ЖЕРОЧУНЗАБАР
Цхьа ламаро хилла бах охьенца хьошалгIа вахана. Цунна синкъерам бина хилла. И хьовзон ойла хиллачу мехкарийн тхьамда йолчу цхьана жерочо хаьттина бах:
— Ламаро, шу долчохь чIург керчий? — аьлла.
— Дера керча-кх, — аьлла, цо и муха хоьтту кхеттачу ламарочо, — цкъа керчича, ворхI тIекхетча а, саца а ца луш-м.
(Нохчалла)