Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Нохчий аьчкан пхьераш

 Адамийн юкъараллин дахар кхиарца тайп-тайпанчу говзаллашкахь, техникехь хийцамашца меттан хьал а хийцало. И бахьанца меттан юккъера дІадовлу цхьадолу дешнаш, юкъадолу кхинаш. Дахарера дІадоьвла долу хІуманийн, цхьацца белхашийн цІершан дешнаш лела ца до, йа кІезиг леладан бахьанца дицлуш ду.

Ширделлачу дешнашкахь доккха маьІна ду, халкъан истори а, кхоллам а бу цаьрца.

Къоман литературехь го вайна дуккху холехь шира дешнаш.

Масала «Аьккхийн Жанхотан илли»1:

ГІалмакхойн пхьераша

Къуьйсуш дина герзаш

Бух шуьйра шен мажар

Пхьоьхана вахар тов, и Аьккхийн Жанхот

Сеттанчу поштана йора дой доьжна….

«Пхьераш» деше хьовсар ду вай. «Пхьа» боху шира дешан массийта маьІан ду: цІи лелаш долу пхьа, куьг, лаьмнашкахь йолу Іан меттиг (юрт, эвл). Пхьа (черказаш Тхьа олу цунах) цІе долуш цІу дара нохчийн тешаршкахь. И дош цІийца/цІерца доьзна дара; пхьа (дегІан са/ цІе/цІи лела меттигашца: масала цІийн пхьа), пхьалгІа (цІе лелош йолу меттиг), пхьатоьда (цІерца лалийна аьчках бина гІирс), пха (кхуссаш болу эчигех бина болу пха). Дуккху хьолехь цІерца, эчигца доьзна ду иза.

Шира Нохчий мифологехь а ду и дош: Селер (Села-цІеран, догІан, ткъесан цІу) цІе схьайаьккхан иза нахан йелларг нарт Пхьармат ву.

«Пхьар» а цхьан хІуман, цхьан белхан говзанчох олар: аьчкан пхьар, дечкан пхьар, дашо пхьар кхин дІа а..

«Мат» бохчучун а маьІан шира заманшка доьду. Нохчий лингвист К.Чокаевса цуьнан маьІна «меттиг» аьлла даладо амма хьалха йолу замнахь а малх цІе йеза лоруш, цунах доьзна долу цІунашех лаьцна а маьІан хиларна билгал до Чокаевса.2

Пхьармат» долу дешан этимологи- «ЦІу-говзанча» йа «Говзанча- цІу» лара мега таккха.3

Стиглара цІе йаьккхан адамашна цІе йелла «Говзанча-цІу» вара Пхьармат. Бацой нохчашша «мат» меттан «матх» дош лела до/дина.

«Пхьармат» дош таккха «Говзанча-Малх» а ала мега.3 Дуьненчур цІеран и стиглар цІеран и «говзанча Пхьармат». Нахана цІе йаларна баьхке вина Селас «шен тешаме лай, цхьа бІаьрг болу Іужа, вахийтира Селас Пхьарматана дуьхьал варкъан зІенаш а эцна. Башламанан коьрте дІавихкира Іужас Пхьармат оцу зІенашца».

«ЦІе», «цІу», «тІулг», «эчиг», «говзанча», йуха таккха а цхьан хуьлу кхузахь.

Нохчийн Пхьармат санна абхазашийн Аинар-жьи, гІебартойн Тлепш, хиришийн Курдалагон бу мифоложехь чогІа ницкъ болуш, цІуношца уьйра йолуш, цІеран, тІулган, аьчкан пхьераш лоруш берш.4

Аьчкан пхьерашийн хьалхьа тІулган пхьераш хилла. ТІулган тІехь тІулгацца цІе латош вериг- веза стаг лоруш хилла цу хенахь.

Царехь шиъ маьІна долуш («цІеран стаг» и «цІена стаг» и) «цІен стаг» олура. Оцу цІен стагас ша валли шейн хууш дерг дІаковдархьам физик хьуьнарца дика воцуш (хьуьнар дика долуш вериг кхи гІулкаш дан оьшара, тІемло хуьлара кхи дІа а) амма хекъал долчарехь цхьа пхьар-гІонча оьцар Іамо. Цундела нохчий а кхин долу халкъашийн а туьйранашкахь, мифоложехь аьчкан пхьераш хьехашкахь, тІулгаш юккъехь, Іаржа бодане меттигашкахь, лаьмнашкахь Іаш болу букъ тІебаьлла и, когаш агІор и, куьйгаш агІор и, бІаьрга боцуш, къовламе, забарш йоцуш, сийдоцуш, кхоьлина болуш амма гІулакхца ладаме, «дашо куьг» долуш говза, хьекъале сибат/ синго лоцуш нах бара.

Иштта шалхалла ю «аьчкан пхьари»: цхьан агІор дика дериг- чогІа пайда болуш, оьшуш нах бу; вуккху агІор сийдоцуш, тешам боцуш, кхераме нах бу. Ша «цІе» ма хиллар: цІе дика лелайича пайдехь йу, вон лелайича кхераме ю, гондахь йеригга йага йо.

Архиологин материалаша дийца бакъо ло вайна, Нохчий махкахь пхьерашийн арахецарш дуккху шира замнашкахь дуьнсхьа хиларна.

Неолит замнахь хилла йолу мокхазехь йина къинхьегаман гІирсаш, хадош йолу хІуманаш карйина. Бумтахь и Соьлжа гІалахь и шира кешнашкахь карийна тойина- нисйина мокхазаран кийсигаш, урсех тера йолу кийсак а.5

Куро-арак архикультуран замнахь (III бІешаршкахь вай эран хьалха йериг) Кавказ металл кечден юкъа лоруш яра. Кавказехь варкъа кечдан, цІестан маьІда даккхан говзалийца гІарбоьвла бара пхьераш.6

Майкоп архекультур замнахь (XIII / XI бІешарш кхаччалца, вай эран хьалха йерг) а варкъан пхьегІаш, гІирсаш, герзаш, дагарш, жамболташ яш бара. Цу хенахь металл Кавказера Малхбалехьара Европе дахан хууш чарехь цхьаъ некъ бен бацара.7

Шираллера дуьйна борза (варкъа), эчига, алсам йаьлча хилла эчиглелоран, эчигкечдаран, куьпчийн, кIадийдаран пхьолаш а, цу меттехь кхин а долало бахаман хьелан дакъош – чIерийн бокх (клей) а, хьакхарш а кечдеш, аьнгалех хIуманаш еш. Къаьсттина, лекха тIех йолуш хилла, цу махкахь эчиг кечдаран корматалла. Нохчий пхьераша кечбеш хилла къинхьегаман а, тIеман а гIирсаш – уьрсаш, маьрсаш, тукарш, гIаманаш; герз – тажаш, тарраш, шаьлтанаш, ведаш, гIемагIашна, гоьмукъашна буьххье бухку цхьамзанаш, зарганаш ян дуьйла делира нохчийн махках, иштта кхин дІа а.

Нохчийн дехийлашкахь диначу схьаделларша гучаяхна тайп-тайпана кхийригаш йоттуш, эчиг дагош пешаш.

Сиржа эвлахь карийна Кобан архекультуран (XIII/XII — IV бІешаршкахь вай эран хьалха) кхоъа пхьалгІаш, цу чохь кхаьхкаш эчка чу дотта кепаш, варкъан гІорзаш, цІе ловн пхьегІаш, металлахь йина хІуманаш яра.⁸ Бумтахь, а карийна варкъахь йаш йолу зударийн хазалла луш хІуманаш ян кхийра кепаш. Дай юртахь- доьхкаш, туьтеш, ЦІонтрахь, Хорачахь- хІазнаш, Гунехь, Серж-эвлахь, Элистанжехь-мидалш карийна археологшна.

Иштта нохчий пхьерийн хилла исбаьхьалла тIулг агарца, даьIахк, дашо-дато, цІеста, варкъа, эчиг кечъярца корматалла.

Шира кешнин лахьташ чохь карийна, дукха гІагІаш, зарганаш, гІоьмукъан буьххьейуллург, ведаш.

Цу массо а тешаллаша гойту, лаккхара тIех йолуш хилар, цу махкахь кхианчу юкъараллин къинхьегаман ницкъаш а, культура а.

ХІор юртахь, эвлахь 3-5 аьчкан пхьара хьулара. Йоккха АтагІахь, Цеча-ахкахь, БелгІатойн эвлахь, Хакхмадой, Шуани кхин йолу йарташкахь шей варидайшдуьн дІалелош ду аьчкан пхьар белхаш.

ТІаьххьар йолу замнашкахь массо металлан пхьераш и, ювелир (деза металлан) пхьераш и, гІирсан пхьераш и, герзан пхьераш и бекъало говзанчаш.

Ювелираш дуккху Шелахь, Мартан-тІехь, Веднахь, Макажахь, АтагІахь, Шуьтахь бу/бара. Дуккху а хьолехь зударийн, божарийн бедарш тІехь йаш йолу металлийн (дашо, дато, кхина а) хІуманаш. Масала: доьхкаш, бустамаш, туьдаргаш, чаьрпазаш, хІазарш, мидалш.

Герзан пхьераш АтагІахь, Доьвкар эвлахь, БелгІатой эвлахь, Джугартахь, Аренан Аккехь хилларн боьвза. Нохчий герз «терс-маймал», «калдам», «гурда» бохуш долу тарш, шаьлташ чІогІ лоруш дара массанхьахь. Ипполитов А. (оьрсийн эскархо, йаздархо) УстаргІардойн эвлахь (Оргахь) волуш хенахь І868 шарахь яздина: Шиъ берзан корта болуш тІаьхь йина йолу ночашша «терсмеймуль» бохуш йолу шаьлта уггаре дика а йеза а лоруш йара».⁹ «Терс-маймалс хьостам шекар санна хада бо», аьлла йаьздинера Россин генерал волу В.А.Поттос шен «Кавказан тІом» бохучу жайнчохь.10

Шамиль замнахь Веднахь аьчкан завод йинйера. Цуьнан белхан тІехь куьйгалхо Джабраил цІе йолу аьчкан пхьара вара. Цигахь йаш яра йоккха тоьпаш и йоккхачу тоьпан хІоьънаш и. ХІора тоьпан тІехь Шамилин мухІар дара.⁹

Тахана а Нохчийчохь пхьераш дуккху бацахь а амма шей корматалла кхиайеш, металлан тІехь белхаш беш, вай хІинца долу дахаре хьажна тейп-тейпана хІуманаш арайохуш Іаш бу. Вай нохчий мохка хаза беш керташ, коьвнаш, ламешь, рагІуш, лабаш, куьзган гонаш, маьждиги тхоьвнаш, чалтарш дуккхуъ кхин дІа а хІуманаш яш.

Дуккху а бІешарш хьалха дуьн схьа йолу нохчий пхьерашийн говзалла, корматалла баккхийчара ларайеш, кхиа йеш, кегирхошна дІакховдайина. Кегирхойн тІехь ду хІинца иза лардар, кхиадар а.


Литературан хьоста:

  1. Эжаев У., Эжавева Р. Нохчий литература. 9класс. Грозный. Книжное из-во. 2007.
  2. Чокаев К.З.К вопросу бытования образа Прометея в фольклоре чеченцев и ингушей. //Журнал «Пхьармат». Грозный, 1991 г., № 1.
  3. Бакаев Х. Нарты и религия Верховного Существа. Proza. ru. 13.12.2022.
  4. Ардзинба В. Г. К истории культа железа и кузнечного ремесла (почитание кузницы у абхазов). //Древний Восток. Этнокультурные связи. М., 1988 г.
  5. Ильясов Л. Культура чеченского народа. История и современность. М., 2009. 264с.
  6. Крупнов Е.И. Древняя история Северного Кавказа. М. : Изд-во АН СССР, 1960. 520 с
  7. История народов Северного Кавказа с древнейших времен до конца XVIII в.

М. : Наука, 1988.— 544c.

  1. Козенкова В. И. Некоторые археологические критерии в этногенетических исследованиях (на материалах Кобанской культуры Кавказа)//Памятники эпохи раннего железа и средневековья Чечено-Ингушетии. Грозный, 1981. С45-57.
  2. Асхабов И. Чеченское оружие. Москва. : Кавказ, 2001. 240с. С59.

Ипполитов А.П. Этнографические очерки Аргунского округа. ССКГ. Тифлис, 1868. вып. 1. с. 48-49.

  1. Ипполитов А. П. Этнографические очерки Аргунского округа. — ССКГ, Тифлис, 1868, вып. 1, с. 48—49.a

Yazarın Diğer Yazıları

Шайчарна хийра а волуш, нахана шайн а воцуш

Сулумбек Идрисовца йина йолу репортаж: «Даимна, сайна мел хууш дерг, дIакховдан кийча вара со...» Дукхах болу нохчий санна хьо а Казахстанехь дуьненчу ваьлла. Цигахь хила долу...

Истамбулехь «Панкиси» ансамблан концерт

  Лахьан-беттан 30-чу дийнахь Истамбулехь «Панкиси» ансамбло концерт йелира. Цу ансамблан эшаршка, мукъамашка ладогІа гулбелла бара нохчий а, чергазий а, абхазаш а, дуккха а Кавказан...

Эсамбаев Махмудна100 шо кхочур дара, «Нохчийн Хелхар» йа «Лезгинка»?

Хьалха санна, тахана а нохчийн юкъараллехь нохчийн хелхар дина ду - тойнехь, сцени тІехь, хьошалгІахь, дезачу деношкахь. Нохчийн культуран «шовда», къоман «йуьхьсибат» ду хелхар....

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img