Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Нохчийчоь йа Ичкери?

Товбецан 6-гIа де Нохчийн Республикин де, аьлла даздеш ду Нохчийчоьн бахархой а, республики латтдозан дIехьа а Iаш берша а.  

Нохчий къоман исторехь вай Нохчийн пачхьалкхан цIе массийтазза хийцайелла.  

Кавказехь тIом болуш хенахь (1817-1864) гIаскхи эскархойша шей рапорташкахь Нохчийчоьн лаьмнаш долу агIонахь «Малая Чечня», аренашийн агIонахь «Большая Чечня» оли яздора. Чечня боху дош Чечен эвла юртан цIе тIеран йиллан хира ю. Кхин долу къамнаьшша нохчехь шей шейн замнахь «шишани», «цацани», «сасани» цIерш йоккхуш яра.  

Дуьххьара «Чеченский/Чеченская» боху дош вай пачхьалкхан «Чеченский округ» цIе 10 гIуран баттан 1857 шарахь историйн кехаташкахь билгала йаккхна ю. Иза а Российн пачхьалкхан Кавказан урхалло деш йолу комитетан куьг тIехь йукъа йаьккхна яра.  

1860 шарахь Российн империс Кавказ латт дозанца Кубанская область и, Терская область и кхулла. Нохчийчоь, «Терская область» бохуш долу латт дозана чуйохаш яра.  

1917-1919 шаршкахь Россияхь революци хилла Iедал хийцаделлера. Къилбаседера Кавказан «коьрте нах»- элита схьагулбелла, конференци йина Горская республика пачхьалкх кхолларна кхайкхам бинера. Цу Горский республикчу йохуш Нохчийчоь -Чеченский округ, цIе тилна билгал яккхна яра. 

Коммунист партин Iедал дIахIоттарца 1920 шарахь, декрет сацамца Горская Автономная Социалистическая республика юккъехь Чеченский Национальный Округ йира.  

1922 шарахь цу округехь Чеченская Автономная Область йира, коьрта гIала Соьлжа ГIала (Грозный) йаш.  

1934 шарахь Ингушская Автономная Область и Чеченская Автономная Область и вовшахтоьхна цхьаъ область йира. 1936 шарахь Чечено-Ингушская Автономная Республика цIе туьллу цунахь.  

1944 шарахь Нохчий къам махках даьккхнера, дуккха нах дIакхелхьара цу хенахь. Нохчий (чеченец) долу дош маьл дол меттигашкар дIадоккхаш, и дош чохь долу кехаташ – жайнаш дагадеш, инзаре хIумнаш леладира Iедало. Нохчийн нах, (байазза биснарш) Сибри, Казахстане, Кигргизи дIабигара. Нохчий пачхьалкха Совет Союзан пачхьалкхаш юккъера дIайаккхара, цкъа а ца хилла санна. 

1957 вайнахана цIа бахка бакъо йелла Чечено-Ингушская АССР юхаметтахIотта йира.  

1991 шарахь Советан Союз дIасйаржан хенахь Нохчийчоь маршонан некъа йелира, массо кхин дIайолу Союзан республикаш санна. 

1992-1994 шаршкахь Чеченская Республика Ичкерия цIе гуча йолу. 

1994-1996 шаршкахь Чеченская Республика Нохчийчоь цIе оьцу. 

«Нохчий», «Нохчийн», «Чеченская», «Нохчийчоь» дешнаш вайн кхетам луш цIерш йу амма Ичкерия боху дош мичар даьлла, хIун бохург ду- къаста дан хьожар ду вай.  

Е. И. Кушевас яздина долу(1) жайначохь, Ичкери дешан этимологи Ошаев Халидигер (йаздархо, историк, этнограф) хезна шена, аьлла «искаьрк» дешнахь схьадIаьлла хиларна тешало ло. «Искаьрк»-«исс керта: исс латта» бохург хуьлу, аьлла. Такха и «Ичкери» меттан «Искери» хила а тарло, аьлла яздо авторо.  

А. П. Берже (историк, яздархо, кавказан говзанча) ше жайначоьх Гуьмсе юххехь Искерик хи ду эхаш, аьлла билгало ло.(5) Цундеран нохчий дош Искерик/Искаьрк туркойн маттан кепар «Ичкерия», аьлла хила там бу. 

Цхьацца историйн кехаташкахь а Российн империн эскархош яздина рапорташкахь, жайнашках а «Искери» цIе лелайина билгалонаш а ю.(3-4) 

«Ичкери» дешахь лаьцна Нохчий Республикан Парламенти депутат хилла волу Докка Амаговс(6) хIара дуьйцу: 

«Кест-кеста, нохчийн сайташкахь, цхьацца хабараш хеза, вайн паччахьалкхан «Ичкерия» бохучу цIарах лаьцна. Цхьаболчу «Iилманчаша» оцу цIердашах этимологеш йо – «Исс латта», «И ча кхера е», «Эчиг каранаш» ишта дIа кхин а. 

Ткъа боккъалла а аьлча, вай оцу дашах мел «муьрг» еттахь а, цхьа а шеца нохчийн кхетам болу дош дац иза. Амма гIуьмкийн, гIажарийн, гIезалойн, гIазгIумкийн кхин дIадолчу а туьркийн меттанашкахь шен чулацам даьхнашца боьзна болуш карабо цуьнан. Масала: «даьхнийн чоь-коь», «неIаран мачаш», «даьхнийн дежийлаш» иштта дIа кхин а. Цу дашца доьзна кхин долу дешнаш а ду, нохчаша туьркашкара схьаэцна леладеш, масала: «ичча (талла) вахана», «ичиг мачаш» цу тайпа кхин дIа а. 

Парламенто вайн паччахьалкхан цIеран маьIна хIу ду хьажа кхоьллиначу талламан тобанан куьйгалхо а волуш, Докка Амаговс болха бина. Цу тобанан: нагахь и цIе вайн паччахьалкхана хила хьакъ дацахь, иза хуьйцуьтуш долу хаттар Парламенте хIоттадан. 

1998-чу шарахь Парламенте веана волуш, нохчийн къоман президент хиллачу Яндарбиев Зелемхе дийцира оха «Ичкерия» бохучу цIарах тхайна зеделларг. И къамаьл шеца хиллачул тIаьхьа Яндарбиев(З) чIогIа реза хилира, вайн паччахьалкхана цIе хийца езаш хиларна. Билгалладаккха деза, хIетахь «Ичкерия» цIе Парламенте хийцита оха бина болу талламан болх, Зелемха президент хиллачу, 1996-чу шарахь «нохчийн мехкан цIарах лаьцна» аьлла, цо биначу сацамна тIехь, шен бух болуш бара. Ткъа ЯндарбиевнЗ цу хIокъехь хилла сацам вай боцца бийцича ишта бара:- … «Оьрсийн маттахь долу, «Чеченская Республика-Ичкерия», нохчийн маттахь; – «Нохчийн Республика – Нохчийчоь» ала догIу. 

Оьрсийн маттара, «Чеченская Республика» цхьанадогIу – «Нохчийн Республика» бохучуьнца. Оьрсийн маттара «Ичкерия», нохчийн маттахь – «Нохчийчоь» ала догIу. Цу шинна а маттахь йолу вайн мехкан цIераш, шайн юридически, политически, идеологически агIора цхьатерра ницкъ болуш ю», бохачу кепара. 

Яндарбиев Зелемхан оцу сацамах пайда а оьцуш, вайн паччахьалкхан тIера цIе хийца аьлла долу хаттар Парламентехь дийцаре даьккхийра гурахь, 1998-чу шарахь. И цIе хуьйцуш оьшуш долу депутатан «аьзнаш» а, оха хьалхе цаьрца барт а бина тхан долуш дара, цара куьйгаш хьалаайдар бен кхин дисна хIума а доцуш. Амма и кхаж тоссучу оцу дийнахь, парламенте веъначу Ш. Басаевс дехар дира депутаташка:- …сан доккха дехар дара-кх шуьга, цхьана шарахь мукъане а, и «Ичкерия» бохуш йолу цIе йитахьара аша, аьлла. Цуьнан и дехар къобалдеш уггаре а хьалха депутаташка вистхилира, хIетахь, нохчийн Парламентан шоллагIа вице-председатель хилла волу Тимиров Iийса. Цо диначу къамаьлана тIехула, цу хаттарна тIехь депутаташ бекъабелира. Эццахь депутаташна юккъехь и къовсам баларна бахьана долуш, цу дийнахь юккъах диссира вайн мехкан цIе хийцар. Делахь а, «Ичкерия» цIе, дукха хан ялале кхечу агIора хийцаелира. Нохчийн Парламенто тIеэцна, «Нохчийн маттахь долу закон» бахьна долуш. Цу законан цхьадолучу ваIдаша билгаладоккхуш дара, Нохчийчуьрачу массо а меттиган оьрсийн маттахь йолу цIераш, нохчийн маттахь яха а, ала а езаш хилар. И керла закон уггаре а хьалха хьакхалуш дара, вайн мехкан цIарах лаьцна ЯндарбиевсЗ шен хенахь бина хиллачу сацамах а. Цунна юккъера, оьрсийн маттахь ала аьлла йолу, «ЧРИ», «Чеченская Республика», «Ичкерия» цIераш дIа а йохуш, ткъа «Нохчийн Республика», «Нохчийн Республика-Нохчийчоь», «Нохчийчоь» аьлла ерш тIаьхьа а юьтуш. «Нохчийчоь» аьлла йолу цIе ю, ша вайн маттахь а йолуш, вайн халкъо бIешерашкахь дуьйна вайн махкахь йоккхуш лелаш. 

Цул а совнаха, цуьнан схьаялар Нохь-пайхамарца (а.с.) доьзна ду бохуш, вайн халкъана чIогIа еза хеташ цIе а ю иза. Дашна аьлча, дуьненчохь кхин цхьаъ, жуьгтийн къам бен дац, шайн махках – «Израиль» аьлла, иза пайхамаран цIарца билгалабаьккхина. И «Израиль» цIе шайн махкана тилларца цара гайтина, шайн исторйин болам а, шайн схьадовлар а цу пайхамарах дуьйла. 

Вай цхьанна Iоттар еш дац, я иза иштачохь ян цхьа а бакъо йолуш а дац, делахь а, мел хьалха ваьхна Нохь-пайхамар (а.с.), Израиль-пайхамарал а (а.с.) вай хьоьвсича, эзара шераш хьалха дуьйна гучайолу, нохчийн къоман историн «йохь». Вай хIара къамаьл дечохь цхьацца цакхетамаш а хила тарло, ткъа хIунда тиллина хилла вайн махкана и «Ичкерия» бохуш йолу цIе аьлла? 1992-чу шарахь гIазакхаша Россина керла конституци кечъечохь, цара цунна тIехь – «Чеченская Республика» аьлла, Нохчийчоь а язъйина хиллера. Цундела и конституци цара тIеэцале, Дж. Дудаевс цхьанна ханна аьлла сихонца тиллина хиллера вай паччахьалкхана и цIе. 

Вуьшта Дж. Дудаевна шена дагаеъна а цахиллера и. Тхуна хIетахь хезначу тоьшаллаша дийцарехь, Дж. Дудаевс вайн махкана тилла тайп-тайпаначу цIерийн харжамаш бечохь, цхьана адаман хьехамца тиллина яра цо иза. Ткъа уьш ишта ю: «Нохчийчоь», » Нохчийн Республика,» «Нохчийн Республика-Нохчийчоь», бохучу кепара. Къаьсттина, иза уггаре а хьалха дан догIу Нохчийн паччахьалкхан Iэдалан векалша. Хьанна хаьа, тIаккха, цу цIерашца, Делан лаамца, юха дан а тарлуш дара-кх, вайн махкара дIадахна има-беркат, машар-ирс, барт-лерам.» 

Иштта тейп тейпана хаамаш, ойланаш, билгалонаш, хьехамаш бу нохчий къоман пачхьалкхахь лаьцна. Зама хийцалуш дIа йоьду амма нохчийн къоман «Нохчи/Нахчи» цIе хийца ца йелла, хийцалура а яц.  

Таханлерачу дийнахь Дуьненчоьх нохчий къоман цIе «Чеченцы/Chechen» ю. 2003 шарахь билгал яккхна Нохчий пачхьалкхан цIе «Чеченская Республика / Нохчийн Республика» ю. 


Литературан хьоста: 

  1. Е. Н. Кушева («Народы Северного Кавказа и их связи с Россией (вторая половина XVI – 30-е годы XVII века», М., 1963 г., стр. 74, примеч. 53.
  2. Х. Бакаев. «О Названии Ичерия». Proza.ru.2018
  3. К. П. Белевич. «Несколько картин из Кавказской войны и нравов горцев», СПб., типография Кюгельген и Ко, 1910 г., стр. 211.
  4. А. П. Пулло. Рапорты. ЦВИА ВУА. Д. 6306. Л. 79
  5. Берже, Адольф Петрович (1828-1886). Чечня и чеченцы / соч. А. П. Берже, правителя дел Кавк. отд. Имп. Рус. геогр. о-ва. – Тифлис : Тип. гл. упр. Перепечать Грозный ГУП Книжное издательство. 2008. Стр 58.
  6. Д. Амагов. Ичкерия бохучу цIарах лаьцна. Pankisi. Ge. September, 2016.

Yazarın Diğer Yazıları

Ахматова Лиза: «Со илли ала йехаш ю! Ас илли олу, кху дуьненчохь яха!» – Репортаж

«Со илли ала йехаш ю! Ас илли олу, кху дуьненчохь яха!» Поп, рок эшархо. 300 герга эшарш йазйина гІара йаьлла автор йу. Нохчийчоь Республикан Сийлахь...

Нохчийн къоман уггаре гIарабоьвла лоьраш

Нохчий къоман йуккъехь, шира зама дуьйна схьа, даимна дарбанчой хилла. Дарбанчойшна нахан йуккъехь чIогIа пусар деш дара. Дарбанчо вер-ваккхар доккха къа хилар совнах, массо...

Нохчаша Турцехь латар спорт муха айийра?

Массарна хууш ду, Турци пачхьалкхан латар спортан коьрта тренерш (Дзюдо спортан санна) а нохчий хилли. Уьш схьабаьхкина чул тIаьхьа Турцин латар спортан халде дукха...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img