Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

9 январь-Нохчийн пачхьалкхан юхаметтахIоьттина де

9 январехь 1957 шарахь Нохчийн пачхьалкхан юхаметтахIоьттина де ду. 

1941 шарахь СССРн – Германин боьдачу тIаме дукха нохчийн божарий бахара. Масала, тIеман йоьхьехь Белоруссин Брестехь белара дукха кIентий. Талламо бечу хаамашкахь цигахь вийна 400 нохчийн тIемало ву. Цараха цхьаболучарна «пачхьалкхан турпалхо», аьлла цIе тиллира Советан Iэдало.  

Делахь а, 23 февралехь 1944 шарахь даккхий зен-зуламаш дийра Советан Iэдало нохчийн къоманна, цхьа а бехк а боцуш, цу шийлачу деношкахь   дерриг нохчийн къам махкаха доккхуш.  

Юххьенцехь Сибреха дуьгу аьлла дара нохчийн къам, амма дIакхалхийра Казахстане а, ГIиргIозийн махка а. ХIусмашкара нах арабохуш кечам бан луш ерг итт-пхийта бен минот яцара. Къена верг, цомгуш верг, вада гIортинарг вуьйш вара. Иштта, ламанан Хьайбах олучу юртан колхозан божал чохь схьагулбина, дийна болушехь багийра ворх бIе сов жима а, вокха а цигара бахархой. Арабохучу наха некъана кара хIума эцча, машенашна тIехь нах дукха цатарлора, цундела нахера схьадохуш галеш, юргIанаш, гIайбанаш юхакхуьссура. 

Цу тайпа бежнийн а, товарийн а вагонашкахь новкъа бехийра нохчий. Казахстане, ГIиргIозан махка боьдучу цу инзаре бехачу новкъахь, оцу виъ бIе эзар нохчеха эзарнаш-эзарнаш хIаллакбина шелоно, мацалло, цамгарша. 

Цхьана вагончохь оьрсийн мотт хууш нохчо наггахь ваьлча, жимма аьтто хуьлура, ха дечу салтичун цхьа кхаъ а луш, станцехь, цIерпошт сецна лаьттачу хенахь молха йа цхьа даар эца. Новкъахь леш долчу адамийн дакъош лестадеш аракхуьссура. Хьожа, мацалла, делхарш, берийн махьарш  цхьаммо а тергалдеш дацара. Эшалонш минотна тIаьхьайисса йиш йолуш йацара. ХIетте а, нохчийн халкъ ша цIера доккха аьлла доьхна дацара, ца доха гIертара цу хенахь уьш. 

Чечено-Ингушская АССР боху республика дIаяккхийра. Цуьнан латтанаш тIе керла Грозненский округ йира Ставрапол крайин. Ши къира далале иза а хийцира Iэдало- Грозненская область йира нохч-гIалгIойн республикан хилла долу цхьадолу латтанаш Гуьржийн ССРна, Дагестанин АССРна, Къилбседа-ХIирийн АССРна дIа-схьа делира. Нохчийн халкъ СССРн къаьмнаш юкъедогIучу тептаршна юкъера дIа даьккхира. Нохчийн халкъахь цхьанна а тайпана иэс йита, цунаха долу шира йозанаш, жайнаш, тептарш, фольклор, статьяш ягаеш хIаллакйира. Дукха хIолламаш, чурташ, бIоьвнаш, гIаланаш хилла а хиллий те, аьлча санна йохийра. Цу шийлачу мехкашкахь чудаха меттиг цахиларо, мацалло, шелоно дукха адам кхалхийра. 

Казахстанера а, ГIирагIозера а нах нохчех кхоьрура, цаьрга уьш акха адамаш ду, бохуш дийцина хиллера Совет Iэдалхо. Амма, уьш бусулба дуьйла шайна хиъча, къайлахь-къулахь шайга далуш гIо дора царна казакаша, гIиргIозаша.  

И массо а халонаш ловш, цадухуш, йахь дIа ца луш, белхаш беш, къахьоьгуш, цIенош, бахамаш беш, Делан къинхетамна, нохчийн халкъанна чу юха а са деара. 

Кхойта шо хан йаьккхира цо шен махкахь доцуш. Шайга, цкъа а шу цIа доьрзур дац, аьлла доллушехь, хIетте а шайн даймохке сатийссам латтабора нохчаша. Вовшех кхет-кхеттачохь уггаре а хьалхара луш долу хаттар: -вай цIа дохуьйта ца боху те?, хуьлура церан.  

Сталин вала а велла Хрущев хIоьттиначул тIаьхьа, реза боцуш дукха политикаш болушехь, пурба хилира нохчашна цIа берза. 

Шаьш дукха сатийссина де тIекхаьчча, нохчий тешаш а бацара и де тIекхаьчна аьлча. Иштта, 9 январехь, 1957 шарахь бакъо елира нохчашна цIа берза. Цхьаберш кхин хье а ца луш цIа баха тоха-белира, кхинберш цкъачунна севцира. Юха боьлхуш а воьдарг товарнин вагонашкахь а, бежнийн вагонашкахь а, тоъа рицкъа, ахча дерг адамийн вагонашкахь цIа баха гIерташ хуьлура. 

ЦIакхаьчча церан халонаш чекх цаевлира, бухахь дисна хIума дацара. Церан юхахIотто дийзира шайн керташ, цIенош, шайн дерриг а дахар. Цхьацца берш шайн цIеношна, керташна чубаха йиш йоцуш биснера. Церан цIеношна чу Iэдало ховшийна кхечу къомаха нах бара. 

Ткъа, хIинца а, бохийначера цхьацца бахьношца цIа бахканза биссина цхьа болу нохчий бу.  

Шаьш цигахь кIезиг болушшехь, нохчийн Iадаташ, ненан мотт а бийц ца бан гIерта уьш. Церан бераш, берибераш а нохчийн йахь, гIиллакх, гIуллакх хууш, нохчаллан сий деш бехаш-Iаш бу. Дагадеъча Нохчийчоь хьошалгIа а боьлху уьш.  

Нохчийн халкъана, тIаьххара а реабилитаци а, компенсаци а ян еза, аьлла закон ара а даьлла. Нохчашна тIех йина харцо, нохчашна тIе кхоьллина харц цIе йоцийла гойтуш. 

Нохчийн поэт волу Бисултанов Аптис нохчийн халкъа махках даккхарах лаьцна бокха чулацам болуш байташ яло лаьа суна: 


ГIалартийн хьалхара гуо 

(Хьайбахахь багийначийн назма) 

  

ТIапа куйнаш дайрий шуна, 

Гуо беш салтий байрий шуна, 

Эхартахь бен хир дац баьхна, 

Къемат-де дайрий шуна? 

  

Шийла цхьамза гIортор йолуш, 

ЦIийза дIаьндарг гIиллакх долуш, 

Некъан баккхал суьлхьа долуш, 

Къаной гулбеш байрий шуна? 

  

Когадахар лайлахь долуш, 

Меттан даар неIалт долуш, 

Тоьпан биргIа зизам долуш, 

Бераш гулдеш дайрий шуна? 

  

Доруш тоьгуш марчо доцуш 

Доккхуш доькъуш сагIа доцуш 

Охкуш кечдеш лахьта доцуш 

Синош догуш дайрий шуна? 

  

Къа лерина маршо езар 

Пхьа лерина Дела везар 

Шира Нашха, нохчийн безам 

ЦIергахь ягош яйрий шуна? 

Yazarın Diğer Yazıları

Нохчийн Астрономи

Ширачу заманахь дуьйна адамашша тидаме лаьцна хилла малха, седарчий, бутт, ерриге стигал а. Цара шайн ойланаш а, гIенаш а, ур-атталла тешарш, тешамаш а цуьнца...

«Мотт цахуушверг нохчо хуьлийла дац»

Сулумбек Идрисовца йина йолу репортажан шоллагьлера дакъа:   -Деша, боху ахь кегийчаьрга. Кхин хIун ала луур дара хьуна тIекхуьучу чкъоре? -Суна, масала, цхьана агIор, хазахета нохчийн мотт...

Шайчарна хийра а волуш, нахана шайн а воцуш

Сулумбек Идрисовца йина йолу репортаж: «Даимна, сайна мел хууш дерг, дIакховдан кийча вара со...» Дукхах болу нохчий санна хьо а Казахстанехь дуьненчу ваьлла. Цигахь хила долу...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img