Гиххойн Таймасха

БӀаьста, 1842 шарахь, гӀалгӀайн  Яндаре юьртан юххехь, оьрсийн эскаршца хиллачу тӀомтехь нохчийн тӀемлой кӀезиг бара, дукхахболчарна тӀаьххьара тӀом а бара иза. МостагӀчух дера леташ, турпалш хилла, цигахь  ийгира уьш. Чуьччадахана, тарраш а шаьлтанаш а етташ летачу хенахь, масех чов а хилла, лазийна, кхетамчуьра ваьлла цхьа тӀемло вуьжийра лаьтта. Цуьнан дегӀа тӀехь дийна меттиг яцара: коьртах тур кхеттера, настарех цхьамзанаш а Ӏиттийнера, дӀаьндаргаш а етта еллера. Иза шен майраллица, хьунаре хиларца билгалваьлла волуш тӀеман тобанан куьйгалхо вара. Ткъейха сов нохчийн тӀемалой йийсархой хиллера цу тӀемехь. Владикавкази набахте дӀабигара уьш. 

Йийсархойхахь лаьцна цхьан тӀеман журналан тӀехь оьрсийн паччахьо Николай Хьалхарчо а дешна хилла. Цо шен ялхошка  омра дина и гӀараваьлла йийсархо шена тӀевалаве аьлла. Цуьнан тӀехь тӀеман барзакъ хилийтар а тӀедиллина паччахьо.  

Цуьнан омра кхочуш деш, аьхка, 1842-чу шарахь Петербурге валийна и башха йийсархо. Цигахь паччахьна тӀе а валина иза.  

Паччахьа ялхочо кхайкхам бина: «Нохчийчоьх Гихтахь йина йолу, гӀира экха санна йолу нохчийн йоӀ Таймасха Молова», аьлла. 

Иштта аьлча, паччахьо цунна жоп делира: «ТӀемло ю и, тӀом беш яра и.» 

Шена гуччохь цецваларца хьожуш хилла нохчийн йоӀе паччахь. Цуьнан цӀеначу сибате, майра хьоьжучу шина бӀаьргашехь а, дегӀан куьцехь а, хазаллехь а тамаша беш. 

Николай Хьалхарчо хаьттина Таймасхе: «Нагахь ас хьо дӀахецахь тӀом сацор буй ахь?» 

Майра паччахьна юьхь-дуьхал а хьаьжна, йоӀа жоп делла: «ТӀом беш вериг хьо ву! Ахь бола а бина иза. Нагахь ахь иза сацабахь, ас а дуьхалло яр а сацор ду.» 

Шен хазаллина тӀе йоӀ хьекъал долуш хилар а гина, паччахьо Кавказе дӀахьажина иза. 

Паччахьан зудчо совгӀат дина Таймасхина-дезачу жовхарца кечийна, коча уллу дашо зӀаъ ел.  

Инарла адьютантана А. И. Нейдгардана тӀедиллинера, йийсархочун тӀехь хаддаза терго йе  аьлла.  

Петербургаьхь улловаьлларг гӀумки эли Дюн Алхазов а волуш, Ставрополе дӀайигара Таймасха.  Ставрополехь Кавказан Инарлийн штабан куьйгалхочо А. С. Траскина Кавказан аьрру фланган хьаькам волчу инарле Р. К. Фрейтаге, гурахь, 1842 шарахь, кехат яздо  хаам беш: «Ит шо тӀом бина йолу нохчийн йоӀ Молова Таймасха Петербургера схьадеана долу кехат тӀаьхь, мичахь а, мухьа а набахтехь латто йеза билггал даьккхина дац. И ларъйан хала ду кхузахь, ядан кхерам бу, цундела Соьлжа-гӀопе иза дӀаяхийта гӀолехь хета тхун», аьлла. 

Иштта, Таймасха гӀумки эла Дюн Алхазов цхьана Нохчийчу, Соьлжа-гӀопе схьайалийра. 

Фрейгато Траскина рапорт йаздо: «Молова Таймасхан да-нана а, вежарий а Соьлжа-гӀопан генахь йоцучу Гихтахь бехаш бу. Нохчийчохь иза ядахь цхьанна а ницкъе и сацалур яц. Шен цӀа дӀаяхийтар гӀолехьа хир ду. Императоран цӀарах лаьцна неха а дика ойла хир яра. Паччахь чогӀа къинхетаме ву, аьлла, хетийта дика хира дара. Таймасхана Соьлжа-гӀопехь набахте санна хета, иза ядарна кхерам бу.» 

Гиххойн Таймасха – Николай Хьалхарчо

Амма А.И. Нейдгардан къона йийсархо дӀахецар нийса цахийтира, цо йоӀ Соьлжа-гӀопехь латтош яра. Цигахь хала хан яьккхира Таймасхас: таро йоцуш, дуучуьнца- молучуьнца гӀело хьоьгуш. Цо дехар дора, шена паччахьан зудчо деллачу совгӀатна дуьхала цуьнан мах схьабеха, ша паччахьна тӀейигахьара, иза хьан хьанна а дохка ца лаьара шена, бохуш.  Таймасхи дехар дӀакхачо дези Нейдгарданан. Эххар а йоӀан дехар паччахье дӀакхечира. Цо шен лакхара омра дира: «Дашо зӀе йийсархочуьнгахь йита, цунна оьшучунна 200 дато сом а ло», аьлла.  

Цул тӀаьхьа, 1845 шарахь Кавказан штабе жоп дехарца, Соьлжа-гӀопер жоп деара: «Таймасха Молова шен деца, вежаршца а цхьана Гихта юртахь ехаш ю». 

Шен ала хаза дош а дуьтуш йохьах а, доьналлех а, оьздангаллех а ца юхуш хилла нохчийн сийлахь йоӀ – Гихойн Таймасха.  

Цкъа делахь, мостагӀна дуьххьала хӀотта, цхьани божари а, ур-аттал мехкарий а кийча хилар ду, шолгӀа-делахь, йоӀа нохчийн тӀемалой яхье бохуш, ира-кара хӀиттош хилла. Дукхочу хьолахь мехкарша шаьш а тӀамехь дакъалоцуш хилла. Уьш бӀон гӀуллакх девзаш а, кегий болуш дуьйна а цунна Ӏамийна хилла, цундела мостагӀашца бечу тӀемехь шейн дайшна а, вежаршна а накъостий а хуьлий, кхерам боцуш леташ хилла. Нохчийн ширачу дийцаршкахь далош цхьа хӀума ду: « Махкана тӀе бӀо а летта, тӀамна кечделла ши эскар дуьхь-дуьхьал лаьттачу хенахь, нохчийн бӀахошна юккъера кӀайчу динахь схьайолуш хилла уггаре а хаза йоӀ. МостагӀ волчу агӀор секхаӀодаца чӀу кхуссуш хилла цо. ТӀаккха вайн тӀемалой мостагӀашна тӀелеташ хилла.» 

Замнаш хилла,  мехкан йоӀ вовшехь леташ болчу тӀемлошна юкъе хӀуттуш, шен коьртара йовлакх дӀадоккхи, тӀом сацабеш хилла. 

Иштта мехкарин дош деза хеташ хилла нохчийн къам. 

Страбонас (антични георафин а историн а говзанча) шовза эзар сов шо хьалха йаздинера: «Амазонкаш гаргарейцашна юххехь, Кавказан лаьмнашийн къилбеседехь Керавни мохках бехьаш бу», аьлла. («Георгафи», XӀ, V, Ӏ) 

Халкъан эсехь цӀерашца бица биссина дукха бац уьш-масехь бен. Амма вайна хаа, уьш дукха а хиллий. “Амазонкаш” хӀинца а болуш бу – вайн сийлахь, оьзда, яхь йолу мехкарий. 

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz