Нохчаша хьуьнар Іамор

Кавказан этнологехь а исторяхь а хьуьнар кхиор тейп тейпана хилла билгалонаш ю амма хІинца а цуьнах лаьцна дерриге а гулдина, яздина а дац. Нохчийн къоман кхетамехь адамца хила дезаш коьртера долу диъа хІума ду: дегІан могшалла, хьуьнар, хекъал и, цІена догойланаш и .

Хьалхалера заманахь дуьндахьа нохчийн хьуьнар кхиаорца гергарло дара. Иза иштта хиларна, тешам луш шира замнашкахь Пешхой махкахь йина хилла йисан спорт хуьнаран стадион ю.

Нохчийн халкъан деза денош даиманна а къовсаршца, ловзаршца даздеш хилла. Уггаре сих сих даьшчарехь «говра хахкар», «секхаІад кхоссар», «вадар» (лома вадар), хьалхадалар къовсар «латар», «кхоссавалар» (дохалла кхийссаваларш, локхалла кхийссаваларш, хи чу кхийссаваларш), «бІогІам тІе валар», фехтовани (таррашца латар), говрашкахь буьрканах ловзар, еза хІуманаш айар, тІулг кхоссар, тІулг керчор, муш кхоссар, куьгашца тасваллар, муш дІаса озар, акробатик, куьйгаш тІехь лелар, косказаш тІехь лелар, когсалазаш хехка, нека дар, пийсак хаьхкар, альпинизм кхи дІа а..

Божарийн зударшийн хьуьнар кхиор юккъехь кхи йоккха башхалла ца хилла. Зудаберашца кегийболш дуьйна говра хахкар а, талла эхар а, йез хІума айар а, бере говзалла а Іамдора. Иштта хьуьнарш Іамош йолу йоІ «Мехкари» бохуш йолу Даймехкан сийлахь, мохк ларбан тобанах дІа тухуш хилла. Цу йоІехь дика динбере а, пхой а хуьлар.(1)

18 бІешаршкахь Кавказе веана волу Францеран Обри де ла Моттре-с (Aubrey de La Mottraye; 1674—1743) яздина: «Ламанхой мехкари ламанхой божарий санна дика говра хахка, божарий санна талла эха а, секхаІад кхосса а говза бара».

Дийна шарахь кечам бой баьстенца Сели баттахь кегий нах 15 шо кхачаза болчарна юккъехь говраш хахкар, говр хьовзор кхийссаваларш нисдора.

7-8 шо долш дІадоладора боьрша берана, йоІ берана а говра тІехь Іа, хахка а Іамдора.

Цу къовсарехь диконца чекхваьлчуна бере, говрхьовзорхо цІе луш хилла. Чекх ца ваьлчо юха шаран кечам бора. Кхузза къовсамехь гІиртин къовсам ца баькхачун юртахь пусар деш ца хилла, «малонча» цІе туьлли хилла.

Малхахь тешарца доьзна цхьацца ловзар хилла нохчашийн. Оханан баттахь Села бутт тІебали кегийнах гуллой лайха бІо йора. «Малха цІа кхаьчча» бохучу динахь бІонахь лайн мижаргаш тІе дІаьттий иза кагйора. Малха иштта «ара баьлла (Іан чур) цІа беана» лорара.

«БІогІам тІе валар» къийсамаш 13-16 шо кхаьчча долу бераш юкхехь хуьлара. БІогІам тІе даьтта хьокхара. БІогІамийн уггаре лакхе тускар дуьллар совгІатш долш чохь. Наггахь кегирхойш хІила дора- бІогІам тІе волуш хенахь кисна гІум йуьлли, куьг киснар схьадоккхуш гІумехь дуьзан куьйгашца хьала бовлара, тускар чура шейн йезаг схьаъоьци охьабуьсар.(2)

«Вадар», «лелар» къовсамаш сихалонна хьажна, халонна хаьжна, некъан лакхона, лаххона хьажна нисдеш хилла. Беламе, забаре вадар къовсам а хилла: цхьаъ ког шолгІа когахь боьхкаш хилла. Вадале 10-15 минот хьалха когашна йез хІума тІеулли, йа йеза эдкаш тІейухи лелара.

ТкъолгІа бІешаран юьххьехь Терк хи йистехь Іийна хилла боху Ибрахим цІе йолу цхьа стаг. ЧогІа сиха водаш хилла иза, едда йоьду говрана тІехькхуьуш хилла.

Толам бакха нахан юккъехь шей шей тидамаш хуьлар. Масала: Водуш хенахь багахь даьндарг лоцар (Ведана эвлахь, Йокха АтагІахь, Іашхойн Мартахь). Гуттарен хаза къовсам хилийта водаш хенахь гІовтал, куй, герза, шаьлта шейна тІера дІацадоккхара.

Салаз хахкар 9-10 шо кхаьчна берш, когсалазаш хахка 5-6 шо кхаьчна берш, берашна юккъехь къийсамаш нисбеш хилла. Салаз и когсалаз и ца хилчи а хиъна, вижна хахкалора.

Ламанхош «секхаІад кхоссар» «говра хахкар» а къийссамаш бора стаг велча тезетахь, къовсам баьккханчунна совгІат лора. Ишта къийссамаш ца бича, веллачунна эхарта са дІа ца доьду, олар.(3)

Кхабан тІе «секхаІад кхоссар» къийссам беш хилла бехаш нехан кегирхойшна юкъахь.

Говра хахкарца доьзна тейп тейпана къийсам-ловзарш дара. Масала:

Огой баттахь Агой олхазар гучдаларца кІиран еари дийнахь дез де даздеш хилла. Шеран тІаьхьаран кІирандийнахь «Бож – де» боху дийнах кегийчу наха къовсам-ловзаршца даздеш хилла. Толам баьккханчуна «божолг» боху, жижиг чудоьллина чуда, луш хилла. Йа «ка лаллар» ловзар.(4)

Мархи баттахь (Чиллан бутт) «Марх» цІе долуш ловзар дара. Бокха ка ор чу босбой ор дІа къовлар юккъехь ца Іуьрг дитан, гондахь тІулгаш дохкар. Кано ше корта арабоккхара цу Іуьргер. Говрахь сиха воьдуш хенахь и ка коьртер схьалаьцна хьалабаккха безаш бара.

Говрашкахь буьрканах ловзар дора беттаса долу буьйсанашкахь, докхан гІажмашца бІегІиг куй йа буц чу йуьлли кхи болу куй, буьркан меттан ловза бора. Кегирхой шин тобана бекъалора. Къийсам баьккханаг сихонца буьрка карйинаг хуьлара.

Таррашца леташ къовсалуш хенахь цхьанийн коьртар гІем тІе буц йа гІа дуьллар. Кхечара могІарца цуьнан коьртІер и буц хада ян йезар. Хадийча гІемаца вериг говрара вусси ше шиъ куьга ирха ойбар «ша эшийна» бохуш. Гондахь берш самукъне бовлара. Кху къовсамехь «хонкарчийн тІом» олар.

Кегий болчу хенахь дуьнда нохчий кІенти къийгашна тІулгаш кхуссуш, хьокха, зІокберг, варзап йоххалина кхоссарехь ловзаш хуьлара.(5)

ТІуг карчбар къийсам чогІа даьржан дара нахан юккъахь. Экъа йина тІулгехь иза лаьтахула карчош йад йора. Сихонца дІа кхаьчаверг йа сихонца карчош бахьаш болу тІуг хьажжийначух тІе тоьхнаверг толам баькнарг хуьлар. Нийса меттагашкахь а, гушкахьхола а, басешкхахь а карчбора уьш.

ХІоьттан латар дара даьржна нохчашна юккъехь. Шира замнашкахь пондар локхар иштта меттигашкахь , латале халхар бал боккхар. Леташ хенахь дуьйцина тІекхоллар (говран йа газан тайнах йина) хуьлар тІедухуш.

Шамиль замнахь а мюридаш юккъехь къовсарш хуьлар сих сиха.

1860-1920 Росси пачхьалко кхоллан йолу Терски область юккъехь яра Кавказ. Цу хенашкахь Хаси-эвлахь, Дзауджикауехь (Владикавказ), Моздокехь Говр хахкар юкъаралла схьайиллина. 1838 шарахь Грозный гІапан уллехь говра хахкар къовсам нисбинера гІазкий, нохчий къоман наха дакъа лоцуш (400 стаг герга). Нохчи къомахь волчарехь А. Битаевс толам баьккхира цигахь.

ТкъесналгІа бІешаран тІаьхьара замнахь Кавказан дозанехь вилиспетан спорт, шахмат йезашийн, таллархойн, гІашлошийн юкъаралланаш схьайилнера. Соьлжа гІалахь шиъа футбол команда кхоьлнера.

28-29 Мангал беттан 1915 шарахь Къилбаседанан Кавказ чу лоцаш ЦІэмэз гІалахь (Новороссийск) нисйина хилла доьххьара олимпиада.

1889 шаршкахь дуьнна Соьлжа гІалан ишколашкахь, училищкахь гимнастика дарса лора.

Соьлжа гІалахь хинца а тренировк яш Россин футбол союзан юккъе йохьуш йолу футболан тоба ю.

Таханлера деношкахь нохчий спортхойш дуьненан массо махкашкахь дикачу хиламашка кхочуш нохчий къоман шей хьуьнаршца юьхь йеш схьабохуш бу. Дуккху хьолехь бокс, латар-тасвалар, дзюдо спорташ юкъехь дакъа лоцу цара.

2008 шарахь Пекин гІалахь хилла йолу олимпиадехь ткъа шо кхачаз уггаре жима волу Альбиев Исламбекас деши даьккхара. Олимпиаде вахале ис шарахь бен кхечам бина вацар и.

Кху 2023 шарахь, масала, Францер къоман тобан юккъехь кегирхойн маьрша тасвалар къийссамашкахь берш а нохчий къоман кІенти бара. Иштта Казахстанехь, Бельгехь, Хонкар махкахь, Германехь кхи йолу дуьненан пачхьалкашкахь а Іаш, бехаш бу нохчий спортан турпалхой.

Нохчийн спортан турпалхо лоруш вола Бувайсар Сайтиевех лаьцна дийца луур дара. Иза хьалхара нохчий ву Олимпиадан чемпион хилларг, уггаре а къона охьатугІу латарх чемпион хилларг а ву.

Вина Хаси-Эвлахь 1975 шеран 11 мартехь. Лата Іама волавелла 6 шо кхаьчча (1982 шо). 1991 шарахь цо беккхира толам СССРн таьххьара кегирхой чемпионатехь.

1996 шарахь Бувайсар Атлантехь хиллачу Олимпиадан чемпион хилира. Нохчий къомахь доьххьара вара иза. 1995 шарахь дуьна 2000 шо кхаччалц цІкъаа эшна вацар иза.

2000 шарахь лазавар бахьнех Сиднейхь хиллачу Олимпиадехь ийшира Бувайсар. 2004 шарахь Афинашках хилчу Олимпиадехь чемпион хилира иза. 2008 шарахь Пекинехь хилчу Олимпиадехь кхозлагІа олимпийски мидал йаьккхира цо.

5-за дуьненахь массарелла дика латархо ву аьлла билгал ваьккхира иза (1996 шо, 1997, 1998 шо, 2003, 2005 шо). Олимпийски чемпион Сайтиев Адам цуьнан жима ваша ву.(6)

Хонкар махкахь бехаш Іаш болу нохчи къомахь болуш Олимписки чемпионаш, Дуьненан, Европен чемпионаш, призераш а бу. Царехь билгалла яха ляара йара коьрте спортхойшан цІерша: Хуьсен Бисултанов (Hüseyin Özkan), Рамазан Шахин, Зелимхан Магомадов (Selim Tataroğlu), Висита Асанов (Bektaş Demirel), Шерип Ахмадов (Salim Abanoz) дукху кхи а..

 

Библиографи:

І. Айдамирова М.Мехк наной- Мехкари. «Жинепс» газета. Биэкарг бутт І5де.

  1. Краснов А.И. Физическая культура и спорт в Чечне и Ингушетии. – Грозный: Чечено-Ингушское книжное изд., І963.–С. І64
  2. Ахриев.Ч.ГІалгІайн деза денош // «Сборник сведений о кавказских горцах», Тифлис, І87І, вып. V, отд. III, § 2, стр. І-І6.
  3. 30-3І24. Пирогов Н.И. Отчет о путешествии по Кавказу.

5.Айдамирова М.Нохчийн рузмахь лаьцна хаамаш. «Жинепс» газета.Оханан бутт І5де.

  1. https://ru.wikipedia.org/ checheninfo.ru

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz