НАНА-АЬРЗУ
Iажаркх-буц тIунъелча суьйренан тхишлахь,
Кху цIенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета.
ХIай, Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь,
Хьайн кIорни яйъи ахь, суна хьох къахета.
Инзаре мохь бетташ суьйренан кIуьралахь,
Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах.
Хьан доьхна дог Iийжош, тIехъюьйлу кIорнеш,
Ткъа хьайниг цаьрца яц — хьо йиси цхьалха.
Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан,
Хьан дагчу дIакхето сайн ирсе гIан.
Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта:
«ХIай, Нана, со ва-й и-м — хьан вайна кIант!».
I977 шеран июль
ИбрахIим Юсупов