Чурт санна лаьтта со
ГIум-Азин арахь,
Тянь-Шанан ламанех
БIаьрг кхетча гIийла
Генарчу Даймехкан
Сурт хIоттало,
Малхбузе мел хьийжи,
Дог Iийжадо.
Малх буза бегийна
РегIа лахбеча,
Суьйре а даш санна
Суна язъелча,
Ойланийн дарц даьлла
Со айавелча,
Даймахка вуссу со,
Я Везан Дела!
Берахь со хьийзинчу
Даккъашка вуссий,
Лаьмнашка, арешка
Сирла бIаьрг кхуссий,
ХIиттинчу бIаьргашка
Сирла хиш дуссий,
Даймахке хьожу со,
Я Везан Дела!
Тезетахь техкаш го
Вайн бошмаш, хьаннаш,
ГIайгIанах юьзна ю
ТогIенаш, хьаннаш,
Дайн кешнаш хиллачохь
Уппханийн аннаш
Хьулдан да воцуш го,
Я Везан Дела!
Вай дина ярташ го
Тишъелла, гIийла,
Го шийла шовданаш
Дай боцуш мийла,
Вайн хьомсар ков-керташ
Каш санна шийла,
Сов ирча карадо,
Я Везан Дела!
ТIаккха со, дог духий,
Аьрцнашка волу,
Iийжачу кийрара
Мохь-цIогIа долу,
Есачу тогIеша
Соьца мохь олу,
Iадавой воьрзу со,
Я Везан Дела!
Чурт санна лаьтта со
ГIум-Азин арахь,
Тянь-Шанан ламанех
БIаьрг кхетча гIийла
Генарчу Даймехкан
Сурт хIоттало,
Малхбузе мел хьийжи
Дог Iийжадо!