Сулумбек Идрисовца йина йолу репортажан шоллагьлера дакъа:
-Деша, боху ахь кегийчаьрга. Кхин хIун ала луур дара хьуна тIекхуьучу чкъоре?
-Суна, масала, цхьана агIор, хазахета нохчийн мотт Гугл чу баьккхина. Амма вукху агIор, сагатдан бахьана ду иза. ХIунда аьлча, хIинца интернетчохь, нохчийн сегментехь хуьлуш дерг инзаре хIума ду. Сийдоцу дешнаш, вовшашца эвхьазлонаш лелор, дешнашца сий дайар, «нохчалла», «адамалла» бохучу нохчийн кодексца цадогIуш хIуманаш лелор, чIогIа даьржина ду. ХIинца и дерриге деша, хаа йиш ю дуьненахь муьлххачу интернет-пайдаэцархочунна. Хьалха хIара боьхалла нохчашна юкъахь бен хьийзаш йацара, хIинца массо нахана гур ю. Оцу хIуманаша вайн халкъанна сий ца до. ТIаккха лаамза ойла йо ахь: «Цара чубаькхина цахилехьара вайн мотт, дуккха дика а хир дара..», олий.
Баккхийчара, хьекъалечу наха дуьйцучуьнга ладогIа деза кегийрхоша. Цхьа сахьийзош долу, хууш доцу хIума баккхийчаьрга хаьттича девзар ду.
Хьалха юьртахь баккхийнаш гул а лой, гIалатбевлла кегирхой тIе а балабой, царна бехкаш дохура, юьхь йокхура, уьш нисбан хьовсура. Цхьаммо а цу гIуллакхна цхьана а кепара йа дуьхьало а цайора, йа цхьа а резавоцуш ца хуьлура. Нохчашна юкъахь дерриг а нийсонна тIехь лаьтташ дара. Нийсачу новкъах галваьлларг нисван гIертара уьш. Нагахь санна доьзалан ницкъ ца кхачахь, тIаккха юкъараллоно тергойора. Ткъа хIинца, пIелг хьажабо, томмагI тIетосу, цIе кхуллу. Галваьлларг нисван цхьа а ца гIурту. Юкъараллин тIеIаткъам малбелла тахана… «Хьо мила ву, хьан хIун бала бу?!»- олу вокхачуьнга а, жимачуьнга а.
«Шайн сийлахь Даймохк биц ма бе-кха. Ларбе вайн мотт, культура, ламасташ, хIунда аьлча, уьш ца хилча, нохчо-нохчо лоруш вац. Мотт цахуушверг нохчохуьлийла дац. Мотт а хууш, нохчийн гIилакх, ламасташ цахуушверг а нохчо вац. Дерриг а хьайца долуш, цхьаьна лелош хилча бен хьайх нохчо ала йиш яц.!»
Ахчанца, бахамца дозалла до, иза гайта хIутту. Иза хуьлу, дукхахьолехь, лачкъош гулдина, нехан хакъ диъна даьккхина. Дерриге къамелаш болх-некъах, ахча-бохчанах лаьцна хуьлу. Иштта мехаллаш хийцало, дIайовлу. Интернетчохь, наханна хьалха къийсало, девнаш доху. Телефон дIатоьхна, вовшахкхетта, къамел дан мегаш доллушехь. ДIателлича, хаьттича, уьш берраш а оьзда, цIена нохчий бу, амма бакъдерг дийца дезачохь уьш деса къамелаш деш го.
Харцонах даима а жоп дала дезна. Массарна хаа деза, тахана цалахь а, кхана хьесап дан дезарду- ша аьллачух а, динчух а. Харцо лелочунна йа стага ша бекхам бийр бу, я дахаро таIзар дийр ду. Шайн хIора дашах даима а жоьпаллехь хилла нохчий. Шайн дешнийн дай хиларо наханна йукъахь нийсо латтайора. Ткъа хIинца интернетехула дечу къамелашкахь боьхалла йаьржина, агIоне язлушберш дукха хилийтархьама, бонусан дуьхьа леладо иза. И хIуманаш цкъа а хилла дац нохчашна юкъахь.
Вай къам массарна масал хила йиш йолуш ду. Вайна дозалла дан дуккх-дуккха хIуманаш ду. Вайгахь цкъа а моттхьекхар, хьалха хьийзар дацара. Вай йа элий а, йа лай а бацара. Вайна йукъахь нийсо йара. Вай цкъа а цхьанна тIелетта дац. ТIаьххьарчу тIемашкахь и кхечу махка леларш а,«дехка ша цхьана маьIIе дIатаIича, цIергаш йухку» бохург санна дара.
Суна лаьа сайн къам» тIемало» бохучу вочу цIара тIера дIадолийла. Оьшучу даьлча муьлххачу а стагах тIемало хир ву, амма даим леташ-леш хила цаоьшу вай. Деба деза, деша деза, кхиа деза. Вайн кхиаме хила йиш ю, вайгахь похIма а, хьуьнарш а ду, культурехь, исбаьхьаллехь, спортехь, Iилманехь кхиамаш гайта йиш йу. Цу тIе шайн тидам бохуьйтуш хила беза вайн кегийрхой. Цара деша деза, болх бан беза. Иштта бен уьш шайн халкъанна пайде хир бац. Интернетчохь эрна къамелаш дарца йа шайна, йа юкъараллина, йа къоманна цхьа а пайда бохьур бац. Дерриг халкъана а иза есса зIе ю, дукха хьолехь, зене зIе йу.
-Нохчалла, адамалла, вайн къоман хатI хийцаделла-те тахана?
-Со сайх лаьцна дийца, йа хаза дийца говза вац. Хелхар хилла сан къамел даима а. Амма со кхин сцени тIехь вац, цундела сайн ойланаш дешнашца къадо хьожур ву со.
Ахчанца пайдаэцархьама а, карьерин дуьхьа а нохчийн кодексах хербелла нах. Зама хийцайаларца, технологеш а, дахар а кхиарца хийцалуш хила еза къоман кодекс, амма кодексан «бух» хийца йиш йац. Иштта и кодексан бух боха цабеш адамна а, юкъараллина а пайдехьа хуьлу иза тIакха.
-Массийта махкахь хелхаран школаш йиллина ахь. Турцехь, оццул дукха нохчий Iаш боллушехь, яц хелхаран тоба. Вай кегирхой абхазойн, черказийн тобанашкахь хелхарш деш бу. Фестивалашкахь, этникан гуламашкахь нохчийн хелхар деш чергазий, суьйлий бу. Хореографи, балет, халкъан хелхарш хууш нах къезиг бу. Кхузахь йоккха йу кавказхойн диаспора. Цхьа тоба кечйан, нохчийн хелхаран йа Кавказан халхарийн театр йелла лииний хьуна цкъа а? Туьркойчохь иза хуьлийла луур дарий хьуна?
-Ас схьайиллинера хелхаран школаш Данехь, Белгехь, Канадехь, Австралехь. Европехь со вевзаш вара. Польшин Пачхьалкхан Йоккхачу театран балетехь солист лаьттира со 5 шарахь гергга. Данехь ас болх бира Паччахьан операн а, балетан а театран исбаьхьаллин колледжехь. Цигахь классикан а, халкъан а хелхаран хьехархо вара со 2001-2004 шерашкахь. Амма со миччахь вехаш велахь а, болх беш велахь а, нохчийн дара сан кийрара дог, цIехьа озавора со. Нохчийн культурина пайде хила лиина суна даима а. Турцехь Iаш ву сан доттагI Гиви (Тимур) Алханашвилли. Халхарна Iамош тобанаш йу тхан, элира соьга Гивис. Цо кхайкхина веанера со Турце. Амма оцу тобанашкахь нохчийн хелхархой къезиг бу, ахь ма-бахара, чергазий, суьйлий бу дукха хьолехь. Со цигахь волуш, «Нохчийн диаспоран пикник» нисйинера цигахь Iечара. Цу гуламехь дукха нохчий ган йиш хилира сан. Къамелаш дира оха. Дукха Iен йиш йоцуш, со дIавахара, амма йуха а ван хьожур ву со. Дала мукъалахь. ТIакха цхьа болх кечбан а там бу оха цигахь цхьаьна.
-Нохчийн исбаьхьаллашца (суртдилларца, эшарш лакхарца, хелхарш дарца) йолу зIенашмалъялар, уьш дош цахетарстенгара ду, стенах дозу, аьлла хета хьуна?
-Суна хетарехь, Дала вай ойла йан йиш йолуш, исбаьхьалла, похIма, корматалла йолуш кхоьллина ду. Шена Iибадат дан хан елла ца Iаш, вайна ваьшна лерина йолу хан а елла цо. Цо вай иллиаларх а, хелхарех а, суртдилларах а, иштта гIийла дуьненах самукъадаларах а дохур дацара, аьлла хета суна. ХIора адамо шен некъ бо дахарехь.
Наха дуьйцучух, ши бIаьрг а хьаббина, теша ца оьшу. Ширачу заманахь дуьйна исбаьхьаллин хьажамца, говзалла шайца йолуш хилла нохчий. Дуккха а похIма долу нах бара вайн халкъалахь. Иза къилахь хиллехьара, вайн пиктограммаш хир йацара бIаьвнаш тIехь, вайн дайх, дедайх суртдиллархой, архитекторш, хелханчаш хир бацара. Вай къоманна беза нах бу Айдамиров Абузар, Эсамбаев Махьмуд, Дагаев Валид, Эдилсултанов ШитIа, къинхьегаман турпалхо Хаджиев Шамсуддин, иштта кхин дуккха а. Церан зеделларг тIеэца, цаьргара масал эца йеза вай.
-Мукъахан еъча, иза муха дIахьо ахь?
-Мукъачу хенахь ас суьрташ дохку. Ас со суртдиллархо ца лору. Сан ваша дуьненна а вевзаш суртдиллархо ву, Идрисов Дадан. Ас суьртан уьнтIехь басарш дIасадаржадо, ала мегар ду! Ткъа нахана сан суьрташ тIехь шайна ган лиъинарг го. Цкъа Италехь исбаьхьаллин конкурсехь сан болх хьалхарчу иттанна юкъахь бара. Спортаца а уьйр йу сан. Доьзалш баккхий хилла, юкъараллина пайдехь хила гIерта, шаьш нохчий хилар диц а ца до.
Нохчийн маттаца, махкал арахь Iаш волчу массо а стеган санна, холонаш ю тхан. Цул совнаха, хIокху керлачу заманахь вай бераша, кегирхоша дукхахйолу ханшколехь йоккху, кхечу гIуллакхна, йа спортанна рагI кхачо хала ду. Ненан мотт биццабалийта, «lamro.tv», «ishkola.com» санна йолу интернет-ресурсаш вайнберашна чIогIа пайде ю.
-Нохчий дуьне ма-дду баьржина беха, махкара ара бовла дезна, арахь Iаш болчу нохчашка, Турцехь бехачу мухIажирашrа хIун ала луур дара хьуна?
-Ала луур дара, хIоранна шайн керлачу меттехь могашалла а, ирс а лаьттийла! Шайн сийлахь Даймохк биц ма бе-кха. Ларбе вайн мотт, культура, ламасташ, хIунда аьлча, уьш ца хилча, нохчо-нохчо лоруш вац. Мотт цахуушверг нохчохуьлийла дац. Мотт а хууш, нохчийн гIилакх, ламасташ цахуушверг а нохчо вац. Дерриг а хьайца долуш, цхьаьна лелош хилча бен хьайх нохчо ала йиш яц.
Iодика йойла массеран а. Дерриг дика хуьлда шун!