«Мотт-къоман са ду» – 1гь дакъа

0
1327

Амагов Доккац йинайолу репертжан дуьххьарлер дакъа:

«Нохчийн маттана цхьанна матто а йир яц новкъарло. Нагахь нохчийн мотт вайн къомо шайн доьзалашкахь Iалаш бахь. Уггаре а хьалха доьзал чохь Iамош бу муьлха мотт а.»

– Мел хан ю хьо Туркойн махкахь волу? “Даймохк“ элла цIейякххича уггар хьалха хьуна дагдогIундерг хlун хирдара, Даймохкан хьо мел уллера хета, мел гена хета хьуна?

– Со Турцехь нисвелла 18-19 шо ду. Цу ханна юкъахь «Даймохк» боху дош сайна хезча сунна уггаре а хьалха дагадогIрг сайн да, нана ду. Церан сибаташ, церан гIиллакхаш, церан хьехамаш. Сан кхетамца, сан сица, сан ойланашца даима лаьтташ ду уьш.
Иштта соьца бу сайн Даймохк. Со цунаха хер луш вац. Со мел генахь леларх а, муьлхачу хьолахь хиларх а. Вуьшта Туркойн махкахь со вехаш мелла синтем а хуьлу суна. Турци бусулба динан паччахьалкхе а хиларна, туркой шаьш хаза гIиллакхеш долу къам а хиларна.

– Хьалха хенахь Нохчийчоьхь дипломат а халкъан векал хилла хьо, амма хьо спорт Iамош хилли а хаа тхуна. Муьлха спортан тIетоьвжина ву хьо? Профессионал спорт йини ахь? Спорт Iамо аьтто хилли хьан Туркойн махках?

– Спорт бераллехь дуьйна езна ю суна. Ткъа университетехь айса доьшучу хенахь охьатохаран спортехь а лелара со. Цигахь цхьацца кхиамаш а хуьлура сан. Вуьшта ас цкъа а йитина а яц спорт.

Цундела со Турцехь нисвелча, нохчийн берийн команда вовшах а тоьхна, цаьрца болх бан волавелира со. Вуьшта, тхан командехь хиллачу 35 берашна юкъехь кхечу къоман бераш а нислора.

Юххьенца тхуна цхьа а аьтто боцуш хала дара. Иштта дикка Iийра тхо. Эццахь тхоьгара хьал хезначу Кожэларчу «Кехат спор» клубера тхуна доккха орца кхечийра. Цара тхуна мел оьшучунна гIо дира. Тхан ерриг а команда «Кехат спор» клубна юкъе йигира.

Тахна тхо «Кехат спор» клуба чохь ду. Со вайн берийн тренер а волуш. Тхан дика кхиамаш а бу, ерриг а Турцехь хуьлучу спорехь лата а оьхуш. Бакъду КОВИДо новкъарло ярна цкъачунна цхьацца хIумнаш кIелдуьту тхан.

– Нохчийн моттан а историйн тIехь болх беш вуйла, толлуш вуйла а, язйеш вуйла а байтш язйеш вуйла а хаа.

Нохчийн моттан бух Урарту моттаца тера хилара дуьцу масала. Хьинц буьцу Нохчийн мотта а хьлх хенахь буьцуш хилла болу моттан а юкъахь хьаьжча, Нохчийн моттанах хlун дайна? Моттан пайде хилла хIумма а дуй?

– Мотт-къоман са ду. Нагахь мотт лахь, цуьнца цхьана дIадовш ду къам а, цу къоман истори а. ТIаккха къам хилар а, иза дIадалар а Делан лаамца бен хила йиш яц. Ша реза воцу къам Дала дIадойуш ду, иза кхечаьрца хьийца а хуьйцуш. Днла Шен къинхетамца къаьмнаш кхуллуш а ву. Цу къоманна мотт а, мохк а, бусулба динца догIу гIиллакхаш а, Iадаташ а луш, Иза вайга Дала ша боху Шен КъорIанчохь. Нагахь вайгара Дала мотт а, мохк а, динца догIу гIиллакхаш а, дин а дIаэцахь, иза вайна Дела реза цахилар ду.

Цундела вайна хаа деза, къоман мотт – вайна Дала делла совгIат дуйла. Уггаре а хьалха ишттачу кхетамна тIетовжуш беш бу ас беш болу талламаш. Масала, дукха дуьйцу, нохчийн мотт Урарту маттаца цхьана богIуш хиларах лаьцна. Кхузахь вай цецдовла хIума цахета суна.

Цул а совнаха, иза кхин а генара хета. Адам-пайхамара (а.с.) , Ноах-пайхамара (а.с) Ибрахьим – пайхамара (а.с.) бийциначу меттанашца ша боьзна а болуш. Масала, «пайхамар» бохучу дашах а этимологи йина ас сайн белхашкахь.
Вай бечу талламашкара иштта схьагуча долу, уггаре а хьалха хилла Тоуратан мотт а шира нохчийн мотт хилар. Вуьшта аьлча, шира арамейн мотт бу иза. Нагахь кхечара иза иштта дац бахахь, вай бохург иштта дац аьлла шайн делилаш дахко деза цара. Ткъа вай кийча ду, вайн делилаш царна охьадахка.

ТIаккха хIинца буьйцучу нохчийн маттана а, ширачу нохчийн маттана а юкъера башхаллаш вай йицахь:

а) меттан дешнаш хьуна дика хаарха тоьаш дац, нагахь хьуна уьш говза охьа дахка цахаахь. Хаа хууш говза буьйцура иза хьалха баккхийу наха. Цара санна говза иза хIинца лингвисташа а цабуьйцу.

б) нагахь еш йолу ойла, масала, гIазкхийн, туркойн, ингальсан маттахь а йолуш, ахь нохчийн мотт бийцахь, иза цIена нохчийн мотт цахуьлу. Иза цу меттанашкара, нохчийн маттахь ахь деш долу хьайн ойланийн гочдар ду. Ткъа копия цкъаллийг цкъа оригинале кхочуш яц. Мотт цIена хуьлу, нагахь хьан дагчохь дерг а, хьекъалца дерг а цхьанаэшаре хьан маттаца догIуш делахь.

в) – литературни мотт бийца, диалектеш ма йица, бохучу къамаьлаша доккха зIе дой вайн маттана. ХIунда аьлча, цу диалекташца йиссина вайн меттан ширалла ю. Цу меттан шираллица юха метта хIоттало вайн историн агIонаш а. Масала, Тоуратаца доьзна дерг а, Урартаца доьзна дерг а, кхин а шорта. Иза дац, вайна литературни мотт цаоьшу бохург. Кхузахь вай билгаладоккхург мел йолу диалектеш вайн къоман мотт хилар а, царна шорто хила езар а ду.

– Нохчийн моттано новкъло йина кхин мотт буй? Муьлх меттанах новкъло хилла Нохчийн моттан?

– Нохчийн маттана цхьанна матто а йир яц новкъарло. Нагахь нохчийн мотт вайн къомо шайн доьзалашкахь Iалаш бахь. Уггаре а хьалха доьзал чохь Iамош бу муьлха мотт а. Нагахь нанас шен бераца шен мотт цабийцахь, эццахь галдолуш ду дерриг а. Цундела цунаха -ненан мотт а олу. Нанас буьйцу мотт беро а буьйцур бу. Кхин дIадолу хабарш бух боцуш ду. Вай цабоху, мотт Iамош Iэдало аьттонаш бан цабеза, иза кхин агIо ю.

Айса аьллачунна цхьа масала далор дара ас. Цкъа Стамбулехь, со волчохь хьошалгIа хIотта баьхкинера, хьалха заманчохь Турцехь схьабаьхкиначу нохчеха цхьа доьзал.

Кхузткъе шерашна герга цхьа оьзда нах бара уьш, майрий, зудий, церан воккха кIант а. Майрочо а, зудчо а цIена нохчийн мотт буьйцура. ХIусамнанас цIеноха а буьйцуш.

Майра тайпанна хьакко вуйла суна хаьара. Ас ткъа цуьнан хIусамнене хаьттий; – Марэйма, хьо муьлхачу тайпанна ю аьлла. Марэйма ас шега и хаттар делча ела елира; – со нохчо ма яц, турко ма ю со, аьлла. Цо иза аьлча, дукха цецваьлла ас цуьнга хаьттира;- ахь муха Iамийна нохчийн мотт, аьлла.

ТIаккха шен хIусамдега дIа а хьаьжна цо элира; – хIокхунан дас, со кхуьнга еъначу хенахь, кхо бутт хан елллера суна нохчийн мотт Iамо, нагахь кху цIен тIехь хьо Iэн лууш елахь Iамор бу ахь иза, аьлла. ВаллахIи, и кхо бутт хан яланза ма яра, нохчийн мотт суна Iэмича, аьлла ела елира иза. Ас и масала даладий, шайга нохчийн мотт Iама ца ло, бохуш, бахьнаш лоьхучарна. (2гь дакъа а ду)

 

Амагов Докка

Вина Нохчийчохь, Соьлжа – гIалахь. Ишкол чекх йаьккхина Итон-кхаьлларчу туьшан ЧIаьнта – юртахь. 1983 шарахь чекх йаккхийна Ставрополерачу хьехархойн институтан физик-математикан факультет.

Цу шарахь дуьйна ишколехь болх бина физик-математик хьоьхуш.

ТIаккха 1985-1992 шерашкахь болх бина ишколан директор – куьйгалхо волуш.

1992-1994 шерашкахь болх бина нохчийн къоман литературни журналан редакцехь.

1994-1996 шерашкахь тIеман декъахошца хилла.

Январь баттахь 1997 нохчийн Парламентан депутат хержийна. 2002 дуьйна Турцехь ву, нохчийн Парламентан векал санна.

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz