Вайнахан аза Ocak 2021

0
64

27 шо долу Нохчийчуьра вахархо полисхоша вигина хила тарло

Ницкъахоша вигина 27 шо долу Кабилов Ахьмад бохуш, чIагIдо цуьнан гергарчара. Бакъоларъяран «Мемориал» центро бина цунах лаьцна хаам. Шен ненаца цхьана вехаш хилла Кабилов Соьлж-ГIаларчу Заводской кIоштан Андреевская Долина олучу меттигехь.

Стохка, ГIуран-беттан 29-чохь Ахьмад а, цуьнан нана Кабилова Лида а Iачу хIусамна чулилхира герзашца, Iаьржа духаршца а, туьтмIаьжгашца а волу пхийттех стаг.
«Шаьш муьлш ду а ца хаийтира цара, цхьана а кепара кехаташ а ца гайтинера, Ахьмадан нанас динчу цхьана а хаттарна жоп а ца деллера цара. Уггар а хьалха Ахьмадах катоьхна, уьйтIа ваьккхина иза, йовха бедар тIеюха а ца кхиош. Цул тIаьхьа цIийнах хьоьвсинера, иштта чуьра Ахьмадан цхьаъ а, ненан шиъ телефонаш а дIаяьхьинера шайца. ЦIийнах хIуммаъ ца карийнера. «Полке дIа а вигина, хье ца веш, юхавалор ву» аьлла хиллера нене», – хаамбо «Мемориало».
Бевзаш боцучу полисхоша Дечкен-беттан 6-чохь Кабилова Лидин цхьахйолу телефон юхаеанера. Ахьмадан гергарчара орца дехначу меттигерчу куьпах жоп лучу полисхочо аьллера цаьрга, кеста цIа воуьйтур ву кIант аьлла. Цул тIаьхьа ши де даьлча хаийтинера цо Заводской кIоштан полицин декъехь ву иза, «цуьнга бехк кховдо дагахь бу» аьлла.

«Кабиловх лаьцна кхин цхьана а кепара информаци яц цуьнан гергарчаьргахь. Полке а баханера уьш, цигахь дехар динера цара шайн кIантах дерг дийцахьара аьлла. Кабилов шаьш долчу валийна вац аьлла хиллера цара. Изза жоп деллера Соьлж-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхалехь а. Делахь а, цхьана официалан инстанци кехат чу ца делла цара», яздо «Мемориалан» бакъоларъярхоша.

КIирандийнахь Кабиловн цIийнах болу нах бакъоларъярхошка бевлира. Талламан комитете латкъамбан дагахь бу уьш.
Шега догIучунна, бакъо йоцуш Кабилов Ахьмад вигина хиларх кехаташ дахьийтина «Мемориало» Талламан комитете а, прокуратуре а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а. Цул совнах, бакъоларъярхой лерина бу Европан адамийн бакъонийн кхеле бовла а. (radiomarsho.com)

• Нохчийн бакъоларъяран «Вайфонд» организацино хаамбарца, Ахьмад пхеа вешех жимахверг ву. Лурчаха лачкъийна вигинчу Ахьмадан вешех Мохьмадах тахана а хууш хIума дац.
• 2015-чу шарахь нохчийн гIаттамхойх дIакхеттачул тIаьхьа лар йоцуш вайра иштта Кабилов Зайнди а.
• 2003-чу шарахь, Нохчийчохь тIемаш лаьттачу заманчохь, тIепаза вайра Кабилов Мовлди.
• 1995-чу шарахь дийна воллушехь шен деда вагийначул тIаьхьа кIелхьарваьллачу Кабилов Бухарина хан туьйхира гIаттамхойн могIаршкахь хилла ву аьлла. Цхьана ханна ша маьршаваьккхича ка елира цуьнан Оьрсийчуьра вада. 

***

ТимурзиевгIеран гергарнаш дIахецна Iедалхоша

Байначу беттан 28-чохь Соьлж-ГIалахь вийначу ТимурзиевгIеран шина вешин гергарнаш маьршабаьхна. Церан тайпанан векало Султыгов Рамзана бина и хаам.

«Тимурзиев Ахьмадхан а, цуьнан хIусамнана а, йоI а цIа бахкийтина, карарчу хенахь ГIалгIайчохь бу уьш», – аьлла, яздина цо Дечкен-буттан 11чу буьсахь фейсбукерчу шен агIонехь.
Шина кIиранчохь полисхоша лаьцна латтийра ТимурзиевгIеран Хьасанан а, Хьусейнан да-нана а, йиша Зарета а. Террорхойн организацешца церан юкъаметтигаш хиллий хьовсуш, зераш дира ницкъаллийн структурийн белхахоша.

Вийначу шина вешин ненайишин Дарсигова Томин аьтто баьллера Соьлж-ГIала а еана, шен йишин жимахдолу кхо бер дIадига ГIалгIайчу. (radiomarsho.com)

***

Исаева Асет нохчийн театран сирла седа

I937-чу шеран юьххьехь дIайолийра Бадуев СаьIидан «ПетIамат» драми тIехь репетици. ХIетахь доьзалхочух хиллачу Асетана кхаьчнарг башха йоккха роль яцара цу спектаклехь. Мовжди Калин роль кечъеш вара. Автор волу Бадуев СаьIид а, цу спекта¬клан режиссер хилла Батука¬ев ХIарон а дийнахь а, буса а театрера араволуш вацара, юх-юха пьеси тIехь болх беш. Наггахь репетици йоьдуш лаьтташехь цхьадолу суьрташ юха яздеш меттиг нислора. Актеран а Iаламат са-мукъадолура жигарабаьллачу балхах. Герга шершаш яра генеральни репетици хуьлу хан. Ша дIавалале кхо-диъ шо хьалха Батукаев ХIарона дий-цира соьга: «Буса сахиллалц «ПетIамат» спектаклан генеральни прогон еш вара со, кхана хила езачу премьерина кечлуш. Сатоссуш театрера аравелира, цIа а Ной, тIера духар мукъане хийца ас аьлла. Гена валале энкавэдеш-никашна тЫоттавелира. Уьш этIаеш, «ГаIамат» спектаклан кестта премьера хиларан хаам беш йолу афишаш схьайохуш бара. Со царна оьМазвахна чутасавелира: «Аш хIун до, йовсарш?! Уьш тхан театран афишаш ма ю. Тхан кхана премьера ма ю», – аьлла. Буьрса схьахьаьжначу энкавэдешни-ко жоп делира: «Хир яц шун премьера кхана. Кхин Бадуев хир вац цкъа а. Вели иза шен националистски-буржуазни зурманаш лекхна». Сан дог шелделира. Ткъа Iуьйранна ерриге а Соьлжа-Пала зIуган бенах таръелла зийзаш яра, Бадуев СаьIид лаьцна дIавигна бохуш. Тхан премьера а шен ден мере яха-ра», – чекхдаьккхира къамел Батукаев ХIарона. Соьлжа-ГIалина мел боккха иэшам беллахь а, рогIера къаьхьа хаам а, гIайгIане дийцар а хилла дIадирзира иза. Ткъа Исаева Асетан хIусаме беза бала а, ерза ца туьгу чов хилла боьс-сира и шийла кхаъ. Бадуев СаьIид а, цуьнца дIавигна, къайлаваьккхина Шарпудди а Асетан хIусамден нанас дена вина ши ваша вара. Цу шиннах хилларг хIун ду хьа-жа тIаьхьавахана Мовжди а НКВД-ехь къиза йиттина, ира ца хIуттучу хьоле ваьккхина, цIа хьажийнера.

ДIадекха безачу марве-жаршка кхаьчна сингаттам а, хIусамдега беана бохам а, болх а, аганара бер а, кхерч а – и дерриге а Асетан кочахь диснера. Иза уггаре а хьалха нохчийн зуда яра, гIиллакх-оьздангалла шен сица долуш, марзахошка кхаьчначу балин деза дукъ цаьрца цхьабосса декъа декхарийлахь йолуш. Цул совнаха, ваша воцуш кхуьучу кхуьнан шина йоьIан ши деваша вара и чувоьлли-нашиъ, цу балхо къаьстти-на базбора кхайкхаза беана бала. Амма массо хIуманал Асетан садууш хилларг шина вешин сингаттамо самалди-на Мовжди маларехьа валар дара. Зудчунна Iаламат хала дара, ша церга балда лаьцна, боьттинчу кхерчан коьрта гIортор галъялар. Исаева Асетана хаьара, ша осала ялахь, дуьне ма-дду доьзал боьхна-баьржина дIа-схьа гIур буйла.
Жима йолуш дуьйна хьекъ-алца а, собарца а къаьсташ хилла йолчу Исаева Асета, къар ца луш, текхайора шен кхерчан ворда, йохьах ца юхуш, архаш шен буйнахь къу-ьйлуш, къизачу дахаро кхин а чIогIа инзаре киртигаш шена кечйинийлахууш.

1941-чу шарахь тIом бели-ра. Цу халчу муьрехь артистка йолчу Исаева Асета юьхьар-дерзийра тIеман некъаш, Концертни бригада кхоьллира Нохчийн театрах. Эсамбаев Махьмуд, Татаев Ваха, Зубайраев ЯрагIи, Исаева Асет, Мустапаева Хьулимат, Ташухуджиева Асет, Айдамирова Марьям, Ганукаева Йисита, Исакова Зина, иштта дуккха а кхиболу вайн артисташ кхачаза цхьа а фронт йисина хир яц. Хийла майрачу бIаьхочун дог ира-кара хIоттийна цу тобано шайн хелхаршца а, иллешца а. Амма хьанала къинхьегам тидам боцуш битара дерачу Даймахко. Дерриге нохчийн халкъана къизачу шелонца цIевзина еанчу 1944-чу шеран 23-чу февралан Iуьйранна шен къомаца махках яьккхира Нохчийн театр а. БIешарел дахделла кхойтта шо. Харцоно хьаьшна чёкхъяьлла жималла. Инзаре эрчонаш ловш доьзал-на напха лаха дезар. Безачу Даймахкана ямарт хилла аьлла йолу цIе кхоллар. И дерриге лайна Асета, юьхьIаьржонех Дала ларйина, кхуьнан цIенчу даге хьаьжжина, цу зиэрех чекхяьлла актриса. Ткъа 1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо елча, массарел а хьалха цIаеана, йогIуш лаьтташехь шена дукхаезачу театре еара.

Цу 1957-чу шарахь меттахIоттийначу Нохч-ПалгIайн республикан куьйгалло, культура йоцург къам доцийла хууш, кегийрхойн тоба кечйира Ленинградерчу театральни институте деша яхийта. Исаева Асета шен кхи-ина йогIу ши йоI – Тамарий, Раисий -туьйхира цутобанах дIа. Ткъа ша Исаева Асет а, цуьнан хIусамда Бадуев Мовжди а юхаденлучу къоман театрехь лераме меттиг дIалоцуш хуьлу. Театр карлайоккху «Майра Кикила» цIе йолу спектакль. Хууш ма-хиллара, хIара шиъ цу спектаклехь дакъало-цуш ду, иза боккхачу кхиамца тIеоьцу хьовсархоша. Иштта карлайоккху азербайджански драматурган Гаджикасимовн музыкальни комеди тIехь хIоттийна «Аршин-Мал Алан» цIе йолу спектакль а. Нохчий цIерабахале и спектакль хIоттош Исаева Асетахтеший-нарг лирически кепехь, кхиина догIучузудберан рольхиллехь, хIинца гIеметтахIоьттинчу актрисас ловзош ерг коьртачу турпалхочун Аскеран дейи-шин Децин роль яра. Кхузахь гучуевлира Асетан комически таронаш. Уьш доза доцуш шуьйра а, кIорге а хиллера. Хан дIаиккхина зуда ша елахь а, Децин самукъадолура -хелхарх а, забарх а, зевнечу мукъамех а. Дала делла дахар деза сов Матхетачех яра цу спектаклехь Исаева Асетан турпалхо, Къегина. басарш ца кхоадора актрисас хьов-сархошка и сирла васт дезаш тIеэцийта. 1939-чу шарахь нохчийн къоначу яздархочо Музаев Нурдис, режиссера Вайнштейна гIо деш язйинчу пьеси тIехь театро хIоттийначу «Мекхаш-Мирза» спектаклехь хьовсархошна актрисехь то-саелла комедийн таронаш онддачу ницкъаца карла-евлира «Аршин-Мал Алан» цIе йолчу спектаклехь. Оцу кхиамо дегайовхо кхуллура режиссерийн дегнашкахь. БIаьрла гуш дара, хиьнццалц шен х!усамден, халкъан арти-стан Бадуев Мовждин маьл-хан зIаьнарех лепачу кхиа-ман IиндагIехь къийлаелла Исаева Асет комически жанрехь, массо зIараш кегдеш, тIомайолуш хилар. Иштта хи-лира азербайджански драматурган Шамхаловн пьеси тIехь Нохчийн театро хIоттийначу «Марнана» спектаклехьа. Кху-захь синтем боцу деца Жанати хилира Исаева Асетах. Несана реза йоцу марнана. Шен цхьаъ бен воцу кIант Ильгар дакъазваьлча санна хета актрисас говза ловзочу турпалхочунна. Кхуо хала ма кхиийнера иза, тIехь да воцуш, муха тешор ву арахьара тIееъначу зудчух? Амма эвхьазаяла кечъелла маонана сихонца меттаялайо кIентан кадечу доттагIаша.Иза дерриге а – самукъане-чу забаршца, бехке доцчу хIилланца, хьаналчу дахаре кхиочу цIенчу безамца. (3гь дакъа а ду)

CEVAP VER

Please enter your comment!
Please enter your name here