Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

ТIамехь байъинчу салтех керла хаамаш

Сумы гIала, Зазадокху-беттан 8-гIа де

Кавказ.Реалиин информацица, Украинехь тIемаш боьлхучу юкъанна мел лахара а 29 салти-контрактхо вийна Дагестанера. Оцу юкъанна официалехь исс валарх бен хаийтина а дац.


ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а хаамбина, Украинехь Оьрсийчоьно долийначу тIелатарехь махкара бахархой кхалхарх. 

Дагестанерчу Буйнакскан кIоштан куьйгалхочо администрацин официалан агIонехь кадам бина Лахара Казанище олучу эвларчу вахархочух Солтанмурадов Мусалимах, яздо Кавказ.Реалиино. 

«Иза вийна шен белхан гIуллакх кхочушдечу заманчохь. Лахьан-баттахь 40 шо кхочур дара Мусалиман», – аьлла ду хаамехь. 

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Камбилеевское эвларчу администрацино дIахаийтина Качмазов Артур валарх. Иштта хааме даьккхина Украинехь кхин а цхьаъ мехкан вахархо – Андреев Кирилл кхалхарх. Билгалдаьккхина, «шен доьзалан некъатIехула иза вахна хилар а, майра десантхо хилар». 

«Харьковна гергахь хиллачу тIамехь велла иза. 22 шо дара цуьнан…»,- яздо хааамехь. 

26 шо долчу сержантан Кочиев Эльбрусан гергарчара а иштта хаамбина, иза валарх. Билгалдоккху, «белхан декхарш кхочушдеш, турпалхо санна велла иза» аьлла. 

Шайн хьостана тIетевжина, «Фортангас» яздарехь, боьлхучу тIемашкахь вийна ГIалгIайчуьра вахархо Мержоев Беслан а. Сагопши эвлахь вехаш хилла иза, Малгобекан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь болх а беш. 

Украинехь тIом болийчхьана дIавоьллина бархI эскархо – Чапанов Алик, Костоев Рамзан, Курскиев Абубакар, Малороев Муса, Зурабов Мовсар, Аушев Юнус, Торшхоев Илез, Богатырев Абу-Муслим. 

Официалехь боцчу хаамашца къаьстина, ГIалгIайчуьра 14 эскархо валарх, 12-нна чевнаш ярх. Шиъ карабахначийн тептарехь ву. 

Кавказ.Реалиин информацица, Украинехь тIемаш боьлхучу юкъанна мел лахара а 29 салти-контрактхо вийна Дагестанера. Оцу юкъанна официалехь исс валарх бен хаийтина а дац. 

Иштта Украинехь тIемаш болийчхьана велла мел кIезиг а Вогоградера итт салтий, Къилбаседа ХIирийчуьра бархI, ГIебарта-Балкхаройчуьра ялх, Кранодаран кIоштара кхоъ, Астраханера, Нохчийчуьра, ГIалмакхойчуьра, Ставрополера шишша, Ростовера цхьаъ. (radiomarsho) 

Yazarın Diğer Yazıları

Yeni yayınlar

•Abhazyalı yazar Anzor Mukba’nın “Mezit’e Çıkış” adlı eseri, Oktay Chkotua çevirisiyle Papirüs Yayınları etiketiyle raflarda... Kitap, Abhazya halkının sürgün sonrası hafızasını ve Türkiye’deki Abhaz...

Shakespeare’in oyunu Adigece sergilenecek

William Shakespeare’in “Hırçın Kızın Terbiyesi” eserinden Nalbiy Kuyek’in Adigece çevirisiyle uyarlanan oyunun prömiyeri 8 Kasım’da yapılacak. Adigey Cumhuriyeti Ulusal Tiyatrosu oyuncularının rol aldığı prodüksiyonun...

Ruslan Tsırım sergisi

      Kabardey-Balkarlı ünlü sanatçı Ruslan Tsırım’ın "Güneşin Dönüşü" başlıklı kişisel sergisi, 1 Ekim-1 Kasım tarihleri arasında Kabardey-Balkar Cumhuriyeti 100. Yıldönümü Parkı'nda yer alan Çağdaş Sanat...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img