Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Нохчийн жеро мила ю

Milana Aydamirova K.

«Жеро» дешах лаьцна язйан лууш дуккху хан яра тхан. ХІунда, аьлча «жеро» дешан маьІна таханлерачу дийнахь чІогІа хийцаделла ду. Жеро бохург хьалхзамнахь хІун маьІан долуш хилла? Кху хаттарна жоп дала хьовсар ду вай.

«Жеро» дешан этимологи вай хьомсара Илесс Сигаурис гІо-накъосталла дина, цуьна жайначохь бен ца карира тхуна. 1-Илеси жайначохь далийна ду шумершийн – Zirru, аккадашийн –Зеro: «цІу, шейха сесаг» маьІна дохуш, нохчийн (бацой, гІалгІай) -Же-ро 2-йисан Іаш йолу зуда, марера цІа йеана йоІ, зуда. Таккха кхин а жоь-ра баба (гІалгІайн-жернана) дош ду, дуккху хьолехь иза а туьйрашкахь хеза вайна амма дуьнен дахарехь а юртахь хІум хууш, дарба лелош йоккха стагехь а олуш дара и дош.

Иштта, юьхьанца «жеро» бохург шейх-зуда, цІу-зуда, цІена, сий долу зуда маьІан долуш деза дош дара. ХІум хууш йериг, дарба дан хууш, цхьалха Іаш йолу зудчехь олура жеро, йа жоьра баба олара. Дукху хьолехь юртан юьстахьах хуьлара цуна гІишло. Ше цхьа бала йа хаттар долш вериг цунна тІевоьдара. Сий деш, хекъале лоруш яра жеро.

Хан дІайахьар, цІу-жеро дош маьлла чолхаза делара, муьлха а цхьалхьа ялла йолу, цІийна да велла-йисан Іаш йолчуна и, марера цІа йеана йоІехь-зудчехь и, жеро ала буьйлабелар нах.

Нохчий фольклоьрах «Жеро-кІант» цІе йолу тидаме дохуш дийцар ду. Цхьан агІо хьажча, Жеро- кІант ше да мила ву ца хууш кхиъна ву. Ненца вехаш хилла иза. Вокха хилча чІогІа ницкъа болуш вара и кІант. Лулара бераш латар тІехь эшош хилла цо, меженаш кагйеш хилла церан. Таккха цунна оьгІаз бахна, хІуьттарен берашша «хьан да мил ву ца хаа хьун» бохуш хилла. ЦІа веана ше да мила хилла схьадийцитар-хьам, ше нанна ницкъ бина цо. Таккха хаа хиъна иза, дин тІе хиъна новкъа ваьлла. Дуккху хьовзамаш го цунна цу новкъах. Нахан юккъехь къонах лоруш, веха иза. ЦІе а Жеро- КІант йуьсу цунна иза а сийлахь лоруш хуьлу.. ТІаьххьари панамахкар цІа вохи, шен нанна тІевоху иза.

ТІехь цІийна да воцуш йолу зуда жеро йелахь а, йоІстаг йелахь а, цхьа терра лорара. Іийса пайхамар цІен зудчун, йоІстаги кІант ву олара. Мистик тобанаша (манихейш, катарш, тамплиерш, богомилш кхин дІа а..) Іиса пайхамар йисан Іаш зудчун кІант ву олура. II бІе шарахь (вай эри) манихейшийн дин кхоьллан волу Мани цІе йолш гІажарийн шейхас а ша «Жеро- кІант» ву, аьлла кхайкхам бинера.3

Иштта ялийна йолу масалшца ала гІерта тхо-«Жеро-КІант» и «ЙоІстаги-КІант» и цхьа маьІан долш дара цу хенахь.

Нохчий гІилакхехь дара «тІехь цІийна да вац», бохуш жерочунна терго ян, гІо дарн, цун гІулакхе хьажар. Ловзаргашкахь, синкъерамашкахь жеро, йоІари могІан баьрче хаайора. Уггаре йокха йолу жеро могІан хьалха а хаайеш иза маьхкарийн тобан тхьамда хоржара.

Халхар саца дой са доІаш хенахь, тхьамдас дош аьцна йиста хила йиш йолш яра, шен лиъча, гондахь долу холе хаьжна, йиш, илли ала йолалой, кхин болу маьхкарий а тІетовжи йиш локхара цара цхьанни. ДІоьхал Іаш болу кегий нахана забаре байташ йуьцара, забар-Іоттар а йора царна йа кхечарна. Ша доладеш йолу йоІари тобан юккъехь цхьан йоІер гІалат даьллаьхь, йа цхьа йоІе бехка боцуш бехкабакхар биннехь- цунна тІехуттара, цуьн меттан жоп а лора тхамда-жерос. Цуна дош лоруш дара, деза хетара.

Суртдиллархо: Бугаев Аслан

Тахан лерачу деношкахь вайн гуш дериг кхераме хІума ду. ХІунда аьлча, оццал цІена, деза, оьзда маьІна хилла долу «жеро» дош сийсаз даькхна дохуш ду. ДІадолалуш – «жеро» ала буьйлабелара гІалат долуш йолу, хекъал эшна йоІехь, зудчехь. Жимма тІаьхьа- жеро олуш хенахь- и йоІа йа зуда лартъехь лелаш яц-маьІна дирзара. ХІинца а марехь хилли- ца хилли, юй-яци башхо йоцуш цхьан зудчун йа йоІан сий дайа луъчо, вонаг кхолла луъчо лелош ду и дош.

Цундера, ша марера цІа йеанчо, йа цІийна да веллачо, ша дийна йолш-ша жеро ю ца олу. «Со цІа еана ю», йа «Со йисан Іаш ю», олу. Ше ма хуьллу и дош ша а ца лело гІурта, шена а и дош ца алийта а гІурта.

Иштта, мичара мича кхечи вай. Оццал цІена, деза долу дош- зудчунна, тІаьххьарен хІора йоІана а уггаре кхераме, инзаре дош хила цунахь. Хила аьлчи, вай дина-кх. Вай аьлчи, вай божарий дина-кх. Божарий тхуна хІунда баьхке хета? ХІунда аьлча, зудчунгара и гІалат дакха гІерташ беш а божарий хуьлда дера, и зуда хекъал эшна, гал ялла ша и гІалатан некъ лоьхуш йелахь а- цунах шейн пайда эца ца гІаьрташ, «хьо нийса новкъахь яц хьуна, ниссло», ала декъар дол дера цара. Божарийн хІоранни ше цІахь нана, йиша, йоІа, дейиш ю. Уьшша кхана жеро яла-бовлан там бу, рицкъ муха хоьвзу ца хаа цхьаннин. Ше чурар стесаг а, чохь болчарна ца хууш, гал йаьларна, корт хьовзарна там бу. Иштта хилча ше йише, йоІе кхечара и вон маьІна дирзан долу «жеро» дош алийта луур дацар цхьанне. Луур дара-кх царна- и гинчунна цу хьолехь -цуна хьекъал даларна, нийса новкъа йаларн дехар дарна.

Амма массарна шен чохь берша «масмалик» хета, арахь болчарехь къа ца хета. Массери чохь берша цІена белахь, и цІена боцуш берш и «жерой» мичара болу техь?!,- коьрте хаттар хІар ду-кх.

«Хьайца хилийта ма лаьара- нахаца а хила веза», бохуш ду цхьа кица. Неха зударийн сий тІе кхийдаш, чохь болчера сий хир дац цкъа а…

Вайн ма хаара, тІаьххьара хенашкахь дукха тІемш хилла вай, хІинца а бу. Демографийн халде доьхна ду. Божарий кезиг бу, зудри, жерой таьшни а (цІийна да велла бисан Іаш беш) дукхо-алсам бу.

Дуккху нохчий зудри берашца шаьш бисна, шен доьзална дола дан гІерташ, баха гІерташ тисбелла бу, хІинца а тислуш бу.

Зуд йалайой, дІа яхийта сих ло божарий. «Реза яцахь-дІагІо!» ала сихло. ШолгІачу дийнахь кхин зуда яла йо, йа тІе зуда яла йо. Зудчун тІе йа реза болш хуьлу кхиан боху маьхкари а. Зудчун «мах» охьабаьлла. «Йало, дІайахийта!», ала атта ду.

Таккха, гуча болу кхин бала. Масала: ткъе ит шо кхочуш йолу йисан Іаш, йа марера цІа йаитан (йеан) йолу зудчунна маре ца кардо. Ша «уьттоз» йалийна, «ит бера» долш волу боьрш стаган жима йолш, маре йагІаз йолу йоІ еза. Зудчун тІе бохуш берш а маре бахаза маьхкари хуьла дукху хьолехь. Иштта, ткъе ит шо кхаьчна Іаш йолу дика, оьзда нохчий зуда шена дахар дІанисдар-хьам кхеча махкахь, кхеча къоман болу божаршка хьажа буьйлало. Дуккху хьолехь-нохчи божарий ша тергал ца йо дера, хуьлу иза. Йа терго яьш берш а- гІалат дакха йуьхье гІерташ берш хуьлу. Йа шеца ца доху захло дуьйцуш берш хуьлу. Кхеча махкар божарий нохчий зуд йала йан «гІенахь бен ца гина» болу, гуттарен тІема бовли, марехь хилли-ца хилли, бераш дуй-даци ца хьожуш, сихонца и нохчий зуда яла йой, ше махка иза дІайуьги- охьахуа.

Такха, гуча бола кхозлагІа бала: культури башхаллонашца доьзна баланаш. Шей нахан юккъехь йоцуш, панамахкахь йолуш, нохчий зудчо бала токха юха а. Нохчий зуда а и вон маьІна дирзан долу «жеро» дош шехь ца алийтархьам са даьтташ, ша йолчехь Іан яха гІерташ хуьлу, цкъа цхьаннин латкъа ца деш.

Цу зудчун доьхал кхаьчна волу нохчий боьрша стагс а даима цхьа хаттар до: Нохчий вацар хьун, кхечу къоман стаге ца яха? Жоп дохар цигахь: Оццала со йига лууш волу нохчий болшехь а, хІа хІа, аьлла кхеча къоман нус хила лиъна, ца нисделар хьун иза! Амма Нохчий зуда гІилкехь ца йуха, яьхь дІа ца луш; «Рицкъ хилар иштта!»,- оли даьрза до.

2005-2006 шаршкахь Соьлжа гІалахь нисйина яра «Нохчий махках зудчунна роль» (Роль чеченской женщины в нашем обществе») цІе йолу конференци. Кхайкхан бара цига массо гІар боьвла болу нохчий зудрий а, университети дешархой а, кегирхой а, журналисташ а. ТІаьхьенца «Нана» журнал тІехь репортаж арайаькхара цу конференцехь лаьцна. Цигахь дукху хьолехь вай къомо зудчун маьлла йеза меттига ло, ларам бо, пусур до- дуьйцуш дара. ЛадоьгІча- деригге вуно хаза, маьрза ду вай. Цхьа гІан санна дара дуьйцуш дериг. Цхьан хаттарца цигахь айбар оха, и «жеро» дешан хийцаелла йолу маьІан а, божарийн зударшна доьхьал хийцайелла йолу амалш а. Амма «бокхалийн дуьненчохь» хилла болу хийцамаш бийца цхьаннина ца лаьара, иза дийца ца хІуттара зудрий. Цигахь Іийна болу зударшна, оха дуьйцург хІун ду хуушехь, тІецатовжийра, доьхьалбоьвлера тхуна, дІасац йан лаьара со сиха. Нохчий нахан юккъехь цу кепар бала бац, и ахь хьай-хьайна бина бала бу, хоьгара цхьа гІалаташ долундера го хьуна и хІумнаш, аьлла, дІакъоьвлара цара и тема.

Зударийн психоложи цигахь «ша ларйан реакци» йелара. Шей лазамш, дог Іийжамаш, бакх дериг айбан, дийцан дезашехь, и къайлахь даккхархьам- и баланаш бийца гІерташ вериг дІа а сацош- халчу хьолар кІелхьардовла тийна Іарца, шейна атта некъ лехара. ХІинца тІе деана вайна 2023 шо-цу хьокъехь хийца делла хІума дац, кхиъ сов далар доцаг.

Цхьа дийцар ду:

ЙоІас – «Ше долахь хІун ду?», аьлла хаьттан хилла.

«ЙоІ, хьаша ю шен де хІусмехь, йоІ, хьаша ю неха хІусмехь. ЙоІан долахь ша чу юьллан йолу лаьхьт ду-кх», элар боха вокха стагс..

Декъаза Нохчий Жеро – цІена, оьзда сестаг…

Тешам бу-кх, боццачу муьрехь «жеро» дош дика маьІнаца бен ца хуьлуш хаза хенаш вайна йахарна. Теша-кх, жеро (дика маьІанца) ялла йолу, нохчий зудчун, йоІан хьалха санна ларам, пусур хир ду. Дика маьІанца, вон маьІанца бохуш билгалонаш яха ца езаш. Иза хІорани чохь волу нохчий кІантан, боьрш стаган тІаьхь ду. Къам кхиан дохуш дуй йа даци- уггуре хьалха, зудчун даьш долу ларамца дуста. Историг хьажча, цу тІехь Нохчий къам даима кхиан дохуш дара, хІара таьххьар замнаш ю тамашийна еана. ТІемш маьлла бахло, алсам маьлла хуьлу и бала а алсам бера бу вайн. ХІинца кхузахь оха айбан долу хьал, Далла мукълахь сихонца нийса новкъа даьлла, дІанислурду.

Ларамца, шу «декъаза» Нохчий сестаг.

Литературан хьоста:

1. Сигаури И.М. К истокам и ареалам нахского этноса. Academia. 2016.C277

2. Чрелашвили К.Т. Цова-тушинский (бацбийский) язык / – М. : Наука, 2007. – 279 с.

3. Бакаев Х. Тайна Жерон-Канта. Proza.ru. Свидетельство о публикации №223021701277

Yazarın Diğer Yazıları

Шайчарна хийра а волуш, нахана шайн а воцуш

Сулумбек Идрисовца йина йолу репортаж: «Даимна, сайна мел хууш дерг, дIакховдан кийча вара со...» Дукхах болу нохчий санна хьо а Казахстанехь дуьненчу ваьлла. Цигахь хила долу...

Истамбулехь «Панкиси» ансамблан концерт

  Лахьан-беттан 30-чу дийнахь Истамбулехь «Панкиси» ансамбло концерт йелира. Цу ансамблан эшаршка, мукъамашка ладогІа гулбелла бара нохчий а, чергазий а, абхазаш а, дуккха а Кавказан...

Эсамбаев Махмудна100 шо кхочур дара, «Нохчийн Хелхар» йа «Лезгинка»?

Хьалха санна, тахана а нохчийн юкъараллехь нохчийн хелхар дина ду - тойнехь, сцени тІехь, хьошалгІахь, дезачу деношкахь. Нохчийн культуран «шовда», къоман «йуьхьсибат» ду хелхар....

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img