Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

«Нохчий беран нохчий мотт хаи, ассимиляци хира яц»

Нохчийн историк, историйн Іилман кандидат,  Ичкери пачхьалкхан хилла волу коьрта векал, политтутмакх. Ичкерин президентан пресс-секретарь хилла волу Вачагаев Моми кІант Майрбек цани оха йина репортажан ШолгІа дакъа:

 

-«Кавказийн Зар» (эхо) цІе йолу интернет порталахь болха беш йолу Умарова Амини  репортажехь дийцана ду ахь, Европер Швецийн, Чехийн, Германийн, Великобританийн, Францийн, Американ, архивашкахь Кавказ и Кавказер цІеран гІарбевлла болу нехан талламца билгаллонаш гулйина. Иштта кхузахь а, Хонкар махкахь архивашца болх ба, вайнахах лаьцна, Къилбаседа Кавказер кхечу къаьмнийн нахах лаьцна йолу историн билгаллонаш гулйан аьтто хиллий хьа? Йа дагахь вуй хьо?

-Массийта пачхьалкхашкахь лела а лелаш архивашкахь болха бина ас. Сайна кардин долу кехат, документ нохчех лаьцна, нохчийн исторех лаьцна, Ламанхойн республиках доьзна, Къилбаседан Кавказахь доьзна дІа вах ваханчохь коьрта Іалашо- уьш кардан, уьш калдахара, уьш нахан довзийтар. Уьш карадина цаьрга хьежа хьоьжушІар цханнина а пайда хира бац. Хьуна а пайда ца хуьлу цунах, къоманна пайда ца хуьлу, Къилбаседан Кавказехь бехаш болчарна пайда ца хуьлу. Цундера сан цхьа а кехат дІадуьллаш Іедал дац, диллина а дац. Наха даьхча дІаделла, нахана айса дІаделларг ас зорба тохали цара арадохуш нислора, хІумма дац хилчи, цуьнах пайда хилчарни- хетар суна. Масала, Иордани кхеча а со дІасвахчи, иштта хІар кехаташ ду тхан, хІар кехато хІар бах, важ бах, зорба хІунда ца тоьхха ахь, кхузза ткъеит шо ма ду хьуна хІар кехат доьвзуш и нахан ца доьвзутуш Іаш, 70 шарахь и латта дина Далла доьхал гІур ву хьо. Нахан хаита ца деза иза? Зорбне ца даьккхча нахан хуур ма дац иза. ХІа-хІан, со ца жайнан кечам беш ву, бохуш дахдеш –и санна долу хІумнехь ца кхета со. ХІунда аьлча, хьайна кехат карийнехь и кехат дуьнена довзийта декхар ду, уггаре хьалха хьай къомана довзийта деза, къоме цунахь пайда эцийта. Таханлерчу дийнахь тІаьхьи хьалхьи жайнаш яздан аьтто ца хуьлу, хан ца хуьлу. Наха шарахь массех арахоьцу уьш, сунам ши шо а, кхо шо а, пхи шо а хан йеза. Иштта Іийча 10-11-12 шарахь и ара ца доккхуш Іийча, хІу пайда хуьлу цунахь. Цхьанни кепар хьалха ца волу хьо, юханехьа хуьлу-кх, къоман доьххьал болх бешвериг хета суна и стаг. Шена карийна долу кехат сиххонца довзийта дезаш ду цо. Суьлехь, гІалгІайх лаьцна долу кехаташ а сайна воьвзуш волучанна, историкашна дІаолу ас. ХІири махкахь болу историкаш соьгар хаьттан долу хІумнехь жоп делла, Черказийн, ГІумкийн историкашца а хаамаш бякъна ас. Башхолла дац, Къилбаседан Кавказер къам хилчани аса сайна хууш дериг дІахоитар ду, сайна ницкъ кхочуш дериг дІалурду. Цу тІехь ца кепара халонаш яц.

 

-Кхи дІа, оцу интревью чохь Соьлжа-ГІалин архиван урхаллин иттаннаш эзарш Кавказан исторех долу документаш дІаделла боху ахь. Хьай дахарехь Росси пачхьалкаца хала зама текхана волу хьо, кху сацама коьрта бахан муьлха дар? Нохчийнчохь кху хьокхех хуур долш, болха беш специалисташ буй? Мульш бу уьш?

-Кехаташ дІа хІунда делла ахь, бохуш хаттардерш дуккхуа бу соьгара. Вай Даймохк ма бай цигахь, цуьнан коьртехь милла велахь, цу эдалехь милла а велахь, вай массеран вархІиъ да ваьхна Даймохк ма бу иза, цера Даймохк ма бац иза, сан Даймохк ма бу иза! Хонкар махкахь бехаш болу нохчийн Даймохк ма бу иза, Францехь бехаш болу нохчий Даймохк ма бай иза! Вай кхи Даймохк баъа ма бац! Ахь хьай Даймохкан ца делла долу жайна, кхи дериг а, хьо хьанна дала гІерташ ву?! И хаттар а нийса ца хета суна. Дера делла, лура ма ду! Дуккха делла, эзаршкахь делла. Файлаш дуккха йолш немцойн маттахь, инглиз маттахь, французийн маттахь ю. Нохчий матте дохар дацахь а оьрсий матте даха «хаза нехан санна» болх бан безаш бу. «Хаза нехан санна» ахч дезар ду, эдало лахь, амма делла аьлла ца хезна суна. Гоч дан шортта къа хьега дезар ду церан, цу тІехь шортта болха бу. И боцург, хьалха вай маьлла йаьгна йолу архива а таханлерчу дийнахь меттахІоттийна цара. Москва, Петербург, Казахстан, Армени, Азербайджан муьлха пачхьалкха хуьлила иза «нохчий» олу дош долуш дол кехат, документ цхьан метте гулдеш ду цара. Таханлерачу дийнахь Москва ваха ца веза хьа, кхечхьа ваха ца веза хьан. ХІинца и Франци а ваха ца веза хьан, хІунда аьлча аса Францехь долу кехаташ шадерриг а дІаделла. ГІалахь йолу архивчу хьо вахча массо хІума хьуна карор ю. Сан Іалашо Нохчийчоьх историца болх беш волу стаган, историца бала болчунна  накъосталла дар. Сан кхи цхьа Іалашо яц. Сайна мидал лур ю, аьлла а ца хетара суна. Цара-м соьгар уьш схьаоьцуш хенахь кхера а кхоьруш схьаецна. Суна цара «баркалла» ца аьлла шуна! Цара суна «Дела реза» а ца аьлла шуна. Цара шейна дІалуш хенахь къейлахь, кхи баш нахал ца доккхуш схьаэцна ду шун уьш. И нахал хІунда делар а цахаъ суна. «Кавказский Узел» интернет сайт тІехь цхьаммо хаитар-кх иза. Цул тІаьхха аса интервью елар, бакъдерг аьлча. Амма цара хоиташ дацар. Аса уьш дІаделли хаита лууш бацар. Амма цара цхьа кехат гал ца даьккхна. Цу тІехь «хаза нехан санна» болх беш бу, дика болх беш бу. Со дохко ца ваьлла. Сайна тахан а кардеана кехат, Далла мукъ лахь, дІалурду. Вай цІахь йолу архив дика архив хила йезаш ю. Цигахь вай кехаташ хилча, вайца доьзна долу хІума цхьан меттахь хилча, цу цІахь бехаш болу студенташ, Іилман наха, историца бала болш вериг цу архиваца болх бан атта хилара доккха хІума ду. Цундела сан Іалашо цхьаъ бен яц-«Нохчий» дашца бала болчу стагана, цу тІехь болх байта цуьнан аьтто хилийта. Кхи цхьа хІума дац. Иштта дІасайелла (файлаш), лура а ю! ХІунда аьлча и са а Даймохк бу! Сай Даймохкана аса цхьа хІума оьшийтар яц. Оьший ца оьший ас нахера хатта ца хотту. Сан нахер хоттуш Іедал дац. Ас хатта ца хаьттан. Со дІайала гІерташ ву шун, ца аьлла цхьаннина. ХІоранна Далла шена белла кхетам бу. ХІорамо ше кхетамцани до, ша деш дериг. Суна сайна Далла йелла киртиг тІехь иштта гІолехь хета-кх. Иза аса церан хьаькмашна ца делла (кехаташ), аса сай махкан делла ду уьш, сай Даймохкан делла. Со реза ца хуьлу сайна иза хаттар дича.

 

-Нохчийчур, Европеран историкаш вовше бевзуш, билгаллонаш йоькъаш, вовшашна хаамш луш, бистахуьлш буй? (Мичахь, муха)

-Нохчийчохь берш боьвза суна, кегийнаш ца боьвза. ХІунда аьлча, цхьан хенахь цхьан дешна ма дай тхо. 24 шо хьалхьа хилла со цигахь. Кеста йолчу замнахь со цига гІур ву, аьлла дац. Суна керла историкш ца боьвзу. Европехь Іаш болчарех суна боьвзуш болчарех Белгехь Хасан Бакаев ву, Джамбулат Сулейманов ву. Вовшех тхо ца даьтло, берши а цхьацца пачхьалкашкхахь бехаш бу, шей шей белхашкахь бу, шей некъ лелош бу. Интернет йолуш вистхиларна аьтто хуьлу. Франце веана историк хилча хаза хеташ вовшах кхетар ву, сайна хуучу кепар дийца, гайта со маьрша ву.

 

-ТІаьххьарлера тІом бахьанца долш Европе дІабахан дукха нохчи бу.  Таханлерчу дийнахь «ЧермоевгІара» буй Европехь? Нохчийн интелегенташ вовшахкхеташ цхьана хуьлуш меттигаш, союзаш, юкъараллонаш юй?

-Уггаре кеззиг 200 000 нохчий Европехь ву аьлла. Хонкар махкахь, Иорданехь нохчий тобанш алсам йолла, Америкехь йолу тоба, Канадехь йериг алсам йаьлла. Дуккха адам тахан ара даьлла ду, пачхьалкхашка дІасадаьржна ду. Сингаттамашца ара даьлла ду, суна а цхьа хІума карйогІар яцтехь, аьлла арабоьвлла бу. Цхьа терра бац шаберш а. Кхузахь пачхьалкхе долу дахара массеран цхьа терра ца нисло. Цхьан хІуман тІехь хьалхьа вала, дІахІотта, шей цІахь бисначу, доьзална гІо дан гІерта. Дуккха хьолехь дуьненчохь нохчий дІасабаржар суна пайда алсам бу, аьлла хета, зен олчул. Кхузахь муьлхачу болха хоьтча а, хьехархо хуьла, лор хуьла, цуна нохчий мотт хууш белахь иза ше къоман пайде хир ву. Цо ше къам цкъа а дицдийра дац. Ше Даймохк ше Даймохк буй хуур ду. Цо цкъа а Франци, Германи  ше Даймохк бу эра дац. Цо шей Даймохк- до Къилбаседан Кавказехь Терк хици, Соьлж хици, Орга хици, берриг ше Даймохк буьйцур бу. Цундела дІабаханчер «доьххьар чІор» болчарехь пайда хира бу, аьлла хета суна.

ЧермоевгІар Европехь схьабохуч хенахь кегий бацар, таккха цхьа 16 стаг бен вацар. Тукаев СаІид воцчун би церан  цхьанни а доьзал ца хилла. Тукаеви тІаьххье ю хІинца а.  Чермоев цІарца берш Тапи (Абдул-Межид) цуьнан ваша Абдул-Муслиман и, цІера тІаьх  схьабаьхкан болу Абубакаран и Мохмадан и тІаьххье ца йисна, ца дебна уьш. ТІекхаьта бац, дІавалар доцаг. Цуьнан кхеч зудчо йина йоІ Англехь йехаш яра. Иза маре йахна цигхуллан Тапин тІаьххье ю. Уьшша ама божарийн тІеран бац, зударийн тІера бу. Цигар доьзалехь вериг цхьаъ документальни фильмаш йохаш ву, кхи берш а шей гІулкаш лелош Іаш бу. Миллионаш долш бехаш хилла нах бац уьш. Элдиташ дуьйцуш, туьранаш дуьйцушчан хаа дезаш ду Тапа 1933 шарахь Лондонер пачхьалкан  суьдо «банкрот ву», аьлла сацам бина. Цул тІаьххьа дуккха декъарш дара цуьнан. Миллионаш кара кхечна Іийна нах бац шуна уьш. Императоран нанна гІо динера, йеза йелла йоІан зезагаш кхисснера бохуш- деррига элдити ду.

 

-Европехь, хьо Іаш волу Францехь, нохчийн меттан хьалде муха ду? Муьлха болу мухаджирашан коьртехь болу бала- шаьш болчу махкахь дІатарвала хаар, амма дийнна ассимилици ца хилларна некъ лахар ду. Цу хьокхех Европер, Францер хьал дийцахь.

-Нохчий беран нохчий мотт хаи цхьа ассимиляци хира яц. ХІунда аьлча оцу нохчий моттацани ахьа  цуна луш дуккху хІума ду. ГІиллакха, оьздингалла, дин, массо хІума а маттаца ло ахь. Массо нохчийн истори оцу маттаца луш ма йай ахь. Нохчий маттаца ма дай ахь хьай беран луш  Даймохк безар. Ассимиляци ца хилийта- нохчий мотт хаита беза. Мотт ца хаахь – цхьанни кепар нохчаллаца бала хира бац цуьнан. Европан муьлхачу пачхьалкхахь хьо вехаш велахь, царна дош ца хета ше къоман мотт ца хууш волу стаг. Французашна цхьанни кепар хьо дош ца хета-кх хьуна хьай къоман мотт, истори, культура ца хиъча. Со кхузахь вина вуй, со цІахь ца хилли, аьлла хьо дІахІоьттача уьш (французаш) дІабоьрзи дІабоьлху. Мот, истори, культура хууш хилча цара го бой хаттарш до шортта, цара тидаме оьцу хьо, толла хьо. Иза хууш ца хилча, хьох кхи болу французех башхалла ма ца хуьлу. Церан хьо санна волу французаш миллионашкахь ма бай!

Французех Францехь хьалха вер ву нохчи –«нохчий дог» долшверг. ХІунда аьлча, ша нохчий хиларе терра и дІа гІертар ву. Ша дІахІоттари терра цо ше шич велахь, ваш велахь, ше къоман стаг велахь- цо тІеоза вира ву. Цуьнан тешаме накъост хир ву, доттагІ хир ву. Таккха хьалха вера ву иза. Таккха тоьлар ву иза. Такха французан дош хетар ву иза. Шей ткъе эзар ца кхочуш пачхьалк йолшехь, тхоьга ца дан деларг, хорша схьабаьхкин ткъа шо бен дац, цара хьара- важа ма дина, аьлла таккха царна дош хетар ду. Уьш таккха баккхий бир бу. Маттаца дег хьалхьа ца даккхахь чогІа духур долуш ду ша дерриге.

 

-Европеран Кавказ мухаджирашийн истори тилланий ахь. Хонкар махка, Иордане дІабахан мухаджираш лецна цхьа хаамаш, билгалонаш язйина йа цхьа таллам бина буй  хьа? Бацахь, дагахь вуй хьо?

-Иорданехь лаьцна шиъа жайна долш ду. Хонкар махкар нохчашех лаьцна ткъе ит шо хьалха СаІид Бадаев (цхьанни дешна ву тхойшиъ), шолгІа тІом болуш дІавалар нисделла цуьнан, цо яздина жайна ду. Таханлерачу дийнахь 90-95% Стамбулехь йолу архивашкахь долу кехаташ вайна доьвзуш дац. Уьш османи маттахь яздина ду. Арбойн йозанца ду иза, латтинийца дац. Кехаташ  талла и мотт хууш хила везаш ву. Шейх Мансур волу хенашкахь дуьнна хилла кехаташ ду. Дуккха туркхой (делегаташ) бара цу хенахь Іедало Нохчийчоь яьхитина, дуккха болха бина цара цутІехь. Цундела и кехаташ, Іаламат чогІа хаза пайдехь, хир долш кехаташ ду уьш. Зорбане уьш даьхна делхьари дика дара. Цхьацца дерш даьхна ду амма кеззиг ду. Уьш алсам хила дезаш ду. Цхьа жима стаг бала кхечна и дан ара ца ваьлча и цхьаммо дийра ма даци. Цхьаммо вайх лаьцна истори язйийра яц. Вай ваьш дан дезаш ма дай иза. Вай ваьш язйари терра хир ю вай истори. Ца язйахь и хира яц. Кхи болу наха шейна пайда болу агІонца язйо иза. Цара и кехаташ, документаш хуьйцу. Йа шейн дезаг, тайна дериг бен хьаца оьцу цу кехат тІера. Шиъ, кхоъ дош юккъар доккхи – документан маІна хІийцало, цІоьмалган меттиг хІийцича- маьІан хІийцало. Вай ваьш динарг бен хир дац. Цу хІуман дог лозуш цхьаъ велахь, цуна накъосталла, гІон дан дезаш ду.

 

-Хонкар махкахь Іаш болу мухаджарашка хьу ала луур дара хьуна?

-Далла гІо дойла шуна. Атта Іаш доци суна хаа шуна. Я цигахь, я кхузахь берш а. Іедало вай кисан дуьллуш ахча дац. Болх бан беза, дІасвала веза, вай 20 шо истори схьалаьцча цхьан секундан хан ю иза. Вай ког тІе хІитта дуккха хІумнаш дан дезаш ду. Цигахь долу шу, кхузахь долу тхо а цхьан баьртахь хила деза. Политикаца, кхи долу хІуманца цхьаъ ца хуьлу вай. Политикехь а, цхьан партий юккъехь а хуьлу ца кхетамаш. Амма цхьан хІумантехь массо цхьаъ хила веза, кхи долу массо хІума Іаддаъ дитана  коьртаниг- вай байракх цхьаъ хила еза! Динал совнах вай идеалоги «нохчалла» хила езаш ю. «Нохчалла» дІакхехьан Далла вайна ницкъ лойла, корматалла лойла. Кеззиг- меззиг хІуманаш вайн юккъер дІадаьхчанни Далла вайна гІо ца дарна йиш яц, хІунда аьлча вай тахан нахан зулам дан ара доьвла дац. Вай зуламех доьвдан ара доьвла нах ду. Таханлерачу дийнахь даха гІерташ, дІахитта гІерташ дохкуш нах ду вай. Дикчу хІуман техь Далла гІон дира ду массарна. Дала аьтто бойла шуна. Іа дика йойла, маьрша Іойла!

Yazarın Diğer Yazıları

«Нохчийн менталитет ларъян- вайн коьрта декхар ду!»

- Дийцахьа хьайн доьзалахь лаци. - Сан да Хачаро тейпана, схьаваьлла Ведучи юьртара ву. Сан нана ШIороер ю. 1944-чу шарахь оцу ярташкара Казахстане дIабигна...

Нохчийн Астрономи

Ширачу заманахь дуьйна адамашша тидаме лаьцна хилла малха, седарчий, бутт, ерриге стигал а. Цара шайн ойланаш а, гIенаш а, ур-атталла тешарш, тешамаш а цуьнца...

«Мотт цахуушверг нохчо хуьлийла дац»

Сулумбек Идрисовца йина йолу репортажан шоллагьлера дакъа:   -Деша, боху ахь кегийчаьрга. Кхин хIун ала луур дара хьуна тIекхуьучу чкъоре? -Суна, масала, цхьана агIор, хазахета нохчийн мотт...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img