«Со илли ала йехаш ю! Ас илли олу, кху дуьненчохь яха!»
Поп, рок эшархо. 300 герга эшарш йазйина гІара йаьлла автор йу. Нохчийчоь Республикан Сийлахь артист, ГІалгІайчоь Республикан Халкъан артист. Пачхьалкхаш йуккъехь къовсамашкахь декъашхо: “Адыгель-90” (Лауреат), “Ялта-91″(Дипломант), “Голос Азии-95″/Азия Дауысы-95 (Призер). Нохчийчохь Мехкан Филармонин солист хилла, хІинца Санкт-Петербургехь музыкан “БУФФ” театрехь солист. БІе гергга иллеш эшарш йаьздина автор йу. Нохчийн исторехь духхьара нохчийн маттахь блюз йазйина йу Лиза, ша лекхан а йу.
Ахмадин Ризвани йоІ Лиза цІера Гихтара йолуш тейпан нашхо гІой йу.
-Нохчий дукхахберш санна, хьо а Казахстанехь дуьненчу йаьлла. ЦІера дахаро, вай къомана инзаре ницкъа бина. Цу хенашкахь лаьцна, бакхийчара дуьйцуш хезна, хІун дага доха хьуна?
Сан да-нана цІерабаьхча Казахстани Талды-Курган кІоште Уштобе бигна. Со Уштобе гІалахь дуьненчу йаьлла. Ишкол чекхйаккханчул тІаьхьа Алма-Атехь театральни институтехь дешна ас. Цу институтехь доьшуш цхьаъ шо даьлча, ГАТРБ АБАЙ цІе йолу эстрадин студи дехьа елира со. Тоьлла дешархо а йолуш чекхйаккхар ас иза. ЦІера дохадар вай нахана боккха бохам беара. Пани махкахь, гергарчарна вовшен цакарбош, дукха халонаш лайна. Казахстан маьлла йу, телхина картолаш санна, дІасхьакхоьссна дара вай къам. Новкъахь дуккха нах дІакхелхан, шелонах, цамгарех, мацаллех белла- дІабоьвла. Дала геч дойла царна. Сан нанас дийцийра тхуна, Іуьйре схьабаьхкнин бара эскарийн духарца цхьа нах, тІе герза хьежош, адамаш цхьан тухуш, хийзабора. Зударийн, берийн маьхьарий бара хезаш массо меттигашкахь. Тиша, шира бежнийн вагонашкахь, Іожалан дуьххьал, Казахстане уьш дІабигар. Уьш цІера баьхна, сийсазбаьхна, церан синош схьаэцна. Дала кхел йойла царна, вайна зулам дина чарна массарна а. Дала геч дойла дІакхелханчарна. Оха иза цкъа а дицдийр дац! Сан нанас даимна цхьа хаттар дора: хІунда?
-Казахстанехь кхиина нохчий, кхечаьрга хьаьжча, хІун башхо йолуш бу? Башхо йуй те-ш?
Махкан генахь кхиийна волучунна ше дегІаста а, латта дезар алсамо хуьлу. Тхоьгахь сутаралла, ямартло, тешнабехк, моттаргІане йацар, йан а йац. Тхо дагахь хІума доцуш ду, деза деттерш, кураллаш а йац тхоьца. Тхо йижарий- вежарий санна ду вовшен. Со 1990 шарашкахь Нохчийчоь еача, такха и башхонаш йуй хиира суна.
-1991 шарахь вай дерши телевизор чухула “Ялта-9І” музыкан къийсаме хьожуш дара. Ахьа а дакъа лецнера цигахь. Хьо, нохчи йолуш, вай республикера дуьххьара дакъошхо йара цига йахнарг. Тхуна чІогІа дозаллехь хетара иза. Хьо нохчи хилар цигахь цабезамаш- новкъарлонаш йаьш меттигаш хилари? ХІун халде дара цу конкурсехь? Цигахь дакъа лацар хьуна хІун тІаьххье йеара?
Музыкан кхийссамашкахь дуьххьара ас 1990 шарахь Россин “Агигель-90” къовсамехь дакъа лецира. Нохчийн- ГІалгІайн республикера со дуьххьара дакъошхо йара цигахь. Лауреат совгІат даьккхира ас, шолгІа меттиг а йокхуш. Цул тІаьхьа, Телевизион къовсаме “Ялта-91” яхар со, финале а йолуш. Дукха жима йара со цу хенахь. Цигахь иштта халонаш лайна ас. Нохчийн маттахь “Латта, ахь геч дийра дуй” цІе йолу эшар лакха лууш йара со. Цуьнан дешнаш йаздинарг Іабдул-Хамид Хатуев вара, мукъам- сан бара. Цу эшаран подтекст а йинера ас гІазкхийн маттахь. Амма суна дуьхьалонаш йира цара, Россин конкурсехь гІазкхийн маттахь лакха йеза, кхин тІе а, тхо реза долуш йолу эшар а лакха йеза, аьлла. Суна даимна новкъарлонаш лелийна со нохчийн къоман йоІ хиларн. Цхьан дийнахь, эфир йолайелча, сай гайтам хьалхахь цуьнах лаьцна йист хила лаьа-ш яра со. И дина хиллехьара, со гІара йаьлла «турпалхо» хира йара, амма цул тІаьхьа цкъа а цхьа нохчи оьцур вацара, цхьа а къовсаме а. Цхьан хенахь, дага доху суна, вай латаран чемпион Бувайсар Сайтиевса пьедестал тІе мидал охьайиллнера протест йаьш, иза цо дина аьлла дІаваькхара.
-Хала заманшкахь, нахана исбаьхьаллин, иллешийн Іаткъам хІун бу?
Илли-дахар ду! Иза инзаре чІогІа “герз” ду, патарма ца кхуссуш нехан дагнаш лоцуш. Вай тІемш болуш хенахь со дукха лаьлла концерташ луш Казахстанехь а, Росси пачхьалкхана баьхкана болу нохчашна хьалхахь а. Цу тІамехь доьзна арайоьвла ТВ передачашкахь, форумшкахь дакъа лаьцна ас. НТВ каналчохь йист хилара со: «ХІаъ, йу шун со нохчи- террорист, эш соьга ма аллара! Амма соьгахь долу герза гуттара ницкъ долуш герза ду шуна, патарма ца кхуссуш, шу дегнаш тІе кхочуш долу цхьа герза! Къоман эшарш, иллеш маьлла дека, ненамотт маьлла беха къам а деха! Иллеш дие лур дац, иллин са а дера дац. Иллис са айба до, цо ницкъ а ло. Со илли ала йехаш ю! Ас илли олу- дуьненчохь яха!
-Хьай дахарехь зеделларге хьаьжна, тахан лерачу дийнахь, вай культуран халде муха ду, аьлла хета хьуна? Вай культуро лаьцна болу некъ нийса буй-те? Кхиамаш буй вай культуран агІонца?
2007 шарахь Нохчийн республикан филармонин солист йолчера дІайелара со. 1994 шарахь 1999 кхаччалц Москвахь яра. Цул тІаьхьа Санкт-Петербурге дІакхелхар со. Цигахь “БУФФ” театрехь вокалист йара.
Тахан Нохчийн Мехкан Къоман Театран болха дика дІабоьдаш бу. Гастролишкахь хуьлу уьш, фестивалешкахь дакъа лоцу, тоьлла меттигаш а йоху цара. Керла пьесаш хІиттайо сих-сиха. Коьртаниг хІун ду аьлча, культуран хьалха бойла, куьйгалхо дешна болу нах, цу гІуллакхан говзанчаш хила беза. Иштте бен культурехь культура хила йиш йац, иштте бен кхиамаш хуьлийла бац.
-Лиза массарна хьо хьайн стиль-марка йолуш йоьвза массанхьа. Хенаш хийца елла, Іэдал хийцалуш хуьлу, нах хийцабелла, амма хьо хийца цайелла. Дуьнен а республикан а оццала хийцамашкахь хьо хьо махиллара йу. Иза муха даделира хьоьга?
Суна жима йолчу дуьйна эстрада, рок, джаз мукъамаш хаза хетара. Сан ваша а вара цхьан музыкан группехь бас гитара локхуш. Цо марза бира суна и болха. Хьалхахь хила, цхьанненна тера воцуш хила а- атта дац. Керла цхьа хІума йуккъа даккха хала ду, вайнехан йуккъехь хета! И керланаш йуккъа дохуш йериг- йоІа хилча, тешна а. Со эшарш лакха дІайолалуш хенахь кхин чІогІа а хала дара. ЙоІан нохчийн маттахь йоцу эшарш а лакха товша цахетар. Амма со, айс сайн хьаржана болу новкъара цайолуш схьаэара, сай жанр, сай професси кхиаеш. Нохчийнчоь суна жима а, готта а йара, цундела со арайелара цу чуьра. Ас 300 сов эшарш, иллеш яздина. Исторехь дуьххьара Нохчийн маттахь блюз лекхан ас.
Оцу белхаца ас дуккха къовсамашкахь дакъа лецира. “Ностальгия по отчизне/Сай даймехкана ностальги” цІе йолу эшар Word Music, 1999″ чохь меттиг лецира. Вай махкахь тІом болуш хенахь, тІеман дуьххьал “Дуьненан рок музыканташ цу тІеман дуьххьал бу” бохуш йолу концертехь “Йу, со нохчи йу!” бохуш йолу эшар лекхара ас. Йуха денйира ас “Чергазий” цІе йолу эшар. Иза а Дуьненан йуккъехь “Азия-даыусы-95” фестивалехь лекхара ас. И эшар дуьненан фонотеки йуккъа йахна, цу хьолехь. 2004 шарахь ЮНЕСКОса орден йелара суна, ас даимна гІо-накъосталлан фондашках дакъа лаьцна дера. Нохчийн къоман эстрада айбарн, кхион “Дато бугІа” совгІат делла суна, 2018 шарахь Кавказан культура айбан, кхиорн дакъа лацарна-Кавказан музыкан преми “Дато кІудал” совгІат делла суна.
Сай дош долуш, ойланаш йолуш, синхаам болуш, дахаран позици йолуш яхна со кху дуьненчохь даимна. Дахар дукха хьолехь къийсам бу. ЖІалеш летташшехь коврас а ше некъ дІабо.
Суна цхьаннах тера хила цалаьа, йа эшаршца, йа дахарца!
-Олуш хезна-кх, мехкан исбаьхьаллин халде и, зударашна хьажар и, юкъараллин кхиам буй баци гойту, аьлла. Таьххьара лерачу замнахь суртдиллар харам дуй, эшарш лакхар магин дац, бохуш къамелаш алсам дойла. Музыка хаа, цуьнах доьзна образовани кхиайан хІунда оьшу?
Со Исбаьхьаллин стаг йу, мукъам язош, эшарш локхуш, со молла йац! ХІораммо ше ше болха бан беза, кхечарна зие цадеш. Массо хІума кху дуьненчохь Далас кхоьллина ду. Стаган говзалла, корматалла а Далас ло. Мукъам йазбан, эшар лакхар-сан болха бу, суна Дала йелла говзалла йу иза. Сан болхо цхьанне зен-зулам цадо. Сай дан дезарг ас иштта а до. Ламаз до, марханаш а кхоба, нахана гІо-накъосталла до ас, къовла цадина, нах цабайан, хьагІ цалелайина, цхьа ле цавина, Іеха цавина, цхьаннин хакъ цадиъна. Такха сан хІун къа йа баьхка бу?!
-Хьан Іамош дешархой буй? Тахан лера вай кегирхой исбаьхьаллин агІора хьажча, муха го хьуна?
Сан массийтта дешархо вара, со продюссер йолуш. ХІинцлера кегирхойшна музыка йовза, Іамо цалаьа. Царна пиар йеза, нахан йуккъехь шеш боьвзуш хилчахьани, цхьа бен ца хета. Медиа зІенешкахь хилчахьан- тоам беш Іаш бу. Шей куьцана а бедаршна бен сан цагатло церан. Цундела цкъа чунна сацийна ас и болха.
-Нохчий дуьне мадду дІасбаьржан бу. Цхьаццаберш 200 шо, вуьйш 30 шо хьалха цІера боьвла лелаш бу кхеча пачхьалкхашкахь. Тахан а бу дукха нах цІера дІаоьхуш. Европехь, Иорданехь, Турцехь нохчий йаккхий диаспорш йу вай. Цу диаспоршца зІе, уьйра йуй хьан? Концерт луш йаха-йара нисделли хьан? Йа йаха дагахь йуй хьо?
Европехь а, Иорданехь а, Турцехь а гастролиш йина ас. Уггаре хаза дагалецамаш бисна Иорданехь лаьцна. Кеман дуьхьал баьхкана, хаза тІе ицара цара со. Аманехь а, Заркехь а хилара со. Цигахь Іашбеш вуно дика, комаьрша, дешна болуш, шей латта, мохк а биц цабеш, шей Даймохк а безаш, нохчий бу. ХІинца а зІе йу сан цаьрца. Дукх-дуккха совгІаташ, хІора дийнахь хьошалла дина суна.. Оцу тейпан цара суна гайтан долу хьошалахь, церан хьешана тІера хиларно цаьцца йакхана, хІинца а метта йаза йу со. Вай неха, ше махкан гена маьлла хьулу, юкъехь барт марзо алсам хуьлу. Гурахь Турци йан дагахь-ам йу со, аьтто баллалц бохуш Іаш йу.
-Аренца Іаш болу нохчашка, Турцехь, Иорданехь Іаш болчарна а, хІун ала лаьара дара хьуна?
Мехк дозан дехьа Іаш болчарна хІара ала луур дара суна: Ас шуьхь дозалла до шуна, суна шу чІогІа дукха деза! Дала бу хьастам шу долуш! Дала вайна хекъал а, собар а, ницкъа а лойла! Вовшен пусар деш, юкъехь дикалла а хьуьлуш, вовшен дашар лойла вайн! Дала Іалашдойла вай!