Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

«Оха буьйцу, ненан мотт беха!»

Чиллан беттан 21. Чу Дийнахь Дуьненан Ненан Моттан Де дуьненчохь санна Туркойн махкахь а кепа кепар програмш а еш даздийра. 

Тайп тайпан белхаш бешболу ненан мот програмшех лазам болу юкъаралла лелош болу наха 2020 шарахь кхоьллан йолу Моттан Хьакъ Ларда, Хьажа а Рапорт Хоттош йолу (DHİBRA) UNESCO’ но 1999 шарахь дlакхайкхина 21 Чиллан Бут Ненан Моттa Де, дlадахан шарахь санна а хlокху шарахь дlакхайкхам бина. 

27 маттахь кечбина кхайкхам, цаьарн юкъахь Jineps Gazete а кхин дlа 121 юкъаралла лелоран чара а куьйга яздина.  

Абхазийн Юкъаралла Лелоран Федерации (ABHAZFED), Алан Культур а Гlондаран Вакыф, ALMASTI Черкес Зударийн тоба, Кавказ Юкъаралла Лелоран Федерации (KAFFED), Koyu Siyah Yayıncılık, Marje Podcast, Mızağe Dergi, Papirüs Yayınları, Şamil Eğitim ve Kültür Vakfı, 1864 Hafıza Merkezi, KAFFED юкъахь йолу 39 Юкъаралла Лелоран Тобанаш куьйга яздийначарна юкъахь ю.  

Кхайкхам бина Абхазийн (Apsuwa Aşuwa-Aşkarıwa диалекташца), Адыгейн (Малхбале а Малхбузе диалекташ), lарбийн, Албанийн, Боснийн, Балгарийн, Нохчийн, Малхбале Эрмлойн, Фарсийн, Гуьржийна, Хемшинийн, Курманчи, Ладино, Лазийн, Македонан, Осетийн, Помакийн, Романес, Ромеике, Риммийн, Грецийн, Суьрянийн, (Туроё) Туркойн, Зазажанин маттахь а кхин дlа а Ингалз а Оьрсиийн маттахь кечбина кхайкхам. 

Оха буьйцу, ненан мотт беха!  

Урамехь, чохь, балхахь бийцарца, эшаршкахь бекарца, хазахетарш цуьнца дийлош, халахетарш цуьнца делхош вай хилахь, беха ненан мотт. Тхешан ненан меттанийн белхаш-телхош долу 1алам саннатаханлерчу дуьненан хьелашкахь политикий экономикий г1уллакхаш бахьан долуш ма-деззар,кхоччуш деш дац.  

Тхуна тхешан бераш шайн ненан мотт хууш, буьйцуш кхуьийла лаьа. Кху т1ехь 1едал а хьаькамаш а х1ара белхан г1уллакхаш шайн коьртачех лорийла а лаьа. Ненан-мотт кхиоран халонаш, дуьхьалонаш д1айехар доьхуш, мотт 1ама марзадан некъаш дехкарна а сатуьйсу. Тайп-тайпанчу меттанаш дийна долуш, бертахь цхьаьна дехаш хилар, къаьмнийн вошаллийн бух йуйла а хууш хила деза вайна. Диц дан йиш йац мотт адамийн бакъонашех цхьаъ буйла.  

1алам лардар, урамашкахь, эшарашкахь вайн ненан мотт бекар вайн коьрт 1алашо йу! 

Мотт бу-къам ду!  
Дала декъал дойла, Дуьненайукъар Ненан-Меттан Де!  
21 Чиллин Бутт 2022 

Yazarın Diğer Yazıları

Vefat

Jineps gazetesi eski yazarlarından, Silivri Kuzey Kafkas Kültür Derneği kurucu üyelerinden hukukçu ve yazar Hulusi Üstün vefat etmiştir. Ailesi, yakınları ve sevenlerine sabır dileriz. Tha...

Ацәыргақәҵа

Ацәыргақәҵа «IS» – иаҳхысыз аамҭа амаӡақәа ҳзаазыртуаз, аха иқәццышәаа ицаз асахьаркыратә ҟазара арҿиамҭақәа ирызкуп. Амцабз иахәхаз ахьыршәыгәқәа ирцәынхаз ахәеи арацәеи заҵәык роуп. Иблит ажәлар...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img