Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Мусаева Зарема СИЗО-хь йитина

Бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, оппозиционеран Янгулбаев ИбрахIиман а нанас Мусаева Заремас ша чохь лаьцна юьтуш бинчу сацамна дуьхьал кховдийна апелляцин арз Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело тIе ца эцна. Шо кхоччуш доллу Мусаева лаьцна латтон, иза бехкейо полисхочунна тIелетта аьлла. 

Иза Iалашйан тIелаьцначийн позици ю, йаздина “Iазапашна дуьхьал Командин” юристо Гусев Константина шен фейсбукехь, цкъа а кхеле хIоттийна а доцу, цадоьрзу лазарш шен дегIаца долу адам СИЗО-хь латтон бух бац аьлла. Иштта адвокаташа билгалдоккху, де дийне де оьшуш йогIучу Мусаеван могушаллин хьолах чуделла кехаташ а кхело тергамза дуьтуш хилар. 

Прокуратурин векало, хаамбо Гусевс, дIахьедира бехкбиллархошна хетарехь, Мусаева лаьцна латтон йезаш ю аьлла, иштта дехкарш дар стенца доьзна ду а ца дуьйцуш. 

Ша Мусаевас дакъалецира кхелан кхеташонехь видеозIенехула. “Сан йада меттиг бац, – элира цо. – Суна бехкедохку хIуманаш ас лелийна дац”. 

Апелляцин латкъам юхатухуш сацамбан итт минот хан эшнера кхелана. 

  • Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. ДIалоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетам чуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелетта хилла аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, “цуьнан бIаьрг баккхаза яьлла иза”. ТIахьо хьарамлонаш лелорна бехк биллира цунна. Дуьххьара Нохчийчу дIайигира иза оцу гIуллакхехула, амма теше санна хеттарш дан.
  • Мусаевана дуьхьал гIаттийна гIуллакх талла долийра Соьлжа-ГIаларчу Ленинск-кIоштан кхелехь товбеца-баттахь.
  • Кавказ.Реалиис ма-дарра дийцира Мусаева Заремин гIуллакхех лаьцна а, оцу гIуллакхех дуккха а цхьаьнацадараш хиларх а.
  • Бакъоларяъарн “Поддержка политзеков. Мемориал” проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема. (radiomarsho)

Yazarın Diğer Yazıları

Yeni yayınlar

•Abhazyalı yazar Anzor Mukba’nın “Mezit’e Çıkış” adlı eseri, Oktay Chkotua çevirisiyle Papirüs Yayınları etiketiyle raflarda... Kitap, Abhazya halkının sürgün sonrası hafızasını ve Türkiye’deki Abhaz...

Shakespeare’in oyunu Adigece sergilenecek

William Shakespeare’in “Hırçın Kızın Terbiyesi” eserinden Nalbiy Kuyek’in Adigece çevirisiyle uyarlanan oyunun prömiyeri 8 Kasım’da yapılacak. Adigey Cumhuriyeti Ulusal Tiyatrosu oyuncularının rol aldığı prodüksiyonun...

Ruslan Tsırım sergisi

      Kabardey-Balkarlı ünlü sanatçı Ruslan Tsırım’ın "Güneşin Dönüşü" başlıklı kişisel sergisi, 1 Ekim-1 Kasım tarihleri arasında Kabardey-Balkar Cumhuriyeti 100. Yıldönümü Parkı'nda yer alan Çağdaş Sanat...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img