Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

«дерриге къомана геноцид йар ду»

Балкархой цIерабахар

«дерриге къомана геноцид йар ду»

Зазадоккху-беттан 8-хь 79 шо кхочу советийн Iедало балкхарой Йуккъерчу Ази дIахьовсийна – ГIебарта-Балкхаройчохь и дагалоцуш барамаш хIиттийра.

ГIебарта-Балкхаройчоьнан пачхьалкхан университетехь дIаяьхьира Отаровн цIарах йолчу культуран йукъаралло кечйина концерт, йаздо РИА ГIебарта-Балкхаройчоь гIирсо. «ГIебарта-Балкхархойчоь» ГТРК-н гIирсаша дийцира Кенже цIе йолчу йуьртахь къаношца а, администрацин хьаькамашца а дешархойн хиллачу цхьаьнакхетарех – депортацех а, цо къоманна тIехь йитинчу ларх а лаьцна дийцира царна. Республикан куьйгалхочо Коков Казбека шен телеграм-каналехь балкархой цIерабахар дерриге къомана геноцид йар ду элира.

1944-чу шеран зазадоккху-беттан 8-чохь СССР-н чоьхьарчу гIуллакхийн коммисаро Берия Лаврентийс омра кхайкхира, 37 эзар балкхархошна Йуккъерчу Ази депортаци йар тIедожош. Германица болчу тIамехь мостагIчуьнгхьа озабезам беш, мостагIчунна гIодеш гIарадаьлла аьлла, и бехк тIе а йазбина, къам махках даьккхира.
Официалан терахьца аьлча, 1944-чу шеран оханан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна схьа 1946-чу шеран гезгмашан-батте кхаччалц йолчу йуккъанна Казахстанехь, Киргизехь дIакхелхира 4 849 балкархо – аьлча а, хIора бархIаллгIаниг.

ЦIерабаьхна 13 даьлча магийра балкархошна даймахка йухаберза. И зазадоккху-беттан 28-гIа де ГIебарта-Балкархойчохь къам йухадендаларан Де лерина ду. Цул тIаьхьа кхин а 30 шо даьлча йукъаделира «репрессех чекхбевллачеран реабилитаци» олу закон.

• Депортацехь дIадахначу шерех а, балкархойн тIемлойх а, къам даймахка йухадерзарах а Кавказ.Реалии сайтана дийцира филологин Iилманан доктор а, КБР Iилманан хьакъйолу белхало а йолчу Биттирова Тамарас.

• 1944-чу шарахь чиллин-беттан 23-хь Иосиф Сталина деллачу омраца, нохчий а, гIалгIай а Совет-Iедална йамарт хилла аьлла, шайн махках баьхна, нуьцкъаха Йуккъерчу Ази дIахьовсийра. «Чечевица» цIе тиллинчу цу операцехь ах миллион адам даймахках хадийра. 2004-чу шарахь евро-парламенто сацам бира, нохчий, гIалгIай цIерабахар геноцид лоруш.

• Советан заманахь депортаци йира миллионаш наханна, амма шайн къоман билгалонца буьззинчу барамехь махках даьккхира II къам: немцой, полякаш, финнаш- ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирман гIезалой, туркой-месхетхой, гIалмакххой, корейцаш. «Репрессех чекхдевллачу къаьмнашна реабилитаци» олу низам СССР йухучу 1991 шарахь бен тIеэцна дац. (radiomarsho)

 

Yazarın Diğer Yazıları

Kafkasya’nın dağlarına bir övgü: ‘Dağlarda O’… Kadim bir şarkının peşinde…

Moskova Yeni Sinema Okulu mezunu Balkar yönetmen Said Tolgurov’un “Dağlarda O” üçlemesinin ikinci filmi, 12-26 Mart tarihleri arasında Hantı-Mansiysk şehrinde düzenlenen Ateşin Ruhu Film...

Anadillerimizde 2026 Nisan sayımız yayımlandı

Değerli Jineps dostları, Anadillerimizde nisan sayımızın yayımlandığını bildirmekten mutluluk duyarız. Gazetemizi 4 Kuzey Kafkas dilindeki (Abazaca, Adigece Doğu ve Batı diyalektleri, Çeçence, Osetçe) sayfalarımızla oluşturduk. İyi...

İzmir: Çerkes Kültür Merkezi Öğrenci ve Misafir Konukevi açıldı

İzmir Çerkes Kültür Merkezi Öğrenci ve Misafir Konukevi 11 Nisan’da gerçekleştirilen açılış töreniyle hizmete girdi. İzmir'de yapılacak kültürel etkinliklerde kullanılması ve aynı zamanda üniversite...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img