Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Яхиханов Хожи кІант Рустам – 2.гь дакъа

Нохчий суртдиллархо, Росси «Исбаьхьалчеран Союзи» дакъархо, «Нохчийчоьн сийлахь исбаьхьалча», И.Репин цІарха йолу Санкт-Петербургер Исбаьхьаллин Академехь лакхара хьехархо волу Яхиханов Хожи кІант Рустамца репортаж кечйина «Жинепс» газети йаздархо Айдамирова Миланас. Репортажи тІаьхьара дакъа шу тидаме дуьллу оха.


Суьрташ говза дилларна дуккха совгІаташ, мидалша, званеш а йелла хьуна. Далла йелла йолу корматаллцани кхин хІун хила деза? Хьуна син айбам луш дериг хІун ду?

-Званеш, мидалш лура яцар тІе, бохуш, сатуьйсуш ца бо аса болх. Елча хаза-м хета, ла а ло суна уьш. Вай «Нохчий къоман сийлахь исбаьхьалча» цІе елла суна, Российн Академи Исбаьхьалин цІарха дато мидал а ю сан. Ас беш болу болха лоруш хилча хаза хета суна, нахана цунах цхьа пайда хуьлуш хилча, тешна а. Сан къахьегаран тидам беш хилча- хаза хета баккхадериг дийцича. Сан сий айбач- хаза хета. Вай нохчий къомахь дуккха бац исбаьхьалчой. Царна юккъехь хиларна воккхавен ца волу со. Иштта да-нани, йижарий-вежарий ца хиллехьари соьх тешам болуш, суна гІо-накъосталла деш, сом доиташ -ца хиллехьари со кху хьалтІехь хира вацара. Царна чІогІа баркалла ала луур дара суна. Доккха хІума ду, хьай доьзалло ахь беш болу болха ларалоруш, ахь лелош долу хІуман тидам беш хилча. ХІора бери а иштта хилийта лаьара дара суна.

Яхиханов Рустам

Корматаллацани сурт диллархон собар а хила деза. Беш болу белхахь самукъа дала деза.

-Хьа суьрташийн билгалла стиль ю. И стиль муха нисйелла/ кхиайелла хьан?

-Хьай белхан некъ болабеш хенахь жим жима куьг тухуш хьоьжа хьо, говзалла кхиош хенахь ойланаш хийцало, къорге йовла. Ойланаш хийцалуш хенахь хьа куьйган стиль а хийцало. Таккха кхечарех а тера ца хила лаьа. Сюжеташ а ша тейпан ян лаьа. Ханца дІанисло таккха хьан стиль.

-И.Репин цІарах йолу Исбаьхьалийн Академи Росси пачхьалкхах а, дуьненчоьх а лаккхара лораш ю. Цу институтехь нохчий хьехьархо хиларна тхуна дозалло лочарехь ду. Нохчийчохь, исбахьалийн факультуташкахь хьехьархойшца доьзна халде ху де теша? Шу Академин зІе йуй нохчий исбаьхьалин факультеташца? Зедаларш гайтан дІа а схьа а дешархой бохийти аш?

-Исбаьхьалийн Академи ше говзанчаш ше говзаллонаш а леран лелайеш ю. Ше ламасташ ларйо. ДІахІоьттинчу ламастаца Іамбо дешархой. Нохчий дешна бераш бу, амма со доьххьар нохчий хьехархо ву цигахь.

Сан инициативца Академер балийна студенташ бу сан Нохчийчоь. Уьш гІалар студенташцани вовшах тоьхна Шарой, Кьоьзан-Іаме, Итум-Кхаьлла дахан суьрташ дохкуш Іийра тхо. ХІар долу шо-кхозлагІа шо ду аса кхуза студенташ балош пленэрш яш. Нохчийчур нахана а товша, хаза а хета иза. Российер кхуза бахка лууш берш а хуьлу. Вай нохчашша а хаза хьошалла до тІевеанчунна. ХІоккху деношкахь мятселл баттан 10-гІа дийнахь керла «Со, стигалла, лаьмнаш бен доцучохь» гайтам хир бу. Цигахь шей диллан суьрташ гойтур ду Академер баьхкна болу студенташ и хьехархош, вай Нохчийчуран Пачхьалкха Хьехархойн университетийн а.

Нохчийчур исбаьхьаллин факультеташкахь хьехархойх доьзна долу гІулакхаш дика дац. Зевелла хьехархой къезиг бу. Теорицани практика гойташ хилча дешархо дикхо кхетар бар. Цундела ас аьхкен кхуза Академер дешархой, хьехархой бала бо, шейн хууш дериг цара нохчий дешархошна гойта. Ас а схьавеача, кхузахь ка йаьлчохь, мастер-класс ло. ХІинца дуккху хан йоцуш «Грозный Молл» махбар центрехь йира ас иза. Дуккха Іамо лууш, хаа лууш кегирхой баьхкар цига. Вай даима исбаьхьаллийца бала болуш кегирхой хилла, царна некъ гойтуш берш хилчани- кхиамаш а хирбу.

«Затмение» 195х124 х.м. 2012г

-Нохчий суьрташ дохкучарех лаьцна йа массо суьртех лаьцна дуьйцуш, жайнаш дуй вай?

-Вай исторехь кхин баш ладам бацар исбаьхьалин а, суьрташна а. ХІунда, аьлча вай дайш хала Іийна даима. Цундела суьрташна а, суьрташийн жанрахь а йа сурт диллархойх лаьцна цхьа жайнаш дац. Цу белхахь бала хилла яза деш, вай сурт дохкург берш дІабуьйцуш, боьвза а боьвзитуш ца хилча, тІе кхиушболчарна муха хуур ду, муха боьвзар бу уьш. Цу хьокхехь ба безаш дуккху болх бу.

-Ахь суьрташ дохкучхенахь хьайн хІинца гуш долу сурт гайтар ю хьан Іалашо, йа тІаьххьенца бехар болчарна кхетам кховдбар ду хьан иза?

-Иштта а нисло, вуьштта а нисло иза. Дешархойшца аренашка вахча цигахь гуш дериг а дуьллу оха, кхин замнахь а ойланашка а воьди, истори дага еача масала, цхьа билгал жанр лоци, сурта дилла дага доха. Цу суьртан цхьа гайтар хилар сонахь чулацам а хуьлитш. Вай Іэдалахь лаьцна, маршонахь лаьцна суьрташ, тейп тейпан жанрахь суьрташ а ду: турпалхойхь лаьцна, зудрий дахар, портреташ, пейзажаш. Сурт дуьллуш хенахь со дІаваьлча кху дуьненчур, тІаьххенца бехар болчарна дуьсар дуй хууш иза ца маьІна, кхетам, цхьа чулацам хилийта лаьа церан.

Хаджи Берзека

-Дино исбаьхьаллийна хІун еткъам бо? ГІо хуьлу йа новкъарло ло те? Хьуна цхьан агІор баьхка кхайкхини?

-Динехь сурт дилла мегар дац бохуш дуьйцуш хуьлу, амма со цхьанне а зен, зулам деш вац со, коьртачохь хьекъал а ду сан, Делахь тешаш ву со, дикчу агІор цІе йаккхийта гІерташ а ву со. И говзалла а Далла суна йел хилча аса а дІалелайо-кх хІара. Массара тейп тейпана дуьйцу: цхьамо мега олу, вукхо ца мега олу. Хьо жоьжахатехь хир ву бохуш, холча хІитта винера со жима волущ хенахь. Амма Далла суна хІар корматалцани хьекъал, ницкъ, собар делла. Ца хилла хьари со кху некъа кхечна хира вацар, аьлла хета суна. Далла рицкъа а ло суна.

-ТІаьххьар хенахь “нохчо”, “нохчалла” темаш чІогІа тидаме даьлла дуьненчохь. Хьо суьрташ дохкург хилари терра, оцу тейпана уьш гІарйалар, тидаме йаларн хІун аьлла хета хьуна?

-Нохчий шей шей говзаллийца боьвзу: цхьа вериг- тІемло, важа-сурт диллархо ву, кхин вериг -доктор ву.. Хьалха хилла болу тІемши, цу хенашкахь долу дахар гойтуш къезиг суьрташ ду. Цу темаш тІехь бо аса дуккху хьолехь болх, уьш хаза хета суна. ТІекхуьуш болу чарна вай турпалхой бовзийта а гайта а лаьа. Нохчий къоман депортацехь лаьцна сан бина сери болх бу. Иза даима гайта гІерташ хуьлу со ка ма йаьлла, сих сиха. ХІунда, аьлча -иза вай къоман уггаре йоккха трагеди ю.

Фрагмент картины «Гроза»

-“Ламаст” цІе йолу компани хьа суьрташ лелош, цхьацца продукт кхечйина, мехе йаьккхана йухкаш ю Соьлжа гІалахь. Со а цига йахна хьаьжнера. Иза хьа бренд ю, йа цхьани болха беш ду шу цхьаьнца? ХІонкар махкахь йохка дагахь дуй шу шей продукци?

-«Ламаст» компани накъостийцани йолайина ю оха. Вай къам, мохк бовзийта, ламасташ йийца, вай Іалам бийца ю Іалшонаш. Иза а суьрташца гайтча баьг кхета неха. Сурт дуьлш са мукъне хилар, сом даккха далар а гайтар-хам а. (Туристски оригинал продукци йо оха: плакаташ, тІелатошйерш, телефон батташ, магниташ кхин дІа а..)

ХІонкар махка продукци йа, йохка дагахь ду. Аьтто хилахь лаьа-м лаьара.

-ХІонкар махкахь, массийта меттигашкахь хьай суьрташа гойтуш гучамш, гайтамш бина ахь. Кхузахь Іаш болу нохчий а кхин долу Къилбаседан Кавказан къаьмнаш а хаза вовшахкхетарш, дистхиларш хиллера цигахь. Гуьйран Анкара а вохур ву аьлла ахь. Оцу гучамшах лаьцна хІун эрдара ахь?

-ДІадахан шарахь Стамбулехь и Кайсериехь и йина яра суьртан гайтамш. Кайсериехь цигар Кавказ фондо чІогІа гІо динера суна дешца, соьмца а. Стамбулехь ширван волу Теймур Рзаев накъосталло дира, хаза галерея харжа яш. чІогІа мехалла вуй хетийтар цара суна цигахь. ТІе йогІуш йолу гуьйран Анкарахь ян дагахь ву со кхин а. Хаьржан меттиг а ю цигахь. Вай Кавказер хІора къоман бехаш болу цигахь нахас чІогІа баркаллша бехийра соьга. Даимна ловзарш и, хелхарш и, зурмнаш и гина тхун, амма исбаьхьаллийн гайтам хила бац,- бахар соьга цара. Далла мукъ лахь кхин а йийра ю. ДІадахан ІаьнтІехь Балыкесирехь хила безаш бара са гайтам. Мохк бегор нисбелла, нахан дуккха зиен- зулам хилар. Далла геч дойла дІакхелханчарна. Иштта ду-кх хІара дуьне- кхана хІун хуьлу ца хаа.

-ХІонкар махкахь, Иорданехь Іаш болу нохчашна хІун ала луур дара хьан?

-Шей цІи, шей мохк ца бицбан! Вай къезиг ду, вай дуккху халонаш лайна. ХІинца йерш маьрша хенаш ю. Нохчий махке дуьйла. Мохк гича кхин тайпа хуьлу. ЦІена, хаза мохк бу вай. ТІом бац кхузахь, маьрша Іойла ю.

Репортаж кхочуш хиллан йу…

Yazarın Diğer Yazıları

Ахматова Лиза: «Со илли ала йехаш ю! Ас илли олу, кху дуьненчохь яха!» – Репортаж

«Со илли ала йехаш ю! Ас илли олу, кху дуьненчохь яха!» Поп, рок эшархо. 300 герга эшарш йазйина гІара йаьлла автор йу. Нохчийчоь Республикан Сийлахь...

Нохчийн къоман уггаре гIарабоьвла лоьраш

Нохчий къоман йуккъехь, шира зама дуьйна схьа, даимна дарбанчой хилла. Дарбанчойшна нахан йуккъехь чIогIа пусар деш дара. Дарбанчо вер-ваккхар доккха къа хилар совнах, массо...

Нохчаша Турцехь латар спорт муха айийра?

Массарна хууш ду, Турци пачхьалкхан латар спортан коьрта тренерш (Дзюдо спортан санна) а нохчий хилли. Уьш схьабаьхкина чул тIаьхьа Турцин латар спортан халде дукха...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img