Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

“Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац!”

“Таханлерачу дийнахь вай массарна а цхьаьна болх бан беза нохчийн меттан мехалла лакхааккхархьама – мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац! Маттаца доьзна ду гIиллакх, оьздангалла хилар, Iадаташ лардар! Муьлхха а мотт, и буьйцуш ца хилча, бов, цундела мотт хаар дазда деза. Вай нохчий ду, вайна оьшу ненан мотт, и хаар – дозалла ду!”

 

– Беран дахарехь хIун маьIна ду ненан меттан?
-Ненан мотт – нохчийн мотт, нохчаша шайн мотт – ненан мотт лору, хIунда аьлча дуьнен тIе ма деллинехь, беран дахарехь цунна юххехь даима а нана йолу дела. Дуьххьара дешнаш цунна ненера хеза, цо уьш кхиадо, цундела хьалха берана шен ненан мотт Iамо беза.

– Нохчийн моттa a ЮНЕСКО организацино ларбеш бу, и дIадевла герга долчу меттанашна юкъахь болу дела. Царна хетарехь гергарчу бIе шаранчохь нохчийн мотт дуьненчура дIабер бу. Оцу кхерамна дуьхьал латталур дуй? Нагахь санна делахь, муха?
-2015 шарахь ЮНЕСКО Нохчийн махкахь таллам биначул тIаьхьа сацам бира: нохчийн мотт бан герга бу, аьлла. И ца байтархьама, Нохчийн чохь куьйгалхоша а, Iилманчаша а, хьехархоша а болх бо: массо а гимназешкахь а, ишколашкахь а нохчийн мотт Iаморна тIе боккха тидам тIебохуьйтуш бу. Берахь дуьйна нохчийн мотт Iамо беза, бийца беза доьзалехь а, арахь шайна юкъахь а. Мотт шарбалийтархьама, дIадижале бере нохчийн маттахь киншкин тIера цхьа агIо ешийтича дика хир ду. Цул сов, нохчийн мотт шена чохь дуккха а кицанаш а, хIетал-металш а, хьехамаш а болуш бу, царех а пайдаэца беза, уьш а Iамо деза.

– Муьлхачу хьолехь бу нохчийн мотт? Вайн бахархойн нохчийн маттах кхетар, яздар, бийцар муьлхачу барамехь ду?
-Таханлерачу дийнахь вай массара а цхьаьна болх бан беза нохчийн меттан мехалла лакхаяккхархьама – мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац! Маттаца доьзна ду гIиллакх, оьздангалла хилар, Iадаташ лардар! Муьлхха а мотт, и буьйцуш ца хилча, бов, цундела мотт хаар дазда деза. Вай нохчий ду, вайна оьшу ненан мотт, и хаар – дозалла ду!

– Муьлха меттиг дIалоцу нохчийн матто вайн дешаран системехь? Ша реза юй оцу цунна?
-Ишколашкахь а нохчийн меттан сахьташ алсам хилча дика хир дара. Боьвзуш болчу нахаца вовшахкхетарш а, деза денош даздар а, нохчийн маттахь вина де даздар а, кхоллараллин суьйренаш дIаяхьар – дерриге а нохчийн маттахь хилча бакъахьа дара. КIиранах цкъа мукъане а дешархой Iелам нахаца маьждигехь вовшахкхетча вуно дика хир дара.

ТIаьхьарчу шина тIамо хIаллакъдина чкъор ду хьалакхиъна. Церан ненан маттах кхетар, ешар-яздар дукха лахарчу тIегIана тIехь ду. Муьлха билгалдаккха мегар ду иза, стен гойту иза?
Ши тIом хиллачул т1аьхьа, дукха доьзалшкахь тIехь да-нана, я божарех баккхийнаш боцуш кхиина бераш ду. Iамо стаг ца хилча, кегийчарна шайна ца хаьа хIун дан деза, цундела тIетаьIIина уьш Iамо беза. ЧIогIа дика хир дара нохчийн мотт Iамош болу хьехархой алсам хилча, кIиранах цкъа дешархойн кхетош-кхиоран урок хилча.

– 21-ра февраль ненан меттан де хиларца, хIун тIетоха луур дара хьуна?
-Массо а ишколашкахь, гимназешкахь, колледжашкахь ненан меттан де даздар – иза нохчийн мотт ларар а, цуьнан сий айар а хир дара. Вай даьржина ду хIокху дерриге а дуьненахь, вай гIо дича дика хир дара кхечу махкахь Iачу нохчашна нохчийн мотт ца бицбалийта, и Iаморехь. Ненан меттан де даздеш жигара дакъа лаьцча дика хир дара кегирхоша, яздархоша, Iилманчаша, хьехархоша а – иза нохчийн мотт, шен къам ларар гайтар ду! Москвахь ткъа шарахь аса ткъа (20) киншка арахецна нохчийн мотт Iаморехь гIо хилийтархьама.

-Дела реза хуьлийла тхан газетана тидам барна, тхуна хан яйъарна а.
-Дела реза хуьйла шуна, дог а лозуш, аша нохчийн мотт ларбарна! Дала аьтто бойла шун массо а дикачу гIуллакхаш тIехь!


Хамидова Зулай Хамидовна

Филологически Iилманийн доктор, профессор

Бачин Хьумидан йоI Зулай – Хамидова Зулай Хамидовна!

ЦIера Йоккхачу АтагIара пхьамто йу. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа, хьехархойн институтан ректоран болх бина.

Москвахь Iилманан Академин языкознанин институтехь филологически Iилманан кандидат хиларан диплом схьаийцира, тIаккха цу институтехь филологически Iилманан докторан диплом схьаийцира!

I984 шарахь дуьйна Iилманан сийлахь гIуллакхо йу!

Пачхьалкхан кхерамзаллин а, дуьхьалояран а, бакъонийн низам а лардаран Академин профессор а, академик а йу.

Iилманехь а, дешарехь а, оьздангаллехь а, исбаьхьаллехь а йолчу Михаил Ломоносовн премин лауреат йу.

Россин яздархойн союзан Московски организацин декъашхо йу.

Москвахь Iачу 20 шарахь нохчийн мотт Iаморна лерина 20 киншка арахецна. Кегийчарна а, баккхийчарна а нохчийн мотт Iаморан центр дIайиллина Москвахь Зулайс!


Кху къамелан кийчым беш накъостал дина Шахьин Сайылганан тъакх Тайлан ХIанан аса дуккха а баркал до.

Yazarın Diğer Yazıları

«Мотт-къоман са ду» – 2гь дакъа

Амагов Доккац йинайолу репертжан тIеххьарлер дакъа: «Дуьненчохь нохчийн диаспораш алсам йовлар - Нохчийчохь тIемаш хиларна бахьна ду. Нагахь цу диаспорин шайн къомаха ца хада Iалашонаш...

«Мотт-къоман са ду» – 1гь дакъа

Амагов Доккац йинайолу репертжан дуьххьарлер дакъа: «Нохчийн маттана цхьанна матто а йир яц новкъарло. Нагахь нохчийн мотт вайн къомо шайн доьзалашкахь Iалаш бахь. Уггаре а...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img