Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

125 сов нохчо вийна Украинерчу тIамехь

Украинерчу тIамехь 125 сов Нохчийчуьра вахархо вийна – беллачийн “консервативе” мах хадорца кхаьчначу хаамех уьш уггаре кIезга ду. Цунах лаьцна дуьйцу “Полный ПЦ” телеграмерчу канало, кхелан сацамца йохийна йолчу Бакъоларъяран “Мемориал” центран тобано лелош ю иза. 

Мах хадош бакъоларъярхой тIе тевжина нохчийн юристо Янгулбаев Абубакара дIахьочу статистикана, иштта Украинан ТIеман министраллин талларан Коьртачу урхаллин хаамашна а. 123 вийначу Нохчийчуьра вахархочух дуьйцу Янгулбаевс, ткъа Стигалкъекъа-бутт юкъабаьлча украинхойн талларо кадыровхойн а, Нохчийчухула тIаме хьийсийначу Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчу “лаамхойн” а цIерш тIехь йолу тептар арахиийцира. Леринчу сервисо бахарехь, 2 425 стагах велларг баьI гергга ву, царах 68 – республикан вахархо (церан цIерш Янгулбаевн тептарехь а ю). 

Оцу хаамашна тIе а тевжаш, бакъоларъярхоша Нохчийчуьра 16 юьртан бахархошка хеттарш дина, цигахь вехаш хиллера 27 тептарехь хьахийнарг. Ерриг цIерш меттигерчу наха тIечIагIйира, цул сов, Гуьмсехь хаам бира, Пашаев Асхьабан кхалхарх, Ойтрахь – Убиев Раджабан. Кхин а шина юьртахь бакхоларъярхошка дийцира, тептарехь воцу кхин а виъ стеган кхалхарх, амма церан бакъйолу цIерш ца алаелира цаьрга. 

Иштта “Полный ПЦ-н” белхахоша биллинчу хаамех пайда а оьцуш, Нохчийчуьра байъинчу нехан терахьан ⅖ дакъа тIечIагIдира – оцу бух тIехь бакъоларъярхоша сацам бира, цигара хаамаш бакъхилар, ткъа беллачийн консервативан мах хадорца, церан уггара кIезга терахь – 125 сов стаг хилар.  

Къилбера а, Къилбаседа Кавказера байъиначу нехан шен тептар ду Кавказ.Реалиино хIоттош – зорбанашкарчу хаамашна, Iедалан дIахьедаршна, церан хьостанийн хаамашна тIе а тевжаш хIоттийна иза. Карарчу хенахь цигахь хьахийна 113 вийначу Нохчийчуьрчу вахархочун цIерш ю – Убиевн, Пашаевн, иштта Олхазар-КӀотарара вийначу Чупалаев Хизаран цIерш яц цигахь хьахийна. 

Нохчийчохь официалехь тIелаьцна Украинерчу тIамехь исс стеган кхалхар. Зазадоккху-беттан I-хь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира шина стеган кхалхар: Тарамов Iабдулбекан а, Исаев Тимирланан а. Охан-беттан 7-чохь “Чечня Сегодня” агенталло яздира, регионера кхин а ворхI бIаьхочун кхалхарх: лакхара лейтенант Каимов Рахьим, сержант Автаев Шахрудди, ефрейтор Баталов Беслан, ефрейтор Висирханов Нурды, могIарера салтий Дудаев Асланбек а, Чупалаев Хезир а, полицин лакхара сержант Болчиханов Адам. (radiomarsho.com) 

Yazarın Diğer Yazıları

Şair Ahmet Telli’ye ithaf edildi

İstanbul Maltepe Belediyesi, 12-20 Eylül tarihleri arasında “Edebiyat Özgürleştirir” başlıklı 2. Maltepe Kitap Günleri’ni düzenliyor. Maltepe Cumhuriyet Meydanı’ndaki etkinliğe 122 yayınevi katılıyor. Bu yıl 10...

“Köklerinden ilham al, tuvale yansıt!”

Şamil Eğitim ve Kültür Vakfı’nın düzenlediği “Köklerin İzinde” konulu resim yarışmasının başvuru tarihi uzatıldı. Vakfın sosyal medya hesabından konuya ilişkin şu açıklama yapıldı: “Katılımcılardan gelen...

Düzce’de Abhaz gecesi

Düzce Abhaz Kültür Derneği 19 Eylül Cumartesi akşamı Düzce Belediyesi Prof. Dr. Erol Güngör Kültür Merkezi'nde bir gösteri düzenliyor. Saat 20.00’de başlayacak etkinlikte Apsny...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img