Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Текхарго аьлларг

Хьалхалерачу заман чохь вехаш-Iaш хилла цхьа онда нарт. Адамашна чIогIа оьгIаз а вахана, церан юрт ягийна цо. И ягийна ша ваьлча, луьстачу хьуьнан йисте а вахана, мохь тоьхна цо дийнаташка а, сагалметташка а:

— Дадалург, дада, тIема дала ницкъ берг, тIема дала! Со кху хьуьнах сийна цIе лато воллу! — аьлла. Кхин хьем ца хуьлуьйтуш, ша ма-аллара, хьуьнан цхьана маьIIера дуьйна цIе тесна наьрто. КIелхьаравала ницкъ кхаьчнарг, кIелхьарволуш, цIеран гIовгIа бен йоцуш, тийналла хIоытина хьуьнхахь.
Я.гна яьлла хьун. Хилларг, хIун ду-те, аьлла, хьуьн чухула волавелла наьрт. Хьуьнан цхьана маьПехь, алу тIехь бетталуш, текхарг гина наьртана.

— Дакъаза ма бала хьо, текхарг, xlapa цIе йиллале, аса тоьхна мохь ца хезира-те хьуна? ХIунда Iий-те хьо кху цIера юккъехь? — хаытина наьрто, гуш долчу суртах цецваьлла.

— Хаза-м дера хезира суна, наьрт, ахьа аьлларг, ца хезира ала бакъо яц сан. Бакъ ду, наьрт, кху хьуьнхахь бина а, кху лаьттахь кхиъна а бара со. Ахь бохург а дина, бовзазчу хийрачу махка а бахана, кхечарна несалахь хуьлучул, кху сайн махкахь балар нийса хийтира суна. ХIокху лаьттан экъан тIехь суна массо а хIума ду гергара, xIapa бу сан дайх бисина кхерч. Кхузахь сайн лаамехь Iожалла тIеэцар вуно нийса хета суна, — аьлла бала бетталучу текхарго, ца кхеташ, цецваьлла шега хьоьжучу наьрте. (nochalla.com)

Yazarın Diğer Yazıları

VEFAT

Çerkes edebiyatının yazar ve şairi Meşbaşe İshak’ı sonsuzluğa uğurladık. 90’ın üzerinde kitabı olan, eserleri toplamda 4 milyondan fazla baskı yapan Meşbaşe İshak’ın kitaplarından bazıları dünya...

Mezbjen Dragon Bot hafta sonu yarışacak

Gaziantep Büyükşehir Belediyesi tarafından bu yıl 7’ncisi düzenlenen Uluslararası Rumkale Su Sporları Festivali 7 Eylül’de başladı. Festival, doğa yürüyüşü, bisiklet yarışı, yüzme, dragon bot...

Mehmet Ayberk Koşak altın madalya kazandı

Uzunyayla Methiye Köyü’nden Mehmet Ayberk Koşak, 21 Ağustos-3 Eylül tarihlerinde, İtalya’nın Taranto kentinde düzenlenen 20. Akdeniz Oyunları’nda artistik jimnastik halka kategorisinde 14.250 puan alarak...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img