Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Нохчийн къоман уггаре гIарабоьвла лоьраш

Нохчий къоман йуккъехь, шира зама дуьйна схьа, даимна дарбанчой хилла. Дарбанчойшна нахан йуккъехь чIогIа пусар деш дара. Дарбанчо вер-ваккхар доккха къа хилар совнах, массо нахана духьал зулам динарг лоруш вара.


Уггаре гIарабоьвла бара нохчийн хирургаш. 300 шо хьалха нохчашша коьртан гам хьоькхуш трепанаци а йора. Цуьнах лаьцна оха тха газетехь хьалхалерачу номер чохь яздина дара. I930 шарахь Маьлхайистехь ЦIай-Пхеда кешнашкахь карабира трепанаци йина билгалонаш йолуш коьртан туьтанаш. I925 шарахь, Х.Ошаевса яздина, Итон-Кхаьллахь шена морзгалийн дуьххьал молха кечош нохчийн дарбанчо гина хилар. И.Пантюховса, I90I шарахь яздинера: “ХIора нохчийн юртахь ше дарбанчо вара. Уггаре диканаш бара царехь- хирургаш”.

Лор волу Н.Дубровинса яздина ду: «Кхеран (нохчий) дарбанчойшна ца хууш дарба дац, ша лен чов йоцарг.»

Лор Н.Пироговса ше Iилман йозанашкахь дуккха метигашкахь яздина ду, ламанхой тIом техь хуьлуш йолу чоьвнаш, чухула, арара кагйина межен дарба дан, тойан хууш говза хиларн.

Нохчий исторехь дукх-дуккха дарбанчой, лоьраш хилла, церан цIераш массарна а цахаа. Амма оха уггаре гIарабоьвла, дарбан говзанчаш хилла/болуш болу ворха лор вуьйцара ву кху йоза чохь.


ПIетмат (Фаbтима) Арсанова (I898-I9I8, шарашкахь йехна). ПIетмат цIера Йоккха АтагIар йара. Йина ХIири махкахь Владикавказехь йара. Саид Арсанов йаздархо- цуьнан ваша вара. ПIетмати да революци йаш чарна гIо дина, аьлла дIалаьцна вара. Росси пачхьалкахь, граждански тIом болуш лорйиша йара иза. I9I8 шарахь, Соьлжа гIалан юххехь “цIие” эскар а, “кIайн” эскарехь леташ хенахь, царна массарна гIо деш хенахь, мина иккхина дIакхелхара ПIетмат.

 


Шахаб Эпендиев (I9I2-I975 шарашкахь вехна). I944 шарахь Нохчий цIера бохуш хенахь массарна багахь волуш лор вара. Цундела цунна Iэдало ше цIахь, Шелахь, виса бакъо йелара, амма цо ше къоманца даваха хаьржам бира. I948 шарахь, Казахстанехь волуш хенахь, цо инзаре хала операци йира. 23 дийнахь шелонгахь коьртан чов йолуш висна волу стага дийна вуьсуш операци йира. Массо Совет Союзехь дуьйцуш дара иза цу хенахь.


Ваха Алиев (I927-I979) Къилбаседа Осетехь медицинан институт чекхйаккхан вара.

Ваха тIом тIехь Днепр хи форсировк йаш дакъа лаьцна ву, Беларусехь, Прибалтикехь тIом бина, Сталинград и Курск боху гIаланашках мостагIан куьйгар схьайохуш, тIемашкахь хилла. Вай цIера дохуш хенахь иза хIинца а немцойшца тIом тIехь вара. Ше къам цIера даьккхина хезна, цо Сталиниг кехат яздо.

Цо йаздина кехат чохь хIара дара:

«Тхо шуна тешаш дара. Тхо хIокху махкан нийсонца, бакъонца чу садиллина долуш, толам баккха тхайн синош цакхоош леташ ду тхо. Эзаршкахь бу тхуна йуккъехь Брестера Сталинграде кхаччалц синош дIаделла, лаьттахь Iоьхкуш. Эш а тхоьга “МостагIий” цIе тиллина? Сан къомо цкъацкъа дицдийр дац шун иза! Тхо махкан доьхьа тIом беш хенахь шу тхан нанойшн а, йижаршн а, баккхийнаш а, бераш а ца хоржуш- зулам деш ду шу!»

Цу кехат тIехула валаз велара иза, Iэдало тоьпаш тоха кхел йира. ДоттагIий, накъости орцах боьвла, цуьнгхьа гIо лаьцна, кIелхьаравелара иза. Тоьпаш тоха сацам йуха эцна, генахь йолу Магадан гIала вахийтира Ваха. Цо цигахь I0 шо даьккхар.


Хизар Муцуров (I957-2020). Хизар цIера Ведана Эрсана эвлара вара. Эрсанер Лахьа Нойбоьра дIакхелхар уьш. I98I шарахь Росси пачхьалкхан Астрахан гIалахь медицинан институт чекхйаккхан цо. I997 шарахь, медицинан Iилман кандидати диплом схьаоьцу цо, диссертаци чекхъяккхуш . I996 шарахь, тIом болуш Соьлжа гIалан 7 дарбанчоьн (поликлиника) Коьрта Лор хIоттаво иза. Цуьнца цхьаьна, керла лоьрийн чIор кхиош, Нохчийн пачхьалкхан университетехь хирургии кафедран куьйгалхо до цо. 7 шарахь Нохчийчоьнан Коьрта хирург болха бо Хизарса. Ковид ун-лазар даьржина хенахь шехь кхоам ца беш, цомгуш наха гIо деш, ше са дIаделла, дуьненчура дIавелар Хизар (хьомарш). Соьлжа гIалан цхьан урамна Муцуров Хизарин цIе тиллина бу.


Шепиев Хусейн (I940-20I2). Хусейни дедай Хункар махка дIабахна – мухаджираш бара. Сесанар Юсуп-Хьажиг ладоьгIна, цIа бирзира уьш цхьан хенахь. I944 шарахь Хусейни 4 шо дара, массо нохчий санна церан доьзал а Казахстани дIабигара. ЦIа бахка бакъо йелча, схьабаьхкира уьш. I964 шарахь Къилбседа Осетехь медицинан институт чекхйаккхан, цул тIаьхьа шарашкахь кхин Кавказан пачхьалкхашкахь болх бина цо. ТIаьххьари ше Сесана йурта схьавеара. Сесанахь район дарбанчоьх (больницехь) лор болха бан волавелара.

Ше болха дика хаарна, говза хиларна Iэдало “Знак почета” орден йелла, “Уггаре Лекха Категорин Хирург”аьлла йолу сийлахь цIе йеллар цуна. Кхин алсам цайинехь, 3000 сов операциш йина цо. Цомгуш хилла, цхьа ког дIабакха безаш халде хIоьттара цуна. Жима хан йалча-шолгIаниг а дIабаькхара. Цу хьолехь кхин 500 опреци а йира цо. Цхьана гулдича 50 шо сов хирург болха бира цо. 30 ноябрь 20I2 шарахь кху дуьненчура дIакхелхара (хьомарш). Цуьнах лаьцна “Повесть о настоящему человеке” цIе йолуш статья йазйина йу (20I6 шарахь). Олег (Лом-Али) Джургаевса фильм йакхна Хусейнехь лаьцна. “Огонек жизни” йара цуьнан цIе. И фильм, Советан Союзехь йарташкахь болх беш лоьрашехь лаьцна фильмаш гойтуш къовсам йуккъехь дуьххьара меттиг йакхна йу.


IУмар Ханбиев (I955-20I4). IУмарса Дагестанехь медицинан институт йакхна. Цул тIаьхьа Нажин юртахь дарбанчоьх болха бина ву. Ординатур Москвахь йаккхан. Нохчийчохь тIом белча эзаршкахь операциш йина цо. I997 шарахь Масхадовса Мехкан Могушалла Ларйан Министерстван куьйгалхо хIоттира иза. I999 шарахь йуха а тIом баьлчи, IУмар йуха а операциш йан дIаволавеллера. 2000 шарахь чу баьхкана федералаша иза Чернокозово набахте чувоьллира. Малик Сайдулаевса гIо дина, чура аравелира иза. Сихонца Баку дIавахара. Дозан дехьа волуш Ичкери Президентан векал вара. 2007 шарахь Итали дIавахара иза. ТIаьххьара цуьнан вашас-Мохмадса Нохчийчоь схьавалаво IУмар. 2009 шарахь Мехкан Коьрта Хирург хIоттаво иза. Ше юьртахь а хирург болха бира цо. 20II шарахь Республикан Сихонан гIон дарбанчоьх Коьрта Лор хIоттавира. ХIинца и дIакхелханчул тIаьххьа и дарбанчоь цуьнан цIарха йу. Гуьмсехь а, Керла Беной юьртахь а урамаш бу цуьнан цIарах бина.


Хасан Баиев (I963). И цIе тIаьххьара хенашкахь массарна хезна йу. I995 шарахь Нохчийчохь тIом болуш Хасан цIа воха. Лоьрашехь къезиг бисна цу хенахь махках, дуккха берш дIабахара.

Дика лор хила совнах спортца чIогIа уьйра йолуш ву, самбо, дзюдо хууш. Iалхан юртахь вина ву, I963 шарахь. I985 шарахь Росси пачхьалкхан Красноярскехь медицинан институт йакхна ву. ТIом балале, дукха хьолехь, пластикан операциш йаш вара иза. ТIом болуш цо ше йишаца (лорйиша яра иза) 4600 операци йина. Ше “Нива” машен тIехь лазийна нах лелош. ТIом беш болчарна, дехьа- сехьа берш башхо цайеш- гIо дина цо. Электрик йацар, чIурамца, мехкадаьттан чиркхца са лоцуш, йина операциш. Дийнахь 3 сахьтехь наб йан йиш хилча хаза хеташ, инзаре болха бина Хасанса. ЛартIехь молха дацара, карахь долчунца далуш дериг деш. Цкъа цо 48 сахьтехь меже дIайокхуш, 67 ампутаци йина меттиг бара.

Лазийна федералашна а нохчашна а хьажна дера, Хасанна мостагIалла леладора. Шинна агIор болчара массийтаз а Хасан вен лууш -ара ваькхна ву. Амма цхьана баханца дина висира иза.

Цхьан шарахь Хасан схьалаьцна, шейна хьалха хIоттина федералш эскархой нохчийн юртара арабоьвлара. 2000 шарахь, цуна операциш яш гIо деш волу гергара кIант вийча, Хасанса ше доьзал махкахь, пачхьалкхахь бехира. Америки дIабахара уьш.

Ше дахарехь лаьцна жайна йаздина цо “Клятва или хирург под огнем” цIе йолу. Америкехь цу жайнаца театрехь спектакль хIоттина хилла.

Пачхьалкхашна йуккъехь къобал йина “Врач мира” («Дуьненан Лор») совгIат делла, массийтта махкашкахь “Человек года” (“Шеран Стаг”) цIе йелла, Вашингтонехь муьлхачу дарбан чоьнашкахь болха бан йиш йу цуьнан, университеташкахь лекци йоьшуш ву. Оццала мукъа воцушшехь, Соьлжа гIала а вохи- нохчийн берашна операциш йо цо. ГIарваьлла меценат ву иза. Кавказан бахархой боху шей цомгуш, лазбина нах оьци Соьлжа ГIала, уьш Хасанна гайта, цуьнга операци йейта.

20I7 шарахь Къилбаседа Осетер Царахов Беллас, цхьацца юкъараллин тобанашца цхьанни, Нобель комитет цIарах кехат яздина Хасанна Дуьненан Нобели совгIат даларна дехар деш.


Оха кхузахь 7 стаг вазвина, амма цхьа шеко йоцуш уьш дукх-дуккха хилла.

Тахан лерачу дийнахь, коьртаниг хIун ду, аьлча-тIекхуьуш долу чIорро, хIинца йолу сих заманца кхиа- кхуьуш, вай хилла болу дарбанчойн, лоьрашийн некъ дIабахар, дуьненначохь хьалхабовлар, вай нохчий къоман сий айбош, дика говзанчаш хилар. ДоIанаш цаьрца ду.

 

Литературан хьоста:

  • www.vesti095.ru I3.II.202I А. Муцураев: Одну из улиц Грозного назвали именем хирурга Хизира Муцурова, погибшего в борьбе с COVİD-I9.
  • www.dzen.ru 24.03.2023 5 знаменитых врачей из Чечни: кто они?
  •  www.vesti095.ru 07.04.20I6 О.Джургаев: Повесть о настоящем человеке.
  • www.wikipedia.com

Yazarın Diğer Yazıları

Шайчарна хийра а волуш, нахана шайн а воцуш

Сулумбек Идрисовца йина йолу репортаж: «Даимна, сайна мел хууш дерг, дIакховдан кийча вара со...» Дукхах болу нохчий санна хьо а Казахстанехь дуьненчу ваьлла. Цигахь хила долу...

Истамбулехь «Панкиси» ансамблан концерт

  Лахьан-беттан 30-чу дийнахь Истамбулехь «Панкиси» ансамбло концерт йелира. Цу ансамблан эшаршка, мукъамашка ладогІа гулбелла бара нохчий а, чергазий а, абхазаш а, дуккха а Кавказан...

Эсамбаев Махмудна100 шо кхочур дара, «Нохчийн Хелхар» йа «Лезгинка»?

Хьалха санна, тахана а нохчийн юкъараллехь нохчийн хелхар дина ду - тойнехь, сцени тІехь, хьошалгІахь, дезачу деношкахь. Нохчийн культуран «шовда», къоман «йуьхьсибат» ду хелхар....

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img