маттахь-тaghe-боьрша, ингалсан-secg –боьрша, адам/ stag-боьрша сай дийнат, кІантстаг- маьІан а ду.2
«Саг» дешан орам- «са» ду, дисан «г» -го бу. Таккха «Саг» бохург- цхьа «сийнан го» ала мегар ду.
Цхьа хІума ше хиларна а –«са ду» (масала: таьптар са ду), ола.
Уоллис Баджо яздина: «Мисархош хора цІунан цхьа ницкъа хиларна тешара и ницкъаша а «Дахаран Са» и «ЦІунан Са» и хетара.3
Мисархошан «Shai» цІе йолу цІу хилла. Иза, адамийн верас волуш кхел луш вериг хилла. Грекашийн цу цІунан цІе «Psais», Латинан меттахь Schai/Shai хилла.4
Адамийн синнат шалхе долуш ду. Цхьан агІо- кирахь долу сийлахь са ду. ШолгІаниг –дегІца долу цІий ду. Дуьненан са, малхан са и сеган кираран са и цхьан хІуманехь схьадаьлла ду, лорара. ЦІий стеган физикийн дахаран кхетамца доьзна хуьлу. Ткха са бохург- дахаран билгало ю. «Са долу хІума», «са доцуш хІума», оли къастам бо Іаламчохь.
«Са» дешан орам Іаламехь лаьцна дуккху дешнашкахь лела до: сай (саг, sag- ингалсан) дийнат, са-латта, са-мохк, са-цхьан хІуман агІонан са, са кхаьтта, са тассар, са дайна, са довр, кхи дІа а..
Саган дегІанца доьзна дешнашкахь – са даьлла цунна, са гар, бІаьрса, дегса, лерса, мерса, чкъорса..
Саган леларца доьзна дешнашкахь-сидарна, сийлаьцна, сийлахь, къоман сий, сийдоца, садоьхкан, сидайан, садІахецар, са ца кхоош, сийсазван кхи дІа а..
Саган (стаган) сийца, психологийца доьзна долу цхьан хІуман хІоттам, хилам буьйцуш хенахь са/син дешхьалхе хІотта йо. Масала: синхадам, синхетам,синэкам, синбаам, сингаттам, синнат, сатийсар, синхьегам кхи дІа а..
Са адамийн дегІаца зІе йоцуш ша шейна долуш санна, цхьацца дешнашкахь лела до, масала: сакъеру, сагот ду, са хоьвзан ду, са паргІат даьлла, са гІаьттан ду, са мукъа даьлла, са даьккха…
ДегІе ца хьожуш са ша шейна хила мегаш ду амма и са а гуттарен паргІат дац, масала: -дІа дала, схьаэцан, готтадан, паргІат даккхан а мегаш ду иза.
Шира замнахь нохчий адамийн са- цІунас/Делас йелла хІума хиларна тешара. Сардам а буллара-«Са даккхийла (далан) хьа!», оли.
«Са арадаьлла лела а ло» аьлла тешамаш а бара нохчийн.
Гам-саг бохуш ю нохчийн мифологехь персонаж. Масала: цхьан гам-стаг вуьйцуш миф дийцар чохь, стаг вижан волуш хенахь цун са мозахь дирзан арахола лели, юьхьа дегІчу схьадогІа.5
Саг вижан волуш са ара даьлла цхьан аккхаройн кира дахана лела йиш хиларна, тешара. Дижан меттахь долу дегІ лаьтта охьакхоссахь, гам-саг ле, олара. Йа дера (вон) са дийнатан кира доли, нехан цІий молу, тешара. Царехь а убур (убар) олара.
ХІор цІан ше са ду, хІорани цІахь «цІа-дада» хиларна тешара.
Вижан волуш, йа леш хенахь са/сий багар схьадолу/дІадоьду хетар, са/сий чу далар, чу диллар хьаж тІера хуьлу.
ЦІунас саган са дала а схьаэца а йиш хиларца – стиглара седарчийн а саца/сийца уьйра хиларна мифашкахь билгалонаш ю. Масала: хІора седа цхьан санехь «хьарчан» бу. И царна юкъехь йолу зІе Села Сатас нисса йо. Адамийн дегІ тІехь цІонган меттиг- цу зІенан юьхь дІайоьхкуш меттиг хиларна, тешара.
Сата- Селан (цІер ни, стелахьаьштигани цІу) йоІа лорара мифашкахь. Цуьнан цІе а «са» дош чулацам болуш ю. Хора син рицкъан и дахаран йохаллийн и тайн эханг деш йериг йара иза. Хор саган йиллан йолу кхелла пханар тІехь язйина ю олар. Кхелла хийца мегаш яцар, иза ма ярра (Сато язйина агІор) тІелаца, дІатаккхо –адамашша майралла, доьналла лорара. Цундера шейн дахарехь «ма тов ваха» ца гІерташ «нийса вахар» ладаме дара.
Саг велчултІехь дегІ дийна ца хилча (бедарш шайериг шей меттахь ца хилча) са паргІат ца хиларна тешара нохчи. Нарт мифологехь Элдас (эхартан цІу) барт хаттаз, цо сацам бина бен, цхьа са паргІате ца долу, йола меже меттахь ца хилча са бода чохь латта до, лорара.
Цундера хІинца йолу замнахь а аутопсия йарна, дуккху хьолехь, ца могийта нохчаша шей велла волу стагана.
Са-н юххехь ше башхолла йолуш, физикехь ган йиш а йолуш- «цІий» ду.
«ЦІий» дош-доисторически меттан дош ду лора. Шумерийн «зи» дешахь тера дохуш долуш, чулацам а цхьатерра ду церан-кийран цІи.
«Ци/цІий» дош а торгомийн меттан дош хилла, иза эдал дІадаллаца цара леладина ду, цуьнан кхетам а цІий» ду». Кхи делахь а, и дош цІена кхетамца нохчийн маттахь бен ца дисна.6
Нохчийн дахарехь деза мьаІан долш дешнаш ду «цІи» орамца долуш: цІе-йогуш йолу цІе; цІетта-хІонс, мостагІчун дегІан меже (трофей); цІе-адамийн йоккхуш йолу цІе; цІий-бос, цІа-Іан меттиг; цІу- Іилманча; цІена саг-оьзда стаг; цІаста-металл кхи дІа а..
Магийн тар ламасташехь цІийца, хьацарца, туйца са хуьлу, йа уьшша са дехаш долу меттигаш хиларна, тешара.
«ЦІи» дешан дика агІо-сеган варидайшца цІийца зІе хиларна, вон агІо – сеган дийнати, экхари амалшца уьйра хиларна ду.
Иштта саг/стаг шин васте хІуманехь воьрзу: ца гон долу сийлахь «Са» (сий) боху хІуманца и материян чкъор долу- «цІи» боху хІуманца и. Сано и цІийно и цу сеган дерриге дийна лоцуш «син го» кеп ло -таккха цунахь саг/стаг ола йиш хуьлу. Юкъара цхьа цІий долуш, терра дохуш долу синошехь -къам хуьлу. Цу къоман са-мотт хуьлу. Мотт дийна мел бу деха халкъан эс, кхетам, амал, синмехаллаш. Шен мотт дІатесча, бицбича, доьза, лар йоцуш дов халкъ.
1.Далгат Б.К.Первобытная религия чеченцев и ингушей.С40.
2.Вагапов А. К происхождению названий некоторых животных в чеченском языке.Грозный.ЧГУ.2008.Chechen.org.
3.У.Бадж. Египетская книга мертвых.М.2003.С768.
4.Википеди
5.Далгат Б.К.Первобытная религия чеченцев и ингушей.С57-59.
6.Туманов К.Д. О доситорическом языке Закавказья. Из материалов по истории и языкознанию Кавказа. Грозный, 2011.С.45-46.