Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

ГIелонах бевдда зударий дIалечкъачу хIусамна тIелетта ХIинжа-ГIалахь

Мангал-бутт 11, 2021

ХIинжа-ГIалахь тIелетта цIерачара ечу гIелонах бевдда зударий дIалечкъинчу хIусамна. Нохчийчуьра бахкина нах а, меттигера полици а хилла дакъалоцуш. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаам бина бакъоларъярхочо Анохина Светланас.

Корреспондентца иза къаелдеш а Iаш, дина тIелатар. Зударий дIалечкъинчу петар чулилхина божарий. Анохина а, цуьнца кхин йиъ йоI а петарара араяьккхина, маситтазза тоьхна царна. Гарехь, Нохчийчуьра бу гIелонах Iалашлуш шен цIера едда дIайига баьхкинарш.

Анохинас Кавказ.Реалиига дийцарехь, полисхой баьхкина, цара Нохчийчуьра едда йоI федералан лехамехь ю, аьлла. Зудабераша чубитина уьш, уьш дареш дIа а яздина, дIабахана. Амма хан генаялале юхабаьхкина полисхой, шайца кхин нах а болуш.

Анохина, кхиболу волонтераш а полице бигина. Iедална дуьхьалоярх долу кехаташ хIиттийна царна дуьхьал. Нохчийчуьра едда йоI петарахь йисина цIера баьхкинчу нахаца, цул тIаьхьа хилларг ца хаьа Анохина Светланина. Цунна хетарехь, Нохчийчу дIайигина цигара едда еънарг.

«Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано» ша «Медиазона» ресурсе бинчу хаамехь цIеяьккхина цуьнан – Тарамова Хьалимат Аюбовна. Цо бахарехь, шен сексуалан башхалла бахьанехь цахь еттачуьра кIелхьараяьлла, едда хилла иза. Нохчийн оппозицин 1Adat телеграм-канало видео яржийна юьцучу йоьIан. Цо шен це а йоккхуш, боху, ша цIера едда шена ечу гIелонех, доьху ша йолу меттиг цайийцар. Телеграм-канало дицарехь, лаккхарчу хьаькаман йоI ю иза. (radiomarsho)

Yazarın Diğer Yazıları

Асҭамыр Кәыҵниа имултфилм ҿыцқәа

Амультипликатор Асәамыр Кәыәниа мышқәак раәхьа ахәыҷы рацәа еизигеит. Иара иаәиәаз аәсуа мультфильмқәа әба: «Риәа алегендеи», «Ахьча Чаҳмаәи Аәсәаа Қәамзачи» рәыргараәы азал азна әәын. Амульфильмқәа...

«Дзакәыда Миҳри» Анҭалиаҿы

Анҭалиа Азиндырҩыцәа Рнаплакы, Аҳәса Рзинқәа Ауаажәларратә Хаҵеи-Ҧҳәыси Реиҟарара Акомиссиа еиҿнакааз, Аҳәса ирызку Акинофилмқәа цәыргара иҭагӡаны, адокументард фильм «Дзакәыда Миҳри» гьы иыубарҭан. Хәажәкрамза 13 рзы,...

Акоманда Нарҭ чемпионхит

Аҧсны Супер Куп Ашьапылампыл Чемпионат аҿы, акоманда Нарҭ аиааира агыит. Афинал мач, Динамо астадиум аҿы, Хәажәкрамза 20 амш, акомандақәа Ерцахәы’и Нарҭ’и ирыбжьан. Ҭашәарада инҵәаз 90...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img