Массарна хууш ду, Турци пачхьалкхан латар спортан коьрта тренерш (Дзюдо спортан санна) а нохчий хилли. Уьш схьабаьхкина чул тIаьхьа Турцин латар спортан халде дукха дикне дирзира, толамаш, кхиамаш алсам боьвлара. Амма тахан лерачу дийнахь, уьш дукхах берш болха беш бац, йа кхечу пачхьалкха дIа бахна бу. Цуьнан баьхкенаш, бахьанаш муьлханаш ду хаа лууш, царехь цхьацца болчарца зIене доьвлара тхо.
Кхин делахь а, хIинца Турци байракхан си айбош мидалш йохуш нохчий, йа нохчий тренерша Iамийна спортхой муьлш бу хаа лаьара. Дуьххьара тхуна жоп деллачарехь, Турцехь тренер хилла волу Ирбайханов Рустам вара (цIера Хаси эвлар/ГаланчIож Жевой, тейпан-Аьккхи). Цуьнан деваша Исхак вара Турцин пачхьалкхан латар спортан коьрта тобан коьрта тренер хилла шарашкахь.

-Де дика хуьлда Рустам. Жимма хьай доьзалехь лаьцна дийцахьа.
-«Сан да Висмурд, латар спортшколан директор вара, Росси пачхьалкхан сийлахь тренер волуш. Цул тIаьхьа и болх цуьнан жима вашас бира. Сан шиъ а ваша, цхьаъ а йиша йу. Сан сай хусамчохь, шиъ а йоI, шиъ а кIант ву. Боьрша бераш берриш а латар Iамош бу. Со со а жима волчу хенахь дуьйна сан де спортан школехь дешна ву. Дукха хьолехь, сан девашца Исхакца хилла ву со латар Iамош, кузан тIе волуш, кхиссалуш къовсаршкахь кхиъна ву. Дика схьавохуш вара со, амма массийтазза лазийна хилча, соьха тIаьххьара тренер хилара. Со пачхьалкхан гулам тобанчохь хилла, Росси пачхьалкхан мастер спорта волуш а -20 шо ду хIинца.
-Спортаца уьйра муха йолаеллера шу?
-Сан дена лаа-лиъна Совет Iэдал долуш хенахь Хаси эвлахь паргIат латаран секци схьайиллар. Сан деваш Исхак цу хенахь гIар ваьлла спортхо вара, СССРн чемпион волуш. Сан деда хьалхе дIакхелхара. Цундела, сан да и деваши, шей нана цхьаъ цайитархьам тренер болха беш юьртахь висар. Церан говза корматаллца церан спортшколер пхиъ деши мидалш йаьхна спортхой боьвлара.
Турце дахкар муха нисделира шу?
2006 шарахь сан деваш Исхак Турце кхайкхинера мехкан латаран спортгуламан куьйгалхо дарна. Сан девешин кIант Рамзан а вахара цуьнца. ТIаьххьари Рамзан Турцин чемпион хIоьттара, 2007-2008 шарашкахь Европан чемпион, Дуьнен чемпион, Олимпиадан чемпион а хIоьттара. Иза Турцин дуьххьара Олимпиадан мидал якхина вериг- Рамзан хилара.
-Латаран спортан халде муха дара цу хенахь?
-Туркойн латтар техника ледар йара. Цара Нохчийчоьх, ГIалгIайчоьх массо спорт чоьнаш тиллинера. Хаси эвла а иштта баьхкира уьш. Цу хенахь сан дешархой йуккъехь Росси пачхьалкхан призераш, Дуьнена йуккъехь турнирашийн чемпионаш бара. 2015 шарахь Туркойн латаран спортан куьйгалхой тхоьца барт бина, куьг таIийна чIагIо йина, тхо Турци даьхкира. Тхан коьрте Iалашо йара-Турцехь латаран спортан техника айба, тактика а хийца. Иштта дикачу хиламашка а кхача. Тхо дика схьадохуш дара цу новкъахь. Коьртера Командин хесап лакхара йара, призераш бара тхан. Со кегирхойн командан тренер вара. Амма даиман тхуна дуьхьалонаш лела йора, тхо кхечу мехкан лоруш, «йабаджи» ду бохуш (царна ма лаара, Турци махкан паспорташ делла, цIерша а хIийцан йолушшехь). Тхан бераш-дешархойш а къовсамашкахь лакхара меттигаш йохуш, Дуьненан а Европан а чемпионаш хуьлуш, схьабохуш болушехь. Исхак баккхийнаш Iамабеш вара, Рамазанса (Ирбайханов-Шахин) кхиан бохуш берш, ас а кегирхой Iамабора.

-Шу 2022 шарахь дIадахара Турцера. ХIунда? ХIун бахан дара цуьнан?
-2021 шаран тIаьххьара лерачу хенахь Турцин латаран спортан куьйгалхо хийцавелира. Керла веънарг тхуна чIогIа дуьхьал велира. «Тхуна нохчийн-дегIастанийн латар ца оьшу», цхьан журналистан интервью луш элар цо. Тхо арадаха бахьанаш лоьхуш вара. ТIаьххьари, тхай болх бита сацам бира оха. Латаран спортан федерацино тхуна баркалла а ца элира. Иштта дIадахара тхо Турцера.
-Таханлерачу дийнахь хIун деш ву хьо, хIун лелош ву?
-Спорт, ткъа чунна, адI йитина ас. Сай кхин гIуллакхаш деш Iаш ву со Москвахь. Сан деваш Исхак махкахь Дешаран а, Медицинан министран хьехамча ву.
-Дуккха спортхой бу вай тахан дозанал арахьа. Цуьнан бахьан хIун хета хьуна? Мухьаджирашна хIун ала лурр дара хьан?
-Вай спортхой дозан дехьа дIабоьлху, хIунда аьлчи цигахь некъаш, таронаш алсам бу. Мухаджирашна вай Iадаташ, вай нохчийн мотт биц ма бе ала луур дара суна. Дала аьтто бойла вайн массарна, Дала барта цхьаъ бойла вай!
Чингис Зубайраевца а жимма къамел хилара тхан (ЦIера ГIойтара, тайпана- Чунгро).
Чингис Зубайраевса дийцара:
-Турци маца веара хьо?

-«Цхьана шина шарахь болх бар нисделла са Турцехь. 2010 шарахь Юсуф-Эли олучу меттехь дара тхо. Цул тIаьхьа Ризе олучу гIалахь а. Цу бинчу болхаца цхьацца кхиамаш бара. Амма генара хан ю – кего оьший те-хьа, аьлла хета )) ХIинца гIара ваьлла шозза Олимпийски чемпион волу Абдулрашид Садуллаев бохуш ДегIастанер цхьа латархо ву. Цуьнан бен шена тIехь толам боцуш Европа чемпион ву иза. 23 олучу къийсамашкахь 3- меттиг йаьккхира ас Iамийна волу туркочо – Кадир Языджис а. Цул тIаьхьа, кху Турцехь, молодежный латаршкахь – чемпион мира греко-римски латар тIехь велир Беркан Акдемир цIе йолуш волу, ас Iамийна жима къонах .
Цхьацца чемпионаш боьвлар кегийчарна юккъехь ас Iамабиначарехь .

Амма ахь а динахь- бусахь хьоьгуш долу къа – «Эйтим меркезе» олуш метигаш йара уьш – кхи баш лоруш ца хийтир суна , лара дезачу кепехь. И бахьана долуш аса битира и болх. Соьца зIенехь ду хIинца а, и ас кхиина бераш. ЧIогIа хала хеташ бу со юкъара ваьлла . ХIинца дика тренерш хилла царехь. Масала, Беркант Акдемир (Дуьненан чемпион греки-рим кепер латаран) зIене велара соьца. Соц.медиа чохь сан сурта хIоттинера цо «ХIорш йуьхабохар бац, амма адмо цаьрга са-м туьссу», аьлла йоза йаьздинера.
Доккас (Амагов) дIа эцца аса хIетахь долийнарг . Дика кхиамаш баьхна цуьнан дешархош. Амма цуьна нохчий кегирхой бу Iамош берш – и чIогIа «мотивация» олуш долу хьал ду.»
-Хьан цIе фамили Турцехь хийцари ахь?
-«Чингис Зубайраев ю цу хенахь – сай йолу цIе- фамили. ТIаьхьуо гражданство йелча кхи фамили йу сан амма сай гуттар йолу цIе – фамили бен ас «афишировать» ца йо.»

-ХIинца мичахь ву хьо? ХIун лелош ву?

-«Со пенси вахна, Стамбулехь Iаш ву. Цхьа сурта гойтар ду ас хьуна. ХIара шира суртан тIехь ЧИАССРн латар спортан тоба йу, Румынера тобана дуьхьал къовсалур йолш . Орджоникидзе цIарахь йолу стадионехь Соьлжа гIалахь хилла иза (Грозный 1977 шо) . Со цигахь могIера (вукха агIоран) 5-гIа лаьтташ вериг ву, 1 – Хасимиков С. ву, 2 – Бисултанов А., 3 – Орцуев Х., 4 – Уциев А., 5 – Зубайраев Ч, хьалхахь лаьтташ вериг- Деги Багаев . Вай командо дукха бокха толам баькхара цу хенахь. Ас а Дуьненан чемпион Шерегели эшавира. Спортан исторехь дисна сурт ду- ала мегар ду цуьнахь.»
Тхо соцмедиа чохь Чингиси дешархо Акдемир Беркантца зIене доьвлара, цо а тхуна шей хьалха хилла тренерехь лаьцна хIара элира:
«Чингис латар спортан тренер вара сан 14 шо хьалха. Амма хIинца а къийсамашна кхечам беш цуьнца тренеровка йан луур дара суна. ТактиктIехь а, техниктIехь а чIогIа билгалонаш йолуш хьехархо вара иза. Дисциплина а чIога латтайора. Инзаре, тхуна цкъа йа гина, йа хиъна а йоцуш техкника, тактика а гайтар цо, дукха хIуманаш Iэмар тхуна цуьнах.»