Даймехкан Илли

0
353

Даймехкан Илли

Массо а суьранна,
Тхан беша долий,
Хьозано юх-юха
Локху цхьа йиш…
Карара сайн къолам
Охьа а буьлли,
ЛадугIу ас, хуттуш
БIаьргаш чу хиш.

ЦIа а цу эшаран
Дош а ца кхетам,
Мел чIогIа ойла йеш,
ЛадегIарх ас.
Амма цхьа ша тайпа
Гергара хета
Сан дагна, ца кIордош
Цу иллин аз.

-Алахьа, хIай хьоза,
Юх-юха боху
Хьан хьоме и илли
ХIун илли ду?
Хьан даим и лекха
Дог хунда догIу,
Суна а и хунда
Ца кIорда до?

Хьозано, ладоьгIна,
Элира доцца:
– Сийлахьчу Даймахках
И илли ду
Даймехкан иллига
Шен безам боцург
Ша винчу махкаца
ЗIе йоцуш ву.

Ахьмад Сулейманов

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz