“Иза ейтинарш маьрша бисна”
2021 шеран ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь 15 шо кхаьчна “Новая газетера” журналист Политковская Анна йийна. Редакцехь хIиттийра дагалецаман барамаш, Москвана юккъехь дина иккхина бохам бовзуьйтуш гайтира “Муха йийна Анна” фильм. Оцу зуламца доьзна масех стаг набахте хьажийнехь а, бехктакхаман гIуллакх дирзина аьлла ца хета Политковскаян коллегашна. Зулам дайтинчийн цIераш хIинца а яц яьхна. Ткъа тахана чекхъяьлла низамо бекхамна къастийна хан.
Политковская Анна, йина масех герзан чов а йолуш, йийна карийра Москварчу Лесная урамерчу шен доьзалца ехачу цIийнан учахь ГIадужу-беттан 7-чохь. Журналист лифт чуяьлча тоьхна цунна некхах герз, тIаккха коьртах. ДIатесна Макаровн тапча карийра лифта чохь.
Зулам таллар шен тергоне ийцира хIетахь Оьрсийчоьнан инарла прокурора Юрий Чайкас. Москван прокуроран гIовса Росинский Вячеслава бохура, талламан версешлахь ду Политковская «ша бечу балхаца доьзна леррина йийна хилар».
Масех стаг лецира. 2009 шарахь кхелкъасторхоша бехказбехира массо а лецнарш, амма тIаьхьо Лакхарчу кхело юхабаьккхира сацам, юхаталла хьажийра дов, масех шаре елира процесс. 2014 шеран Мангал-беттан 9-чу дийнахь тIаьххьара а Москва гIалин кхело оьмар кхачаяллалц набахте валлон кхачийра Нохчийчуьра Махмудов Рустам а, зулам кхочушдинарг а, дан нах вовшахтоьхнарг а лору криминалан авторитет Гайтукаев Лом-Iела а. 2017 шеан Мангал-баттахь иза кхелхира набахтехь.
Милцо Iийна Хаджикурбанов Сергей бехкевира Политковская юьйш юкъарлонехь лелла хиларна, 20 шо туьйхира цунна. Зулам дечунна хьал довзуьйтуш, Политковская тергалъеш леллачу шина вешина, МахмудовгIарна – ИбрахIимна а, Джабраилна а – кхайкхийа набахтехь такха 12 а, 14 а шераш. (radiomarsho)