Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Сталинан сурт тIехь долу тур делла Соьлжа-ГIалин мэрана

Сталин Иосифан сурт тIехь долу тур совгIатна делла Соьлжа-ГIалин мэрана, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарчу Кадыров Хас-Мохьмадна – церемони лерина яра Сийлахь Даймехкан тIеман рогIера шо кхачарна, яздо Кавказ.Реалиино. 

Поклонная гора олучу меттигехь хилира барам – БIаьхочун сийлаллин 45 гIаланашлахь цIе яьккхина Соьлжа-ГIалин а, гуттаренна а лардан цунна дIакхачийна иэсан “Толаман тур”. ЧГТРК “Грозный” телеканало зорбане яьккхинчу видео тIехь болчу хаамашца, Сталин воцург а, шаьлтанан гIад тIехь бу Советан заманара маршалаш а, Даймехкан тIеман а, Толаман а мидалш а. 

Церемонин куьйгалла деш яра Федерацин Кхеташонан куьйгалхо Матвиенко Валентина – шен къамелахь цо къастийра Сийлахь Даймехкан тIеман ветеранийн а, тахана Украинерчу тIамехь (Кхеташонан спикеро “спецопераци” элира цунах) дакъалоцучийн а цхьаьнадар. ТАСС агенталло хаамбарца, “эксклюзиве шаьлта” Матвиенкос дIакховдийра Буьри-ГIалин куьйгалхочуьнга Икаев Русланбеке. 

Буьри-ГIала а, Соьлжа-ГIала а йоцург а Сталинан сурт тIехь долу тарраш делира ГIалгIайчура Малгобекна а, ГIебарта-Балкхаройчуьра Нальчикна а, Ростовна а, Таганрогана а. (radiomarsho.com) 

Yazarın Diğer Yazıları

Güner Kuban hayata veda etti

Kurucu Meclis vekillerinden Pşevu Reşit bey ile Seher Hanım’ın kızları, Pşevu Ethem Bey’in yeğeni Güner Kuban Vefat etti. Ailesi, yakınları ve sevenlerine sabır dileriz. Tha –...

Şair Ahmet Telli’ye ithaf edildi

İstanbul Maltepe Belediyesi, 12-20 Eylül tarihleri arasında “Edebiyat Özgürleştirir” başlıklı 2. Maltepe Kitap Günleri’ni düzenliyor. Maltepe Cumhuriyet Meydanı’ndaki etkinliğe 122 yayınevi katılıyor. Bu yıl 10...

“Köklerinden ilham al, tuvale yansıt!”

Şamil Eğitim ve Kültür Vakfı’nın düzenlediği “Köklerin İzinde” konulu resim yarışmasının başvuru tarihi uzatıldı. Vakfın sosyal medya hesabından konuya ilişkin şu açıklama yapıldı: “Katılımcılardan gelen...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img