Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Шен кIантехь Iазап латтийначу дена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина Нохчийчохь

-Гезгмашин-Бутт 11- 

Кест-кеста шен кIантана етташ хиллачу Нохчийчуьрчу дена дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх. Шела-кIоштан вахархо дIалаьцна, иза чохь вуьтуш сацамбар ду дийцаредеш аьлла, хааам бина REGNUM интернет-ресурсо, регионерачу прокуратуран пресс-гIуллакххошна тIетевжаш. 

Доьзалехь ницкъбеш хиларх кху шеран байначу баттахь кхаьчна информаци шен лерринчу тергоне эцнера мехкан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис. 

Талламаш бинчул тIаьхьа гайтинчу жамIашца бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдан сацамбира прокуратурано, кхиазхочуьнгахь Iазап латторна. 

«Къаьстина, 39 шо долчу стага денна бохург санна шен кIантана етташ хилар, цуьнан дегIана, психикана а чевнаш еш», – яздо прокуратуран информацехь. 

Иштта бинчу талламахь гучудаьлла, доьдучу шарахь масийттазза административан жоьпалла цунна тIедожийна хилар, шен ден декххарш эвсара кхочушдеш цахиларна. 

  • Алтай Республикехь 38 шо долчу нанна кхело таIзар кхачийра Охан-баттахь, цо шен йоI етташ лелорна. ЙоI дIаяьккхира доьзалера.
  • Хьалхо хаамаш баьржира ГIалгIайчохь 2019-чу шарахь ворхI шо долу Ажигова Iайша заьIап ярх лаьцна. Несарарчу дарбан цIийне йиллира иза, дегIа тIе цIе Iиттина а, межеш лазийна а ларш, гангрена а йолуш. Москварчу Рошаль Леонидан берийн хирургин институте кхачийра йоI, дIадаккха дийзира аьтту куьг. (radiomarsho)

Yazarın Diğer Yazıları

VEFAT

Çerkes edebiyatının yazar ve şairi Meşbaşe İshak’ı sonsuzluğa uğurladık. 90’ın üzerinde kitabı olan, eserleri toplamda 4 milyondan fazla baskı yapan Meşbaşe İshak’ın kitaplarından bazıları dünya...

Mezbjen Dragon Bot hafta sonu yarışacak

Gaziantep Büyükşehir Belediyesi tarafından bu yıl 7’ncisi düzenlenen Uluslararası Rumkale Su Sporları Festivali 7 Eylül’de başladı. Festival, doğa yürüyüşü, bisiklet yarışı, yüzme, dragon bot...

Mehmet Ayberk Koşak altın madalya kazandı

Uzunyayla Methiye Köyü’nden Mehmet Ayberk Koşak, 21 Ağustos-3 Eylül tarihlerinde, İtalya’nın Taranto kentinde düzenlenen 20. Akdeniz Oyunları’nda artistik jimnastik halka kategorisinde 14.250 puan alarak...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img