Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Нохчийн Республикин Яздархойн Союзехь тхан цхьаьнакхетар

Дукха хан йац вайн «Жинепс» газето интервью зорбане яьккхира нохчийн къонахех, «махкан бахамех» лаьцна, масех жайнаш-поэмаш арахецначу нохчийн похІмечу йаздархо Тугузов Асланбекца. Цуьнан поэмаш, дуккхахь йериш, дуьненан меттанашка гочдина ду. Коьртаниг, иза нохчийн поэт ву. Цул совнах, хьехархо а ву. Цо иштта болх бо похІмечу кегийрхошца, къоначу яздархошца, мастер-класс луш. Уьш литературин, поэзин дуьнене нисбеш, кхетабеш, хькеъал луш, некъ гойтуш. И цхьаьнакхетарш, Асланбек декъашхо волчу Яздархойн Союзан цІахь хуьлу. «Литературан клуб» йу цуьнан цІе. Асламбекас кхайкхира тхан газет оцу рогІер цхьанакхетаре. Кху шарахь, Марсхьокху баттахь, тхо Нохчийчу дахча, хазахеташ реза хилира тхо цигахь дакъалаца. Цхьаьнакхетаре баьхкинера къона поэташ Мазаева Хава а, Усманов Адам а, яздархо а, ингалсан матте гочдархо а Нашхоева Марьям а. Иштта гІарваьлла волу яздархо Эльсункаев Надирсолт а вара цигахь.


Милана Айдамирова К.

Эльсункаев Надирсол

-Н. Эльсункаев: Россин яздархойн Союзан декъашхо, Нохчийн Республикехь вевзаш волу кегийрхойн «Дахаран цІа» театран куьйгалхо. Дуккха а дийцарийн, байташийн йаздархо-поэт. Дуккха а меттанашка гочдина ду «Хелисат» цІе долу цуьнан дийцар.

Яздархочо дийцарехь, цуьнан жайнаш Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу маьІІехь хиллачу бакъдолчу хиламийн буха тІехь кечдина, йаздина ду. «Хелисат» цІе йолчу произведенехь, бІаьргашца гинчара дийцинчунна тІе а тевжаш, дуьйцу махкахдохаран а, даймахка цІаберзаран вай нехан мур. «Сан произведенешкахь суна лаьа нахе абадене ойла йайта, хІунда аьлча, бІешерашкахь адамашна хьалхахь лаьтташ цхьатерра хаттарш ду: безам, ямартло, доттагІалла, оьздангалла. «Къоначу Абатин туьйранаш» цІе йолчу произведени ас тІедохучу чъкорна йаздина йу. Сайн коьрта аудитори- кегийрхой бу. Иза ас леррина кегийрхошна язйина ю, хІунда аьлча, суна цаьргахь го къоман кхане.», – чІагІдира Надирсолта. Цундера, кху литературан клуба со хазахеташ воху.», элира цо.

Цул тІаьххьа цхьа хаза байта йишийра. Цо йеш йолу йеха байтан кийсик йало луур дара тхуна:

«Чужды мне красоты Истанбула,

Не берут за душу их луга.

Мне б в тиши чеченского аула,

Вновь к твоим прислушаться шагам.»

Нашхоева Марьям

Нашхоева Марьям ингалсан меттан хьехархо а, филологин Іилманийн кандидат а, Ломоносовн цІарахчу Москван пачхьалкхан университетан белхахо а, Нохчийн пачхьалкхан университетан доцент а, Россин Яздархойн Союзан а, Россин Зударийн Союзан декъашхо а ю. Ша а хаза а, оьзда а жима стаг ю.

Стохка араелира Нашхоева Марьяман «Лаьмнийн тийналла» цІе долу жайна. «Лаьмнийн тийналла» роман лерина ю нохчий а, гІалгІай махках баьхна наханна. Иза Марьяман гергарчу нехан дийцаршна тІехь язйина ю. Марьямин бераллин дагалецамашна тІехь кхоьллина ду «Тарийн Тасним» дийцар. 1994-чу шарахь дуьйна цуьнан иэсехь дисна дериг -цуьнан «Жима ПетІимат» дийцар чохь ду. 2001 шарахь зорбане даьккхина цуьнан «Сидратан ІиндагІехь» цІе йолу жайна.

Гуламан шун йистехь цхьан Іаш Надирсолтас хьехар дира кегийрхошна: «Шайн кхетам шорбеш, мехкан а, дуьненан а кхиболу авторш талла а, йозанехь шайн хатІ лаха а, заманца нисбала а, шайн похІма кхиош, адам санна кхиа а деза шу. Кхийолу литература еша еза, йовза еза, амма цуьнах тарвала ца веза. Цу тІера диканиг схьа а оьций, шайн литературан хатІ кхио еза.», аьлла.

Тугузов Асланбек

-Асламбекс а тІетоьхна: «Шена хетарехь, нохчийн йаздархочун произведенеш, шайн култураца а, шайн башхаллашца а зІе ца йойъуш, шен нохчийн менталитет хьахош хила еза. Поэзан рифмел а чІогІа ритмик а ладаме йу. Цуьнах кхета веза къона йаздархо.», аьлла.

-Тхайн рогІехь: «Тхо йаздархой дац, оха газетан статьяш, репортаж/интервьюш йазйо, амма тхуна дагахь дисна ду вай къоман поэт, публицист, йаздархо волу Амагов Доккас тхуна далийна дешнаш. Цо тхуна тохка йелла йолу интервьючохь, нохчийн маттах а, литературех а лаьцна хаттарна жоп луш: «Нохчийн йаздархочо нохчи санна яздан деза. Ткъа и дан а, уггаре хьалха, хьайн хье чохь болу оьрсийн/туркойн «корта» дІа а байъан, хьайн нохчийн «корта» схьалато беза. Хьайн ойланаш нохчийн кепехь нисъе, нохчо санна ойла е, тІаккха хьан йоза а нохчийн хир ду!», элира тхоьга Доккас. Тхуна – махкан арахь болучарна, чІогІа оьшуш хьехам бу иза. Бакъ дериг дийцича, Росси пачхьалкахь Іаш берш а бу цу хьолехь. ХІунда аьлча, гондахь, дешаран, белхан меттигашкахь, лулахь-кулахь лелош кхин къоман мотт хилча, жим-жима ойланаш а лелочу маттанехь дІатарло. Жим-жима хьуьлуш корта а, лелар а, дахар а-хийцало. Хьайн нохчийн «корт», нохчийн мотт бицбан ца беза, таккха хьайн къомах вухар вац», элира оха. Адамийн куц-кепе хьаьжжина мах хадор дитина оха дукха хан ю. Вай массо а тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь дехаш ду, вай дехачу юкъараллица нисдала дезаш ду. Амма суна мехала ду стаг шен цІа чохь, коьрта чохь нохчо висар.

Нашхоева Марьямас ша ингалсан матте гочйина йолу Тугузов Асламбекан «Шейх Мансур» цІе йолчу поэмин кийсак йийшира гулбелчарна.

Мазаева Хава

Мазаева Хавас ше гулам-жайна тІера байташ йийшира гулбелчарна. ТІаьхьа совгІат дира «Поллан сакхт» цІе йолу шейн байтанаш гулар- жайна тхуна делла. (Даггара баркалла!)



Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш уггаре а жимах вара 12 шо бен доцу Усманов Адам. Оццул жима а волушшехь Нохчийн маттахь байташ язйо цо. Цо шен керла байта йийшира гулбеллачарна, ткъа хьешаша цуьнах лаьцна шайна хетарг дийцира тІаьхьа.

Цхьаьнакхетар доттагІаллин йовхонца, беркате чекхделира.

Дела реза хуьлда Тугузов Асланбекна, иштта похІме кегирхой, къоман йаздархойшца тхан хаза Іар нисдина. ТІедохучу шарахь юха иштта вовшахкхетар-Іар хуьлийла вай!

Усманов Адам

Усманов Адам (12 шо)

«Паччахь БІаьсте»

Пачхьаллин Іаламан васт а хуьйцуш,

БІаьсте йеана кхечи боларца эсала.

Шен башхалла, бакъонаш а йуьйцуш,

Даздар хІотти махках вуно мехала.

Хазаллица бІаьргийн нур а къагош,

Исбаьхьа зезагаш хьаладовлу керла.

Сан дог ахь дикачу ойланехь а дузош,

Гойтуш хьехураман чаккхенгахь серло.

Стигал сийна хІинца хьоьжу кІеда,

Бовха малх а бІаьстенца тайна бу.

Уьйра сан хьоьца, бІаьсте а ца хеда,

Хьо сихха йаре хийла сатийсина ву.

Дитташа а тІе аьцца бІаьвнийн куц,

ТІаккха шайна йуху дарих тегна коч.

Арахь тхи адолуш лепа цІаьхха буц,

Аре йина, бІаьстас шен матте гоч.

Хиш а дохлой хІинцца лийча пайде,

Іалам омранаш кхочуш деш хьийза.

Акхарой а хьунхахь сутар, сиха, каде,

Циггахь сама йаьлча чайтаІ цІийза.

БІаьсте санна вайга йогІу хІора хан,

Ца хилча санна йоьду сихлой дІа.

Дуьне тардой бераллехь гина гІан,

БІаьстен халхар соцуш ца ло ла-н.

Yazarın Diğer Yazıları

Рок-тоба «Нохчо» -1.гI дакъа-

Нохчийн республикера Соьлжа-гІалахь Іаш болу, шейн концептуальни альбом йолуш,  «НОХЧО» альтернатив  рок-тобан дакъашхой Бисаев Анзор, Шагериев Рамзанца йина интервьюн дуьххьара дакъа. Милана Айдамирова К. Нохчийн юкъараллехь...

Умхин Хьамзат: «Нохчийн маттаца ду вайн са» -2-

2.гI дакъа Нохчийн меттан говзанча, йаздархо, журналист, талламхо, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Яздархойн Союзийн, Журналистийн Союзийн а декъашхо, Нохчийн Республикан культуран «Хьакъволу Белхахо»...

Умхин Хьамзат: «Нохчийн маттаца ду вайн са» -1-

1.гI дакъа Нохчийн меттан говзанча, йаздархо, журналист, талламхо, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Яздархойн Союзийн, Журналистийн Союзийн а декъашхо, Нохчийн Республикан культуран «Хьакъволу Белхахо»...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img