Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Куйнаш – маймалш

Цхьа стаг куйнаш тоьгуш, уьш базарахь дохка а духкуш Iаш вара. Хан дIайоьдуш яра, хIара къанвелира, хала дара некъаш дан. 

Шен кIант тIекхайкхина, цуьнга элира цо: 

– ХIинца хьан дезар ду куйнаш духкуш ярташкахула лела. Хаац цу гIуллакхца хьо ларор вуй-м. 

КIанта дена синтем бира ша ларор ву, шех теша мегар ду аьлла. 

Цхьа хан яьлча тIоьрмиг буьззина куйнаш эцна, базара хьажийра цо кIант. Iуьйрре цIера араваьлла, дикка некъ бира кIанта. Малхо вохвина жимма диттийн IиндагIехь садаIа дагадеара кIантана. КIеззиг хIума а кхаьллина, кIантана наб кхийтира. 

Массо хIуманца бала болу маймалш дитташ тIера охьа а диссина, тIоьрмигара дерриге куйнаш дIасадаьхьира. Самаваьлча шен куйнаш дайна карийча, кIант чIогIа холчувелира, ден тешам лар ца белла шега аьлла. ХIун дан деза ца хууш воьхна хьийзара кIант. Куйнаш юхадерзалур дацара, эхь доцу маймалш дара муцIарш сеттош, дуьйлуш Iаш. 

Кхуьнан ирсана цхьа воккхастаг вара уллех тIехволуш. Воьхна хьийзаш кIант а, дитташ тIехь маймалш а гича, и дерригенах кхийтира, цо тIаккха элира: 

– Вохий ма хьийза! Цхьа куй бисиний хьоьгахь? 

– ХIаъ, – жоп делира кIанта. 

ТIаккха воккхачу стага хьийхира: 

– Коьрта тилла и куй. 

КIанта куй тIетиллира. Маймалша сихха шайн коьрта техкира куйнаш. ТIаккха воккхачу стага элира: 

– ХIинца куй коьртара схьа а баккхий, агIор дIакхосса. 

КIанта цо бохург дира. Маймалаша кхуо диннарг дина, куйнаш лаьтта охьакхиссира. КIант шен куйнаш схьа а лахьийна, воккхачу стагана баркалла а аьлла, шен новкъа дIавахара. (heharho.ru) 

Гоч.: Алхазов Iабдул-Малик 

Yazarın Diğer Yazıları

Jineps’in Mayıs 2026 sayısı yayımlandı

Değerli Jineps okurları, Emek ve dayanışma gününüzü kutluyor; eşitlik, özgürlük, adalet, barış ve demokrasinin egemen olduğu bir dünya diliyoruz. Mayıs 2026 sayımız ekte, PDF formatında sizlerle...

Taksim’de 1 Mayıs kutlamalarına yine izin yok

Türkiye Devrimci İşçi Sendikaları Konfederasyonu (DİSK), Kamu Emekçileri Sendikaları Konfederasyonu (KESK), Türk Mühendis ve Mimar Odaları Birliği (TMMOB) ve Türk Tabipleri Birliği (TTB) 1 Mayıs...

Emek ve dayanışma günü

Emek ve dayanışma günü 1 Mayıs İşçi Bayramı’nı kutluyor; eşitlik, özgürlük, adalet, barış ve demokrasinin egemen olduğu bir dünya diliyoruz.

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img