Хасбулатов Руслан дIавоьллина Нохчийчохь

0
30

Дечкен-беттан 3-хь велла волу оьрсийн политик, РСФСР-н Лаккхарчу кхеташонан тIаьххьара куьйгалхо, Оьрсийчоьнан Федерацин Лаккхарчу кхеташонан хьалханча Хасбулатов Руслан дIавоьллина Нохчийчохь. 80 шо дара цуьнан лечу муьрехь. И ваьхначу Девкар-Эвлахь дIавоьллина иза. 

Хасбулатов Руслан 1942-чу шарахь вина Соьлжа-ГIалахь, шен ши шо долуш Сталинан депортацех зен хилла цуьнан, нохчий а, гIалгIай а махках бохучу хенахь, жималла Казахийн СССР-хь дIайаьхьна цо. 1965-чу шарахь МГУ-н юридикан факультет чекхйаьккхина цо. Плеханов Георгийн цIарх йолчу университетехь хьехна цо. 1980-чу шарахь экономикан Iилманийн докторан хилира цунах. (radiomarsho) 

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz