ЮЬХЬIАЬРЖО
Цхьана несо шен марвешина «Къонах» аьлла цIе тиллина хилла. Мацца цкъа туькана яханчохь, шен марвешах тар а велла, цхьана стагана тIаьхьа хьаьдда йоьдуш хилла и зуда:
— Ва, Къонах, — бохуш, мохь а бетташ.
Цунна тIаьхьакхиъча, иза кхин стаг хиларх кхетча:
— Вай дела, хьо-м къонах ма вац, — аьлла.
Вукхо хаьттина, вуоха а воьхна:
— Со къонах воцийла хьуна муха хии?
Зудчо жоп делла:
— Юьхьдуьхьал хьаьжча, хиира-кх, — аьлла..
(Нохчалла)