Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Турцехь нохчаша айийра дзюдо

Абдаев Магомед (Мохьмад-Iела Чеченоглу)
Умалт Демирел
Хусейн Оьзкан (Хьасайн Бисултанов)

Дзюдо Турцехь 1950 шаран дуьйна дIайолайелла. 1962 шарахь Латар Федерацин юкъе йохуш йара иза. Токио Олимпиада хиллачул тIаьхьа, латар юкъеран дIакъаьстина шен меттиг нисйира дзюдо спортас. I966 шарахь Турцехь Дзюдо Федераци кхоьллира. 1967 шарахь, туркойн пачхьалкхахь дзюдон спортхойн дуьххьара къийссамаш хиллера.

1990 шарахь Натик Джанджа хIоьттира цу Федерацин куьйгалхо. Цу хенахь полицин куьйгалхо а вара иза. Цо, Российехь и, кхин йолучу Совет республикашкахь и Iаш болу нохчийн дзюдоисташ кхейкхира Хонкара.

Дуьххьара Хонкара нохчий дзюдоистах веънарг вара Хамза Муташвили (Хамза Джанджа).

Хамза цIеран Панкисер ву, мIайстой тейпан а волуш. 1992 шарахь Стамбуле кхаьчна иза. Йуьхьанца Анкарара Дзюдо Федерацин коьрта тренер воьвзара цуна. Иза азербайджан вара. Цу тренеро Сакарья гIала вохийта иза къийсамашна кечам бечу меттиге. Цхьана кIиранахь «БогIазичи» Стамбулехь пачхьалкхашна юкъехь къийсам болалур болуш бара. Цигахь дакъа лецна Хамзас. Цо цигахь дашо мидал яккхира. Цу шарашкахь 20 шо долш вара Хамза.

Аврупан чемпионатан къийсамашкахь нохчийн спортсменаша дакъа лоцучу хенахь (Российн пачхьалкхан байракх бухахь) тIевеъна хилла Натик Джанджаса. Цо дехарца Турце Дзюдо Федераци Хонкара кхайкхира уьш. Иштта, дуьххьара 6 нохчийн спортхо веара Турце.

ХIетахь дзюдо керла кхоллайелла йолуш Турцехь, цуьнан кхиамаш лахара бара, спортхой бацара, дзюдо хьехархой кIезиг бара. Къийсамашкахь дикачу хилламашна ца кхочар цундела. Иштта, туркойн спортхошна юкъехь дуьххьара тоьлла меттигаш йаккхьира нохчийн спортхоша.

Царех 4 спортхо туркойн мехкан спортхой векала вина, Мехкан Спортан гуламе схьаийцира. Уьш схьабаьхкинчу хенахь Iе-вахар, болх бар хала дара. Цкъа Стамбулехь спортбазашкахь, цкъа юкъара хIусамашкахь Iийра уьш. Цул тIаьхьа Натикса, Казим Абанозас а (Коджаэли провинцера волуш, полицийн куьйгалхо) и нохчийн спортхой Анкарара полицин спортбазе бигира. Стамбулан провинцин мэр вара цу хенахь Реджеб Эрдоган. Цо керла дзюдо клуб схьайиллира, 1995 шарахь йуха Стамбуле схьабалабо нохчийн спортхой. 2009 шо кхаччалца Стамбулехь болх бо цара. 2009 шарахь Коджаэли провинцин Измит гIала схьабаьхкира уьш. «Кехатспор» клубехь мехкан олимпиадин дзюдо цетр кхоьллина, болх дIаболабира цара.

Иштта, нохчийн спортхоша вуно чIогIа айира дзюдо Хонкар махкахь а, дуьненчохь а, лекхара кхиамаш гойтуш. Турци цIе дуьхьа, цуьнан байракх дуьхьа, массо къийссамашкахь тоьлла меттигаш йохуш.

Илимтепе Измитан йуьхехь, дукха нохчий Iаш болу меттиг йу. Цигахь цхьана школана спорт гIишлочохь дзюдо Iамадар цхьа йукъан схьайилнера. Амма дIаковлира иза керла веаначу школан куьйгалхочо. Таккха нохчийн бераш сервисца, Измите, дзюдо центре бахка безира. Илимтепер Мохмад Сириев спортхо Махкан чемпионатехь дашо мидал йаккхара. ХIинца, Илимтепехь нохчийн берашна паргIат кепара латар Iамадеш ву нохчийн тренер Амагов Докка.

Дуьххьара а, цкъачун тIаьххьара а, дуьненан олимпиадехь дашо мидал йаккхина ву Хьасайн Бисултанов (Хусейн Оьзкан).

Хамза Джанджа (Хамза Муташвили)

Хьасайн Нохчийчохь Орга гIалахь, 1972 шарахь вина ву. Тейпана- жей ву. Нохчийчохь Ибрахьим Аюбовс Iамийна ву иза. Ибрахьима шен спортан дахарехь хьехуш 50 стаг спортан мастер вина. Хьасайни дешича волу Умар Бисултановс а спортан некъ гойтуш вуно дика Iамийна ву. Турцин чемпионаташкахь толламхо хилла Хьасайн. 1990-шаршкахь Россин пачхалкхехь спортехь доьзна гIулакхаш ледара дара. Иштта, Натикса шейга схьакхейкхарна цундела реза хилла, Хонкар веара Хьасайн. Цул тIаьхьа, туркойн спортхойшахь цхьаммо йаккхина йоцуш, олимпиади дашо мидал (2000 шарахь Сидней гIалахь), и йоцург кхин мидалша а йаакхира цо.

Ибрахьим Демирел
Ибрахьим Татароглу

Цуьнан кхиамашехь цхьацца дерш:

Авропан чемпионаташкахь дашо (1997), 2 дети мидал (1993, 2004), 4 йоьза мидал (1993, 1999, 2003, 2005); Дуьненан чемпионаташкахь дашо (1999 шо), йахна. Цул совнахь дуьненан йукъерачу къийссамашкахь дуккха а тейп-тейпана мидалш йаккхина. Тахан лерачу дийнахь Турцин мехкан, къоман дзюдо спорт гуламийн божарийн спортхой Iамош, хьехош, куьйгалхо деш ву Хьасайн.

Иштта, цуьнца цхьана веана вара Шерип Ахмадов а (Салим Абаноз), Висита Асанов а (Бекташ Демирел), Зелимхан Магамадов а (Селим Татароглу).

Шерип Ахмадов 1969 шарахь дуьненчо ваьлла. ЦIеран БугIан юртара ву, тайпан -гуно. Дуьненан Кубкан къовсаршкахь, масситта шерашкахь дакъа лоцуш, деза совгIатташ дохуш, тоьлла чарехь меттигаш йахна а ву иза. Дуьненан чемпионаташкахь йоьза мидалш йахна ву. ХIинца Анталья гIалахь «Пренс» клубехь Мехкан олимпиадан кегирхойн тобанан коьрта тренер ву иза.

Цуьнан вешин кIант Ислам Абанозса Турцехь кегирхойн къийсамашкахь, Авропан чемпионаташкахь тоьлла меттигаш, мидалша йахна. Лазийначул тIаьхьа, цкъачунна, спорт йитина цо.

Зелимхан Магомадов (Селим Татароглу)

Висита Асанов 1976 шарахь Нохчийчохь вина ву. ЦIеран Суьйр-коьртар, тайпан -варандо ву. Карарчу хенахь Анталехь Мехкан Олимпиадан центрехь болх беш ву. Шен долахьа дзюдон клуба йу цуьнан. Цо спортехь баьхна толамаш:

Дуьненан чемпионатехь дашо мидал (Лиссабон, 1994), Авропан чемпионаташкахь  дашо (2004 шо), Дуьненан кегирхойн чемпионаташкахь 2 йоьза (Каир гIала 1995 шарахь, Порту гIалахь 1996 шо).

2018 шарахь цуьнан доьзалхоша, Мохмад-Iелас и, Умалтас а, Авропан Кубкехь дашо мидал йаьхна.

Цуьнан кхин кIанта Ибрахимса, карара шеран тавв-баттахь, Голландехь ниссйина йолу кегирхой юъкехь Авропан Чемпионатехь йоьза мидал якхара.

Зелимхан Магамадов 1972 шарахь вина Нохчийчохь. ЦIеран- Алхан юртара, Тейпана- чIантий ву.

Ваха Чапаевс дзюдо Iамийна ву.

Цуьнан спортан кхиамаш:

Дуьненан Кубок -1991 шарахь, кегирхойн юкъехь Авропан Чемпион -1992 шарахь; 4-за дашо -Авропан Чемпион; Авропан Чемпионаташкахь: 8-за йоьза, 3-за дети; Дуьнен Чемпионаташкахь: 2-за дети, 2-за йоьза мидал йаьхна цо.

Олимпиадан декъашхо а ву иза.

Иштта, кху шарахь цуьнан кIант – Ибрахьи Татароглу, Дуьненан Чемпион хIоьттина Загреб гIалахь хилачу кегийрхой юкъехь къовсамашкахь. 63 махкар 575 спортхо вара цигахь дакъа лоцуш. Авропан чемпион а хIоьттира иза. Кхин дIа а Португалехь къонахой юкъехь, Дуьненан чемпионатехь -дети мидал якхна.

Нохчий дзюдо спортхо Мохмад-Iэла Чеченоглу ву Анталехь «Пренс» клубехь болх беш. Турцин мехкан къийсамашкахь дика хьуьнарш гойтуш, тоьлла меттигаш йохуш къахоьгаш ву иза.

Салим Абаноз (Ислам Абаноз)-атто агьо-

Дуьххьара Хонкара схьавеана волу Хамза Джанджа, таханлерачу дийнахь, Коджаэли «Кехатспор» клубан бухкхиабан категорехь бераш, кегирхой Iамош ву. Цуьнан спортсменаша тоьлла хьуьнарша гойту. Турцин пачхьалкхан турнирашкахь, чемпионаташкахь а. Цуьнан спорсменашийн кхиамаш:

Мохьмад-Iела Демирел

Рустам Кальйоджуоглу-дашо мидал; Мирсад Оьзуер-дети мидал; Илимтепера волуш, Мохмад-Салах Сириев (Сариоглу)-дашо мидал. Юсуф Iэла Темел-йоьза; Мирач Эфе Оьзбай-йоьза; Тунахан Динч-йоьза;

Ша а, стохка, ветеранаш юкъехь Польшехь, Краков гIалахь Дуьненан чемпионатехь дети мидал йакхна. Кху шарахь а, юха дакъа лаца гIерташ, кечам беш ву иза.

Хьасайн Бисултанови доьзалхо Мохмад-Эмин Оьзкан а ву дзюдо спортехь, ше дас билначу новкъа ваьлла, воьдуш.

Турцехь 6 гIала йу Мехкан дзюдоисташан школаш йолуш: Конья, Анкара, Ризе, Трабзон, Самсун, Измит. Царехь уггаре тоьлла лоруш ю Измитехь йолу, нохчий тренерш болх беш йолу, центр. Дукха хьолехь, массо меттер дзюдо спортхой олимпиаде кечам бан Измите ва лууш хуьлда, ола.

Висит Асанов (Бекташ Демирел)-эрро агьо-

Нохчийн тренерша дIахош йолу Коджаэли «Кехатспор» дзюдо центро, дуьненан чемпион, Хонкарехь олимпиадан дзюдо тобане коьртачу тренер– «Хусейн Оьзкан» , аьлла цIе тиллина дуьненаюкъара турнир кхоьллина. Кхаъ шарахь Измит гIалахь дIайаьхна и турнир. Дзюдо тренершна и турнир йан дага а деана, «Кехатспор» клуб а царна тIе а тевжийна, Коджаэли провинцин мэрас гIо-накъосталло а деш, кхоьллина йу иза. ХIокху 2023 шарахь хилла кхоалагIа турнир. 1500 герга спортхоша дакъа лецийра цигахь (стохка 1200 спортхо вара). Кавказера, Азера, Балканашкар баьхкана бара спортсменаш. Нохчийчоьра, Гуьржин Панкиссера, ГIалгIайчоьра, Гуьржера, Казахстанера, Узбекистанера, Киргизера, Монголера, Румынера, Болгарера бара уьш.

Турнир дIайолайелли цкъа, дакъа лаца схьабаьхкна болу спортхойшна ( диъ де халха), зеделларг воьвше кховдадан а, кечам барна а, меттигаш то йо, кечйо Измитехь.

Хьасайн цIерачу турниран спонсор хилла, гIо-накъосталла дина Коджаэли провинцин мэрис, Коджаэли кIоштан Спортан Министерствас а. ТIедогIучу шарахь йуха хир йолу цу турнирана кечам беш бу хIинцехь.

Иштта, нохчийн спортхоша айийна, кхиош дIахьуш йу Турцехь дзюдо. Баккхий берш хIинца хьехархой хилла, церан доьзалхой а кхиамаш алсам бохуш къахоьгуш бу. Нохчийн къоман иза чIогIа йуьхькъам бу, Турци махкан, цуьнан байракхна а дозалла ду.

 

Милана Айдамирова

Yazarın Diğer Yazıları

Шайчарна хийра а волуш, нахана шайн а воцуш

Сулумбек Идрисовца йина йолу репортаж: «Даимна, сайна мел хууш дерг, дIакховдан кийча вара со...» Дукхах болу нохчий санна хьо а Казахстанехь дуьненчу ваьлла. Цигахь хила долу...

Истамбулехь «Панкиси» ансамблан концерт

  Лахьан-беттан 30-чу дийнахь Истамбулехь «Панкиси» ансамбло концерт йелира. Цу ансамблан эшаршка, мукъамашка ладогІа гулбелла бара нохчий а, чергазий а, абхазаш а, дуккха а Кавказан...

Эсамбаев Махмудна100 шо кхочур дара, «Нохчийн Хелхар» йа «Лезгинка»?

Хьалха санна, тахана а нохчийн юкъараллехь нохчийн хелхар дина ду - тойнехь, сцени тІехь, хьошалгІахь, дезачу деношкахь. Нохчийн культуран «шовда», къоман «йуьхьсибат» ду хелхар....

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img