ЧОЬХЬАРА НАХ
Цхьа стаг шен стунцахой болчу вахана хилла. Ламаз хан тIе ма кхаьччинехь, маьнги тIе ламаз дан хIоьттина иза. Цу хенахь цIенкъа юккъе текх а диллина, бод хьакхош, юучу хIумана гIайгIа беш стуннана хилла.
– ОллохIу акбар, – аьлла, охьатаьIаш воллу нуц, пенах дIа а кхетта, гал а ваьлла, цIенкъарчу текха чу кхетта.
ТIаккха сихха хьала а гIаьттина, шен дукха юьхьIаьржа хIоьттиначу невцо элира боху стуннене:
– Дика ду-кха хIоккхехь хийра нах ца хилла.
***
НУЦ
Нуц хила тъом бин цIавеан, тъакх стуннана а стунда волчи вахан хьар.
Стундас бах: тъакха хьу Iеман хьун?
Нуц: До хьачкш гой хьун?, – тъакх автомат аьцан хьачкш йолчи дъайит волвела.
– ишт ас гIаски салтыш бейар хьун.
– кхи хьу Iеман?
– до хьоштах гой хьун? – тъакх гранатомет аьцан хьоштах аьккхитан.
– ишт ас цер БТР аьккхитар хьун. А са стуннан тенгах ю?
– изам хьо хьавали оц БТР чохь Iаш яр!
***
АМАЛ
Йоккхачу АтагIара пондар локхучу ГIачас ткъе цхьаъ зуда ялийна хилла. ТIаьххьара ша ткъе цхьаллагIа зуда ялийча цо аьлла шен зудчуьнга:
– Со зуда атта дIайогIийтуш ву хьуна, ас аьлларг делахь. Вайга хьеший баьхкича, со хьайга хьаьжча, царна юург яла езийла хаалахь.
Дикка ла а доьгIна, зудчо аьлла:
– Ас корта ластийча, ас лур йоцийла хаалахь.
(Нохчалла)