Йохка-эцаран цIераш

Нохчийчохь 2023 шо «Нохчийн меттан шо», аьлла билгалдаккхар бахьана долуш нохчийн маттахь йолу цIерш алсам йоьвла массанхьа. Нохчий маркетолагаш а ца Iийра цу некъан дакъа ца лоцуш. ХIинццалца, дуккху хьолех ингалсан, оьрсийн маттахь цIерш туьллаш Iедал дара. Маркетолагш совнахь, нохчийн юьртабахаман производстван компанеш, сурсаташ, товараш арахоьцуш йолу фирманша а нохчийн цIерша лела йан йолайелла цхьа дика. Иза чIогIа нийса а доззале а хеташ бу цигар бахархой а тхо а. 

Реклам йаш йолу фирмаш баннерш, гайтамш, суьрташ тIехь нохчийн къоман тIамарш а, нохчийн маттахь цIерш-дешнаш а лела дан буьйлабелла. 

Жимма хьалха тидам лацархьам нохчийн дешнаш ингалсан дешнашцани кегадеш латинан элпашца яздора. Масала: 

«DaarHouse» – кафе. Дааран чоь маIанца.;»BenoDent» –стоматологийн клиник. Beno –тейпан цIе; «LamComp»- компьютерехь доьзна йолу туька.; «SakhtTime» –Сахьт тодеш пхьалгIа; кхидIа а.. 

Рекламш, туькан аннаш тIехь «Вай» боху дош Way йа Vai кепехь чIогIа леладо: «Way Park», «Way Market», «Way Travel», «Vai i-Phone», «Vai Sakht», «Vai Silver», «Way Burger».; Кхин дIа а. 

Ингалсан маттахь нохчий адамийн цIерша а язйо: 

«MusaMotors» (автосалон), «KhedaStyle» (ателье), «Medina» (Нохчий модан чоь),  

– «Shukran»,»Umae», «Deshi», «Samira» (туьканаш), кхидIа а. 

Дуккха хьолах белхан меттигашна, йохк-эцар меттигашна, туькашна а гIазский маттахь цIе туьллуш Iедал дара, юха а латинан элпаш-дешнаш цанни цхьани а нислора уьш. 

«Cvet Nochy», «Barsky», «Mechta», «Arka» (кафе); «Gazetta», «Delovoy Grozny» (газет); 

«Vip-Kovka» (пхьалгIа); «StolichnyClass», «OrbitaGrand» (Электронник товараш юхкаш туька; «VIP зал», «VIP стройматериал», «VIP салон», «VIP серебро», «ТЦ Grand»; «SPA -косметика», «SPA -салон», «SPA -процедуры», кхидIа а. 

Нохчийн маттахь яздина делахь а амма латинан элпашцанни эдош яздийна дешнаш гуш меттигаш а дуккха ю. 

«Жижиг and Galnash» (Нохчий дааран кафе); «Modest мусульманка» – «Modest бусулба йоъ» (Зударийн духаран туька).  

Амма цу вай мехка доцург дош меттан цуна цхьан дохуш маьIанца долу нохчийн «оьзда» боху дош диллнехьари, дуккха хаза а, нийса а хира дара, аьлла хета. 

Масала кхин а: «Rich къонах» (боьжарийн духаран туька) «rich» нохчий маттахь «де долу» бохург ду. «Де долу къонах» цIе тиллича гуттарен нохчийн Iедалехь долуш хаза хира дара. 

Технологин кхиамаш дуккха сиха кхуьаш дIа доьлху деран, керла дешнаш юкъа даха дезаш хуьлу. Юкъа ца даьккхча, мехкадоцуш дешнаш дуьсу вай дешнийн хазна чохь. 

Таккха, цо вай ненан меттан система йоха йо.  

ХIинца, вайна хаза хоьтийтуш, нохчийн цIерш йолу товараш, сурсаташ арахоьцуш маркаш йоьвла ара. Масала: İnzare (хиш, кхин долу маьрза маларш), Way Moz, Stom (мутташ, маларш), Merza Tort (маьрза хIуманаш), Башлам (йоьхьаш), Башлам (малар) кхидIа а..  

Рекламан суьрташ, туьканши аннаш, баннерш, гайтамаш тIехь луш болу хаамаш муьлха дешнашца яздина, муьлха элпашца яздина- чIогIа ладаме ду, цуьнан тидам бан беза. ХIунда аьлча, хIора дийнахь массо меттигашкахь, телевизор чохь, интернетехь, урамашкахь дуьхьалхIуьтту вайна уьш. Таккха, стеган-адамийн хекъало иза цу тейпана коьрте яздо. Даьш долу кхамелан а Iаткъам до, иза вай нохчийн маттана кхераме ду. Нохчийн дешнаш мехкадоцу дешнашцанни элурду йа хийцалурду. Цундера таро маьл ю нохчий маттахь долу дешнаш леладан деза, нийса холехь яздеш, аьлла хета тхуна. 

Карарчу 2023 шарахь дӀакхайкхийна долу «Нохчийн меттан шо» чекхдаларх а, нохчийн мотт Ӏалашбарца а, баржорца а, кхиорца а йоьзна жигаралла нохчийн йукъараллехь йуьсург хиларо йоккха дегайовхо йуьту. 

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz